Мусхаф., агӏо 465

  1. أَوْ تَقُولَ لَوْ أَنَّ اللَّهَ هَدَانِي لَكُنْتُ مِنَ الْمُتَّقِينَ

    Я цо аларх: 'Дала со нисдинехь‚ со а хир ма дара /Делах/ кхоьручарах'

    39:57
  2. أَوْ تَقُولَ حِينَ تَرَى الْعَذَابَ لَوْ أَنَّ لِي كَرَّةً فَأَكُونَ مِنَ الْمُحْسِنِينَ

    Я цо аларх, Iазап шена гича: 'Суна юхаделахьара /дуьненан дахар/, со хир ма дара диканиг дечарах'

    39:58
  3. بَلَىٰ قَدْ جَاءَتْكَ آيَاتِي فَكَذَّبْتَ بِهَا وَاسْتَكْبَرْتَ وَكُنْتَ مِنَ الْكَافِرِينَ

    ХIаъ‚ деана хьоьга Сан аяташ‚ уьш харцдира ахь‚ хьо кураделира‚ хьо хилира цатешачарах

    39:59
  4. وَيَوْمَ الْقِيَامَةِ تَرَى الَّذِينَ كَذَبُوا عَلَى اللَّهِ وُجُوهُهُمْ مُسْوَدَّةٌ ۚ أَلَيْسَ فِي جَهَنَّمَ مَثْوًى لِلْمُتَكَبِّرِينَ

    Къематдийнахь хьуна гур бу Далла тIехь харцлийнарш шайн яххьаш Iаржъелла. Ткъа жоьжахатина чохь яц Iан меттиг кураболчарна?/Ю деллара!/

    39:60
  5. وَيُنَجِّي اللَّهُ الَّذِينَ اتَّقَوْا بِمَفَازَتِهِمْ لَا يَمَسُّهُمُ السُّوءُ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ

    Дала кIелхьарбохур бу /Делах/ кхоьруш хилларш /шаьш лоьху ялсамани шайна хуьлуш/ шайна толам хиларца. Царах хьакхалур дац боьха хIума‚ уьш сингаттаме а хир бац

    39:61
  6. اللَّهُ خَالِقُ كُلِّ شَيْءٍ ۖ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ وَكِيلٌ

    Дела ву массо а хIуманан кхоллархо. Иза массо а хIуманан векал а ву

    39:62
  7. لَهُ مَقَالِيدُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۗ وَالَّذِينَ كَفَرُوا بِآيَاتِ اللَّهِ أُولَٰئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ

    Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а дōгIанаш. Делан аятех цатешнарш уьш бу эшнарш

    39:63
  8. قُلْ أَفَغَيْرَ اللَّهِ تَأْمُرُونِّي أَعْبُدُ أَيُّهَا الْجَاهِلُونَ

    Ахь āла: 'Дела воцчунна омра до аш соьга Iибадат де, олий‚ хIай‚ жехIал нах?!'

    39:64
  9. وَلَقَدْ أُوحِيَ إِلَيْكَ وَإِلَى الَّذِينَ مِنْ قَبْلِكَ لَئِنْ أَشْرَكْتَ لَيَحْبَطَنَّ عَمَلُكَ وَلَتَكُونَنَّ مِنَ الْخَاسِرِينَ

    Хьоьга вехьеца хаийтина‚ хьол хьалхалерчаьрга а: 'Ахь накъост лацахь /Делаца/‚ хьан Iамал йоьйур ю хьуна‚ хьо эшначарах хир ву хьуна'

    39:65
  10. بَلِ اللَّهَ فَاعْبُدْ وَكُنْ مِنَ الشَّاكِرِينَ

    ХIаъ‚ Далла Iибадат де ахь‚ хьо хила /Далла/ шукур дечарах

    39:66
  11. وَمَا قَدَرُوا اللَّهَ حَقَّ قَدْرِهِ وَالْأَرْضُ جَمِيعًا قَبْضَتُهُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ وَالسَّمَاوَاتُ مَطْوِيَّاتٌ بِيَمِينِهِ ۚ سُبْحَانَهُ وَتَعَالَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ

    Мах ца хадийра цара Делан хадо ма безза‚ латта дерриг Цуьнан буйнахь хир ду къематдийнахь‚ стигланаш а хир ю хьарчийна Цуьнан аьтту куьйгаца. /Массо а кхачамбацарех/ цIена ву Иза‚ лакхавели цара /Шеца/ накъост лацарх

    39:67

Гочдар: Магомед Магомедов