Мусхаф., агӏо 47

  1. الَّذِينَ يَأْكُلُونَ الرِّبَا لَا يَقُومُونَ إِلَّا كَمَا يَقُومُ الَّذِي يَتَخَبَّطُهُ الشَّيْطَانُ مِنَ الْمَسِّ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَالُوا إِنَّمَا الْبَيْعُ مِثْلُ الرِّبَا ۗ وَأَحَلَّ اللَّهُ الْبَيْعَ وَحَرَّمَ الرِّبَا ۚ فَمَنْ جَاءَهُ مَوْعِظَةٌ مِنْ رَبِّهِ فَانْتَهَىٰ فَلَهُ مَا سَلَفَ وَأَمْرُهُ إِلَى اللَّهِ ۖ وَمَنْ عَادَ فَأُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ

    Шаьш риба дууш берш гIовтур ма бац ша шайтIано ьвдинарг гIоттуш санна а бен. Иза ду цара аларна: 'Йохка-эцар рибах тера ду'. Йохка-эцар хьанал дина Дала‚ риба хьарам дина. Шега шен Кхиош-кхобучуьнгара хьехам а беъна, сецнарг – цунна хьалха ддахнарг ду‚ цуьнан гIуллакх Деле дIадоьрзу. Юха а цунна тIевирзинарг – уьш цIеран дай бу‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу

    2:275
  2. يَمْحَقُ اللَّهُ الرِّبَا وَيُرْبِي الصَّدَقَاتِ ۗ وَاللَّهُ لَا يُحِبُّ كُلَّ كَفَّارٍ أَثِيمٍ

    ДIадойу Дала риба‚ кхиадо сагIанаш. Цу Далла ца веза массо а тх цатешарг а‚ къинош дийриг а

    2:276
  3. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَأَقَامُوا الصَّلَاةَ وَآتَوُا الزَّكَاةَ لَهُمْ أَجْرُهُمْ عِنْدَ رَبِّهِمْ وَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ

    Баккъалла а, ийман диллинарш, /тккха/ дика Iамалш йинарш‚ ламаз хIоттадеш берш‚ закат луш берш – царна мēла бу шайн Кхиош-кхобучун гергахь‚ кхерам а хир ма бац царна‚ уьш сингаттаме а хир ма бац

    2:277
  4. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا اللَّهَ وَذَرُوا مَا بَقِيَ مِنَ الرِّبَا إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    ХIай ийман диллинарш! Кхера Делах‚ дита шаьш /юхалург деллачунна/ т доккху риба‚ шаьш /Делах/ тешаш хиллехь

    2:278
  5. فَإِنْ لَمْ تَفْعَلُوا فَأْذَنُوا بِحَرْبٍ مِنَ اللَّهِ وَرَسُولِهِ ۖ وَإِنْ تُبْتُمْ فَلَكُمْ رُءُوسُ أَمْوَالِكُمْ لَا تَظْلِمُونَ وَلَا تُظْلَمُونَ

    И аш ца дахь – Делера а‚ Цуьнан элчанера а тIом кхайкхабе. Аш тōба дахь – шуна шайн дōлахьдолчун коьртехь хилларг ду: аш зулам дийр дац /риба доьхуш/ – шуна а зулам дийр дац /аш делларг эшош/

    2:279
  6. وَإِنْ كَانَ ذُو عُسْرَةٍ فَنَظِرَةٌ إِلَىٰ مَيْسَرَةٍ ۚ وَأَنْ تَصَدَّقُوا خَيْرٌ لَكُمْ ۖ إِنْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    Цуьнгахь хало хилахь – атта хиллалц тIаьхьатоттур ду /декхар схьадехар/‚ аш и /дерриг я цунах цхьадерг/ сагIина дитахь – дика ду шуна‚ шу хууш хиллехь

    2:280
  7. وَاتَّقُوا يَوْمًا تُرْجَعُونَ فِيهِ إِلَى اللَّهِ ۖ ثُمَّ تُوَفَّىٰ كُلُّ نَفْسٍ مَا كَسَبَتْ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ

    Шу кхера дийнах‚ шена чохь шу Далла тIе дIадуьгур долчу‚ тIаккха массо а сина ша карадиначуьнца бекхам бийр бу‚ царна зулам дийр дац

    2:281

Гочдар: Магомед Магомедов