Мусхаф., агӏо 477

  1. حم

    Хьа-мūм

    41:1
  2. تَنْزِيلٌ مِنَ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

    /Жайна/ охьадоссар /ду хIара/ Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчуьнгара

    41:2
  3. كِتَابٌ فُصِّلَتْ آيَاتُهُ قُرْآنًا عَرَبِيًّا لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ

    Жайна /ду хIара/‚ Шен аяташ къастийна долу‚ Iаьрбийн /маттахь/ дешар а хилла хууш долчу къомана

    41:3
  4. بَشِيرًا وَنَذِيرًا فَأَعْرَضَ أَكْثَرُهُمْ فَهُمْ لَا يَسْمَعُونَ

    Кхаъ бахьарг а‚ кхерамча а /хилла ду и Къуръан/‚ царах дукхахберш дIабирзи шайна ца хозуш (и къобал ца деш)

    41:4
  5. وَقَالُوا قُلُوبُنَا فِي أَكِنَّةٍ مِمَّا تَدْعُونَا إِلَيْهِ وَفِي آذَانِنَا وَقْرٌ وَمِنْ بَيْنِنَا وَبَيْنِكَ حِجَابٌ فَاعْمَلْ إِنَّنَا عَامِلُونَ

    Цара элира: 'Тхан дегнаш хьуламехь ду ахь тхо шега кхойкхучух‚ тхан лергий чохь къоралла ю‚ тхуна юккъехь а‚ хьуна юккъехь а кирхьа ду‚ хьан Iамал е‚ оха тхан Iамал йийр ю'

    41:5
  6. قُلْ إِنَّمَا أَنَا بَشَرٌ مِثْلُكُمْ يُوحَىٰ إِلَيَّ أَنَّمَا إِلَٰهُكُمْ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ فَاسْتَقِيمُوا إِلَيْهِ وَاسْتَغْفِرُوهُ ۗ وَوَيْلٌ لِلْمُشْرِكِينَ

    Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: 'Баккъалла а, со-м адам ду шу санна‚ соьга вехьеца хаийтина шун Дела цхьа Дела вуйла‚ дIанисло Цуьнга, Цуьнга гечдар деха. Бāла бу-кх /Делаца/ накъост лоцучарна

    41:6
  7. الَّذِينَ لَا يُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَهُمْ بِالْآخِرَةِ هُمْ كَافِرُونَ

    Шаьш закат ца луш болчу‚ эхартана уьш керста бу

    41:7
  8. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَهُمْ أَجْرٌ غَيْرُ مَمْنُونٍ

    Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а царна хедар йоцу ял ю

    41:8
  9. قُلْ أَئِنَّكُمْ لَتَكْفُرُونَ بِالَّذِي خَلَقَ الْأَرْضَ فِي يَوْمَيْنِ وَتَجْعَلُونَ لَهُ أَنْدَادًا ۚ ذَٰلِكَ رَبُّ الْعَالَمِينَ

    Ахь āла: 'Аш инкарло йо Ша латта кхоьллинчунна шина дийнахь‚ аш Цунна нийсархой а хуьлуьйту? Иза ву Iаламийн Да'

    41:9
  10. وَجَعَلَ فِيهَا رَوَاسِيَ مِنْ فَوْقِهَا وَبَارَكَ فِيهَا وَقَدَّرَ فِيهَا أَقْوَاتَهَا فِي أَرْبَعَةِ أَيَّامٍ سَوَاءً لِلسَّائِلِينَ

    Хилийтина Цо цигахь (лаьттахь) чIогIа боьгIнарш (лаьмнаш) цунна тIехула‚ беркатедира Цо иза (латта)‚ дийкъира цу чохь кхачанаш деъа дийнахь цхьанийсса /диъ де хилла/ хоьттучарна

    41:10
  11. ثُمَّ اسْتَوَىٰ إِلَى السَّمَاءِ وَهِيَ دُخَانٌ فَقَالَ لَهَا وَلِلْأَرْضِ ائْتِيَا طَوْعًا أَوْ كَرْهًا قَالَتَا أَتَيْنَا طَائِعِينَ

    ТIаккха Иза тIевирзира стиглана и кIур бара (айелла хин Iаь). Цо элира цуьнга а, лаьтте а: 'Схьадуьйла шайн лаамца‚ я лаамза'. Цу шиммо элира: 'Тхо деана тхан лаамца'

    41:11

Гочдар: Магомед Магомедов