Мусхаф., агӏо 474
-
إِنَّ السَّاعَةَ لَآتِيَةٌ لَا رَيْبَ فِيهَا وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يُؤْمِنُونَ
Баккъалла а, сахьт догIур долуш ду, шеко яц цу чохь‚ делахь а, дукхах болу нах тешаш бац-кх
40:59 -
وَقَالَ رَبُّكُمُ ادْعُونِي أَسْتَجِبْ لَكُمْ ۚ إِنَّ الَّذِينَ يَسْتَكْبِرُونَ عَنْ عِبَادَتِي سَيَدْخُلُونَ جَهَنَّمَ دَاخِرِينَ
Шу Кхетош-кхиочо аьлла: 'Соьга кхайкха Ас жоп лур ду шуна'.Баккъалла а, шаьш Суна Iибадат дарах курабовлуш берш чугIур ма бу жоьжахатина, кIелбисина.”
40:60 -
اللَّهُ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ اللَّيْلَ لِتَسْكُنُوا فِيهِ وَالنَّهَارَ مُبْصِرًا ۚ إِنَّ اللَّهَ لَذُو فَضْلٍ عَلَى النَّاسِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَشْكُرُونَ
Дела ву хилийтинарг шуна буьйса шуьга садаIийта шена чохь‚ де а /шуна/ серло луш /шайн гллакхаш дан/. Баккъалла а, Дела ниIмат долуш ву-кх нахана /дала/‚ делахь а, дукхах болчу наха баркалла ца олу-кх
40:61 -
ذَٰلِكُمُ اللَّهُ رَبُّكُمْ خَالِقُ كُلِّ شَيْءٍ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ فَأَنَّىٰ تُؤْفَكُونَ
И ву-кх АллахI-Дела‚ шун Кхиош-Кхобург‚ массо а хIуманан кхоллархо. /Кхин/ дела вац Иза воцург. Ма Iехош ду шу /генадохуш ду бакъдолчух/!
40:62 -
كَذَٰلِكَ يُؤْفَكُ الَّذِينَ كَانُوا بِآيَاتِ اللَّهِ يَجْحَدُونَ
Иштта Iехора /генабохура бакъдолчух/ Делан аяташна инкарло еш хилларш
40:63 -
اللَّهُ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ الْأَرْضَ قَرَارًا وَالسَّمَاءَ بِنَاءً وَصَوَّرَكُمْ فَأَحْسَنَ صُوَرَكُمْ وَرَزَقَكُمْ مِنَ الطَّيِّبَاتِ ۚ ذَٰلِكُمُ اللَّهُ رَبُّكُمْ ۖ فَتَبَارَكَ اللَّهُ رَبُّ الْعَالَمِينَ
Дела ву динарг шуна латта чIагIо хилла‚ стигал гIишло хилла‚ шуна куьцаш динарг‚ тккха хаздина Цо шун куьцаш, цIенчу хIуманех рицкъ а делла шуна. И ву АллахI-Дела шун Кхиош-кхобург. Беркате хили Дела Iаламийн Да
40:64 -
هُوَ الْحَيُّ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ فَادْعُوهُ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ ۗ الْحَمْدُ لِلَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Иза дийнаверг ву‚ /кхин/ дела вац Иза воцург‚ кхайкха Цуьнга‚ Цунна дог цна хуьлуш /дечу/ бадатехь. Хастам бу Далла Iаламийн Дена
40:65 -
قُلْ إِنِّي نُهِيتُ أَنْ أَعْبُدَ الَّذِينَ تَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ لَمَّا جَاءَنِيَ الْبَيِّنَاتُ مِنْ رَبِّي وَأُمِرْتُ أَنْ أُسْلِمَ لِرَبِّ الْعَالَمِينَ
Ахь āла: 'Баккъалла а, суна дихкина Iибадат дан аш, Дела а витина /шайга/ кхойкхучаьрга сан Кхиош-кхобучуьнгар соьга билгалонаш еъначул тIаьхьа‚ суна омра дина Iаламийн Дена муьтIахь хилар'
40:66
Гочдар: Магомед Магомедов