Мусхаф., агӏо 464

  1. وَبَدَا لَهُمْ سَيِّئَاتُ مَا كَسَبُوا وَحَاقَ بِهِمْ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ

    Гучуделира царна боьха хIуманаш шаьш карадинчух‚ хьакхаделира царах уьш шех ца бешаш хилларг

    39:48
  2. فَإِذَا مَسَّ الْإِنْسَانَ ضُرٌّ دَعَانَا ثُمَّ إِذَا خَوَّلْنَاهُ نِعْمَةً مِنَّا قَالَ إِنَّمَا أُوتِيتُهُ عَلَىٰ عِلْمٍ ۚ بَلْ هِيَ فِتْنَةٌ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

    Адамо цхьана зено ша схьалаьцча, Тхоьга кхойкху‚ тIаккха Оха иза Тхайгара ниIмате хьовзадича‚ цо олу: 'Баккъалла а, иза-м деллера суна сан хаарна (со суо бахьанехь)'. ХIаъ‚ иза (Дала цунна делларг) питна (и зерхьама делла) ду‚ делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх

    39:49
  3. قَدْ قَالَهَا الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ فَمَا أَغْنَىٰ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَكْسِبُونَ

    Иза элира царал хьалха хиллачара а‚ кIелхьар ца бехира уьш цара карадеш хиллачо

    39:50
  4. فَأَصَابَهُمْ سَيِّئَاتُ مَا كَسَبُوا ۚ وَالَّذِينَ ظَلَمُوا مِنْ هَٰؤُلَاءِ سَيُصِيبُهُمْ سَيِّئَاتُ مَا كَسَبُوا وَمَا هُمْ بِمُعْجِزِينَ

    Царах кхиира боьха хIуманаш‚ цара карадина хилла долу. ХIокхарах зулам динарш царах а кхиар ду шаьш карадина долу боьха хIуманаш‚ цара (и Делан Iазап) гIелдийр ма дац. (Цунах бовдур ма бац уьш)

    39:51
  5. أَوَلَمْ يَعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَنْ يَشَاءُ وَيَقْدِرُ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ

    Царна ца хаьа-те Дала рицкъ даржадеш хилар Шена луучунна /и зерхьама/‚ барам а беш /хилар Шена луучунна и бале озорна/. Баккъалла а, цу чохь делилш ду-кх тешаш долчу къомана

    39:52
  6. قُلْ يَا عِبَادِيَ الَّذِينَ أَسْرَفُوا عَلَىٰ أَنْفُسِهِمْ لَا تَقْنَطُوا مِنْ رَحْمَةِ اللَّهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ يَغْفِرُ الذُّنُوبَ جَمِيعًا ۚ إِنَّهُ هُوَ الْغَفُورُ الرَّحِيمُ

    Ахь āла /хй Мухьаммад/ шайна /дукха къинош дарца/ тIаламза хилла болчу Сан лешка: 'Аш дог ма дилла Делан къинхетамах. Баккъалла а, Дала гечдо къинош дерриге а. Баккъалла а, Иза тIех гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву'

    39:53
  7. وَأَنِيبُوا إِلَىٰ رَبِّكُمْ وَأَسْلِمُوا لَهُ مِنْ قَبْلِ أَنْ يَأْتِيَكُمُ الْعَذَابُ ثُمَّ لَا تُنْصَرُونَ

    Шайн Кхиош-кхобучунна тIе хьовза (тōба дарца)‚ муьтIахь хила Цунна шайга Iазап дāле хьалха‚ тIаккха шуна гIо дийр дац

    39:54
  8. وَاتَّبِعُوا أَحْسَنَ مَا أُنْزِلَ إِلَيْكُمْ مِنْ رَبِّكُمْ مِنْ قَبْلِ أَنْ يَأْتِيَكُمُ الْعَذَابُ بَغْتَةً وَأَنْتُمْ لَا تَشْعُرُونَ

    ТIаьхьахIитта шайга шайн Кхиош-кхобучуьнгара доссинчух уггар хазчунна шайна цIеххьана Iазап дāле, шуна хаа ца луш

    39:55
  9. أَنْ تَقُولَ نَفْسٌ يَا حَسْرَتَا عَلَىٰ مَا فَرَّطْتُ فِي جَنْبِ اللَّهِ وَإِنْ كُنْتُ لَمِنَ السَّاخِرِينَ

    Сино аларх /ларло/: 'Байлахь диси со Делан агIорхьара ас ледарло ярна‚ со хилира-кх /Делан аятех/ цадешачарах'

    39:56

Гочдар: Магомед Магомедов