Мусхаф., агӏо 440
-
وَلَوْ يُؤَاخِذُ اللَّهُ النَّاسَ بِمَا كَسَبُوا مَا تَرَكَ عَلَىٰ ظَهْرِهَا مِنْ دَابَّةٍ وَلَٰكِنْ يُؤَخِّرُهُمْ إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى ۖ فَإِذَا جَاءَ أَجَلُهُمْ فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ بِعِبَادِهِ بَصِيرًا
Дала нах луьйцуш белхьара цара карадинчуьнца‚ цу /лаьттан/ экъана тIехь дуьсур ма дацара цхьа а дийнат‚ делахь а, тIехьатотту Цо уьш шайна тоьхна хан тIекхаччалц. Церан /тоьхна/ хан тIееъча, /Цо бекхам бийр бу царна шайн Iамалашка хьаьжна/ - баккъалла а, Дела хилла Шен леш гуш верг
35:45 -
يس
Я сūн
36:1 -
وَالْقُرْآنِ الْحَكِيمِ
Ша хьикмате долчу Къуръанах дуй боу Ас:
36:2 -
إِنَّكَ لَمِنَ الْمُرْسَلِينَ
Баккъалла а, хьо ма ву бахкийтинчарах (цхьа элча)
36:3 -
عَلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ
Нийсачу новкъахь
36:4 -
تَنْزِيلَ الْعَزِيزِ الرَّحِيمِ
Ша веза а‚ къинхетаме а волчуьнгара охьадоссина ду иза (Къуръан)‚
36:5 -
لِتُنْذِرَ قَوْمًا مَا أُنْذِرَ آبَاؤُهُمْ فَهُمْ غَافِلُونَ
Хьоьга хьехам байта къомана‚ шайн дайшна бина ца хилла уьш гIовпал хилла (Делан дин ца девзаш)
36:6 -
لَقَدْ حَقَّ الْقَوْلُ عَلَىٰ أَكْثَرِهِمْ فَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ
Царах дукхахболчарна тIехь дош бакъхилла цара /ахь деъначуьнга/ ийман дуьллур дац
36:7 -
إِنَّا جَعَلْنَا فِي أَعْنَاقِهِمْ أَغْلَالًا فَهِيَ إِلَى الْأَذْقَانِ فَهُمْ مُقْمَحُونَ
Церан логех Оха буржулаш -гматаш тоьхна‚ уьш чIенгийх (чнигех) кхаьчча, церан кортош ирх айбелла
36:8 -
وَجَعَلْنَا مِنْ بَيْنِ أَيْدِيهِمْ سَدًّا وَمِنْ خَلْفِهِمْ سَدًّا فَأَغْشَيْنَاهُمْ فَهُمْ لَا يُبْصِرُونَ
Царна хьалхахула а‚ тIехьахула а дуьхьало йина Оха‚ церан бIаьргий хьалха кирхьа диллина Оха уьш гуш ма бац
36:9 -
وَسَوَاءٌ عَلَيْهِمْ أَأَنْذَرْتَهُمْ أَمْ لَمْ تُنْذِرْهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ
Царна цхьатерра ду: ахь хьехам бича а‚ ца бича а уьш тешар болуш бац /ахь деъначух, хIай Мухьаммад/
36:10 -
إِنَّمَا تُنْذِرُ مَنِ اتَّبَعَ الذِّكْرَ وَخَشِيَ الرَّحْمَٰنَ بِالْغَيْبِ ۖ فَبَشِّرْهُ بِمَغْفِرَةٍ وَأَجْرٍ كَرِيمٍ
Баккъалла а, ахь хьехам бе хьехамна тIаьхьахIуттуш волчунна‚ шена гуш воццушехь Къинхетаме волчух (Делах) кхоьруш волчунна. Ахь цуьнга кхаъ баккха цунна гечдина хиларца а‚ сийлахь ял хиларца а
36:11 -
إِنَّا نَحْنُ نُحْيِي الْمَوْتَىٰ وَنَكْتُبُ مَا قَدَّمُوا وَآثَارَهُمْ ۚ وَكُلَّ شَيْءٍ أَحْصَيْنَاهُ فِي إِمَامٍ مُبِينٍ
Баккъалла а, Оха ден ма бо белларш‚ дIа яз ма до Оха цара хьалха лелийнарг а (дахийтинарг а)‚ церан /тIаьхьа хир йолу/ лар а. Массо а хIума дIанис ма дина Оха билгалчу жайна чохь
36:12
Гочдар: Магомед Магомедов