Мусхаф., агӏо 475
-
هُوَ الَّذِي خَلَقَكُمْ مِنْ تُرَابٍ ثُمَّ مِنْ نُطْفَةٍ ثُمَّ مِنْ عَلَقَةٍ ثُمَّ يُخْرِجُكُمْ طِفْلًا ثُمَّ لِتَبْلُغُوا أَشُدَّكُمْ ثُمَّ لِتَكُونُوا شُيُوخًا ۚ وَمِنْكُمْ مَنْ يُتَوَفَّىٰ مِنْ قَبْلُ ۖ وَلِتَبْلُغُوا أَجَلًا مُسَمًّى وَلَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ
Иза ву шу кхоьллинарг топпарах‚ тIаккха тIадамах‚ тIаккха детинчу цIих‚ тIаккха бераш хуьлий арадоху шу‚ тIаккха шу тIекхиархьама шайн ницкъина‚ тIаккха шух къена нах хилийта. Шух ву хьалха леш верг а. /И кхиэл йина Дала/ шу тоьхначу ханна тIекхачархьама а, шу ойла еш хилийтирхьама а
40:67 -
هُوَ الَّذِي يُحْيِي وَيُمِيتُ ۖ فَإِذَا قَضَىٰ أَمْرًا فَإِنَّمَا يَقُولُ لَهُ كُنْ فَيَكُونُ
Иза ву денволуьйтург а‚ волуьйтург а. Шен /цхьана/ гIуллакх тIехь сацам хилча‚ Цо олу цуьнга: 'Хила!' иза хуьлу
40:68 -
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ يُجَادِلُونَ فِي آيَاتِ اللَّهِ أَنَّىٰ يُصْرَفُونَ
Хьуна ца го и Делан аяташкахь къуьйсуш берш. Ма дхьовзош бу уьш /бакъдолчух/!
40:69 -
الَّذِينَ كَذَّبُوا بِالْكِتَابِ وَبِمَا أَرْسَلْنَا بِهِ رُسُلَنَا ۖ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ
/Уьш бу/ шаьш харцдинарш жайна а‚ Оха шеца Тхан элчанаш бахийтинарг а. ТIаьхьа хуур ду-кх царна!
40:70 -
إِذِ الْأَغْلَالُ فِي أَعْنَاقِهِمْ وَالسَّلَاسِلُ يُسْحَبُونَ
Шайна лагех буржолаш-гматаш а тоьхча‚ зIайнаш а /ехкича/, такхор бу уьш
40:71 -
فِي الْحَمِيمِ ثُمَّ فِي النَّارِ يُسْجَرُونَ
Кхахкина хи чу‚ тIаккха цIаргахь багор бу
40:72 -
ثُمَّ قِيلَ لَهُمْ أَيْنَ مَا كُنْتُمْ تُشْرِكُونَ
ТIаккха олур /ду/ цаьрга: 'Мичахь ду аш /Делаца/ накъост лоцуш хилларг
40:73 -
مِنْ دُونِ اللَّهِ ۖ قَالُوا ضَلُّوا عَنَّا بَلْ لَمْ نَكُنْ نَدْعُو مِنْ قَبْلُ شَيْئًا ۚ كَذَٰلِكَ يُضِلُّ اللَّهُ الْكَافِرِينَ
АллахI воцург?' Цара элира: 'ДIатили уьш тхох. ХIаъ‚ тхо дацара кхойкхуш хьалха хIуманне а'. Иштта тилабала буьту Дала керстанаш
40:74 -
ذَٰلِكُمْ بِمَا كُنْتُمْ تَفْرَحُونَ فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ وَبِمَا كُنْتُمْ تَمْرَحُونَ
И (Iазап ду шуна) лаьттахь цхьа а бакъо а йоцуш шу даккхийдедаш хиларна а‚ шу тIех хазахеташ хиларна а
40:75 -
ادْخُلُوا أَبْوَابَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا ۖ فَبِئْسَ مَثْوَى الْمُتَكَبِّرِينَ
Чу гIо жоьжахатина неIаршкахула, гуттарена цу чохь лаьтташ. Ма вон чохь Iен меттиг ю-кх курабевлачеран!
40:76 -
فَاصْبِرْ إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ ۚ فَإِمَّا نُرِيَنَّكَ بَعْضَ الَّذِي نَعِدُهُمْ أَوْ نَتَوَفَّيَنَّكَ فَإِلَيْنَا يُرْجَعُونَ
Собар де‚ баккъалла а, Делан ваIда хьакъ-бакъ ю. Оха гайтанне а гойтур ма ду хьоьга /хир ду/аьллачех цхьадолу хIуманаш я Оха волуьйтур ву хьо тIаккха Тхуна тIе дIаберзор бу уьш
40:77
Гочдар: Магомед Магомедов