Мусхаф., агӏо 46
-
وَمَا أَنْفَقْتُمْ مِنْ نَفَقَةٍ أَوْ نَذَرْتُمْ مِنْ نَذْرٍ فَإِنَّ اللَّهَ يَعْلَمُهُ ۗ وَمَا لِلظَّالِمِينَ مِنْ أَنْصَارٍ
Аш хIума сагIийна елча, я муьлха нузар дича – баккъалла а, Дела и дика хууш ма ву. Ма хир бац зуламхошна гIоьнчий
2:270 -
إِنْ تُبْدُوا الصَّدَقَاتِ فَنِعِمَّا هِيَ ۖ وَإِنْ تُخْفُوهَا وَتُؤْتُوهَا الْفُقَرَاءَ فَهُوَ خَيْرٌ لَكُمْ ۚ وَيُكَفِّرُ عَنْكُمْ مِنْ سَيِّئَاتِكُمْ ۗ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ
Аш сагIанаш /нахана/ гуш дāхахь – дика ду иза. Аш уьш къайлаха дāхахь‚ пекъаршна лахь – и ду шуна тоьлуш дерг‚ цо дойур ду шуна шун вонаш. И Дела аш дийриг дика хууш ма ву
2:271 -
لَيْسَ عَلَيْكَ هُدَاهُمْ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ يَهْدِي مَنْ يَشَاءُ ۗ وَمَا تُنْفِقُوا مِنْ خَيْرٍ فَلِأَنْفُسِكُمْ ۚ وَمَا تُنْفِقُونَ إِلَّا ابْتِغَاءَ وَجْهِ اللَّهِ ۚ وَمَا تُنْفِقُوا مِنْ خَيْرٍ يُوَفَّ إِلَيْكُمْ وَأَنْتُمْ لَا تُظْلَمُونَ
Хьуна тIехь дац уьш нийсачу новкъахь хилар‚ амма Дала нисво Шена луург. Аш сагйна мел даьккхинарг – шуна шайна ду. Аш ца доккху и Делан юьхье сатуьйсуш а бен. Аш мел даьккхинчу сагнйа бекхам хир бу шуна‚ зулам дийр дац шуна
2:272 -
لِلْفُقَرَاءِ الَّذِينَ أُحْصِرُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ لَا يَسْتَطِيعُونَ ضَرْبًا فِي الْأَرْضِ يَحْسَبُهُمُ الْجَاهِلُ أَغْنِيَاءَ مِنَ التَّعَفُّفِ تَعْرِفُهُمْ بِسِيمَاهُمْ لَا يَسْأَلُونَ النَّاسَ إِلْحَافًا ۗ وَمَا تُنْفِقُوا مِنْ خَيْرٍ فَإِنَّ اللَّهَ بِهِ عَلِيمٌ
Пекъарашна /ло сагIанаш/‚ шаьш Делан новкъахь /шайн чгнаша/ совцийна болчу‚ ца кхуьу уьш лаьттахула кхерста. Цахуучунна моьтту уьш хьал долуш бу‚ уьш /сагIа/ ца доьхуш болу дела. Хьуна бевзар бу уьш шайн Iаламаташца‚ тIехIоьттина /сагIа/ ца доьху цара нахе. Муьлхха а диканиг аш /сагIинйа/ даьккхича – баккъалла а, Дела и дика хууш ма ву шуна
2:273 -
الَّذِينَ يُنْفِقُونَ أَمْوَالَهُمْ بِاللَّيْلِ وَالنَّهَارِ سِرًّا وَعَلَانِيَةً فَلَهُمْ أَجْرُهُمْ عِنْدَ رَبِّهِمْ وَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
Шаьш шайн дōлахьдерг /сагIийна/ доккхуш берш буса а‚ дийнахь а‚ къайлаха а‚ гуш а – царна шайн мēла хир бу шайн Кхиош-кхобучун гергахь‚ царна кхерам а хир ма бац‚ уьш сингаттаме а хир ма бац
2:274
Гочдар: Магомед Магомедов