Мусхаф., агӏо 478
-
فَقَضَاهُنَّ سَبْعَ سَمَاوَاتٍ فِي يَوْمَيْنِ وَأَوْحَىٰ فِي كُلِّ سَمَاءٍ أَمْرَهَا ۚ وَزَيَّنَّا السَّمَاءَ الدُّنْيَا بِمَصَابِيحَ وَحِفْظًا ۚ ذَٰلِكَ تَقْدِيرُ الْعَزِيزِ الْعَلِيمِ
Цо уьш кхочушхилийтира ворхI стигал хилла шина дийнахь‚ дIахаийтира /вехьеца/ хIор стигална шен гIуллакх. Оха хазйира гергара стигал чиркхашца‚ /ларийра иза шайтIанах/ Iалаш ярца. Иза бу веза волчун‚ хууш волчун (Делан) дIахIоттам
41:12 -
فَإِنْ أَعْرَضُوا فَقُلْ أَنْذَرْتُكُمْ صَاعِقَةً مِثْلَ صَاعِقَةِ عَادٍ وَثَمُودَ
Уьш дIаберзахь‚ ахь āла: 'Ас кхерам теси шуна ткъесаца‚ Iадийн а‚ Самудийн а ткъесах тера'
41:13 -
إِذْ جَاءَتْهُمُ الرُّسُلُ مِنْ بَيْنِ أَيْدِيهِمْ وَمِنْ خَلْفِهِمْ أَلَّا تَعْبُدُوا إِلَّا اللَّهَ ۖ قَالُوا لَوْ شَاءَ رَبُّنَا لَأَنْزَلَ مَلَائِكَةً فَإِنَّا بِمَا أُرْسِلْتُمْ بِهِ كَافِرُونَ
Дагадаийта! Цаьрга баьхкира элчанаш‚ царна хьалхахула а‚ тIехьахула а: 'Аш Далла бен Iибадат ма де', /олуш/. Цара элира: 'Тхан Кхиош-кхобучун лиънехьара‚ Цо маликаш доссор дара. Баккъалла а, тхо шу шеца даийтинчунна керста ду-кх'
41:14 -
فَأَمَّا عَادٌ فَاسْتَكْبَرُوا فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ وَقَالُوا مَنْ أَشَدُّ مِنَّا قُوَّةً ۖ أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّ اللَّهَ الَّذِي خَلَقَهُمْ هُوَ أَشَدُّ مِنْهُمْ قُوَّةً ۖ وَكَانُوا بِآيَاتِنَا يَجْحَدُونَ
Ткъа Iадаш курабевлира лаьттахь цхьа а бакъо йоцуш‚ цара элира: 'Мила ву тхол чIогIа верг ницкъаца?' Царна ца гина-те уьш кхоьллина волу Дела царал чIогIа вуйла ницкъаца. Уьш хилира Тхан аяташна инкарло еш
41:15 -
فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ رِيحًا صَرْصَرًا فِي أَيَّامٍ نَحِسَاتٍ لِنُذِيقَهُمْ عَذَابَ الْخِزْيِ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ وَلَعَذَابُ الْآخِرَةِ أَخْزَىٰ ۖ وَهُمْ لَا يُنْصَرُونَ
Оха бахийтира царна шок лоькху мох халачу деношкахь цаьрга Iовшийтархьама сийсазаллин Iазап дуьненан дахарехь. Эхартан Iазап вуно а сийсаза ду. Царна гIо хир дац
41:16 -
وَأَمَّا ثَمُودُ فَهَدَيْنَاهُمْ فَاسْتَحَبُّوا الْعَمَىٰ عَلَى الْهُدَىٰ فَأَخَذَتْهُمْ صَاعِقَةُ الْعَذَابِ الْهُونِ بِمَا كَانُوا يَكْسِبُونَ
Ткъа Самудаш Оха билгалбаьккхира царна /диканан а, вонан а/ некъ ткъа царна бIаьрсазалла дукхайийзира нийсачу некъал. ТIаккха уьш схьалецира ткъес тухучу сийсазаллин Iазапо цара карадеш хилларг бахьанехь
41:17 -
وَنَجَّيْنَا الَّذِينَ آمَنُوا وَكَانُوا يَتَّقُونَ
Оха кIелхьарбехира ийман диллинарш‚ шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш
41:18 -
وَيَوْمَ يُحْشَرُ أَعْدَاءُ اللَّهِ إِلَى النَّارِ فَهُمْ يُوزَعُونَ
Делан мостагIий цIарна хьалха гулбечу дийнахь уьш могIаршкахь /вовшашна тIе/ лохкур бу
41:19 -
حَتَّىٰ إِذَا مَا جَاءُوهَا شَهِدَ عَلَيْهِمْ سَمْعُهُمْ وَأَبْصَارُهُمْ وَجُلُودُهُمْ بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Уьш цига (цIарга) баьхкича, тешалла дийр ду царна тIехь церан хазаро‚ бIаьрсано‚ чIораша, уьш хIун деш хилла‚ аьлла
41:20
Гочдар: Магомед Магомедов