Мусхаф., агӏо 481
-
وَمِنْ آيَاتِهِ أَنَّكَ تَرَى الْأَرْضَ خَاشِعَةً فَإِذَا أَنْزَلْنَا عَلَيْهَا الْمَاءَ اهْتَزَّتْ وَرَبَتْ ۚ إِنَّ الَّذِي أَحْيَاهَا لَمُحْيِي الْمَوْتَىٰ ۚ إِنَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Цуьнан Iаламатех ду хьуна латта гар декъа. Оха цунна тIе хи доссича, иза деттало‚ кхуьу. Баккъалла а, Иза дендийнарг денбийр болуш ма ву белларш. Баккъалла а, Иза массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву
41:39 -
إِنَّ الَّذِينَ يُلْحِدُونَ فِي آيَاتِنَا لَا يَخْفَوْنَ عَلَيْنَا ۗ أَفَمَنْ يُلْقَىٰ فِي النَّارِ خَيْرٌ أَمْ مَنْ يَأْتِي آمِنًا يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۚ اعْمَلُوا مَا شِئْتُمْ ۖ إِنَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
Тхан аяташкахь керстаналла деш берш Тхуна къайлабер бац. ЦIарга кхуссур верг дика ву я къематдийнахь кхерамза вогIур верг /дика/ ву? Iамал е шайна ма луъу. Баккъалла а, Иза аш дийриг гуш ма ву
41:40 -
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا بِالذِّكْرِ لَمَّا جَاءَهُمْ ۖ وَإِنَّهُ لَكِتَابٌ عَزِيزٌ
Баккъалла а, хьехамна (Къуръанна) керстаналла динарш и шайга беъча /бекхам бийр бу Оха царна/. Баккъалла а, иза деза долу жайна ду-кх
41:41 -
لَا يَأْتِيهِ الْبَاطِلُ مِنْ بَيْنِ يَدَيْهِ وَلَا مِنْ خَلْفِهِ ۖ تَنْزِيلٌ مِنْ حَكِيمٍ حَمِيدٍ
Харцдерг догIур дац цунна хьалхахула а‚ тIехьахула а‚ /иза/ охьадоссар ду Ша хьукаме а‚ хастаме а волчуьнгара
41:42 -
مَا يُقَالُ لَكَ إِلَّا مَا قَدْ قِيلَ لِلرُّسُلِ مِنْ قَبْلِكَ ۚ إِنَّ رَبَّكَ لَذُو مَغْفِرَةٍ وَذُو عِقَابٍ أَلِيمٍ
Хьоьга ца олу хьол хьалха элчанашка аьлларг а бен. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург Шегахь гечдар долуш а ву‚ лазаме таIзар долуш а ву
41:43 -
وَلَوْ جَعَلْنَاهُ قُرْآنًا أَعْجَمِيًّا لَقَالُوا لَوْلَا فُصِّلَتْ آيَاتُهُ ۖ أَأَعْجَمِيٌّ وَعَرَبِيٌّ ۗ قُلْ هُوَ لِلَّذِينَ آمَنُوا هُدًى وَشِفَاءٌ ۖ وَالَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ فِي آذَانِهِمْ وَقْرٌ وَهُوَ عَلَيْهِمْ عَمًى ۚ أُولَٰئِكَ يُنَادَوْنَ مِنْ مَكَانٍ بَعِيدٍ
Оха иза хилийтинехьара Iаьрбех доцу Къуръан‚ /тIаккха а/ эр ма дара цара: 'Цуьнан аяташ къастинехьара /тхуна‚ тхо царах кхетархьама/. Ткъа /Къуръан/ Iаьрбех доцуш хила дезара‚ /пайхамар ша/ Iаьрби а волуш? Ахь āла: 'Иза (Къуръан) ийман диллинчарна ду‚ нийса некъ а‚ дарба а хилла'. Цатешнарш а церан лергий чохь къоралла ю‚ иза (Къуръан) царна бIаьрсаза ду (уьш ца кхета цунах). Уьш бу шайга кхойкхучарах /тера/ генарчу меттигера
41:44 -
وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ فَاخْتُلِفَ فِيهِ ۗ وَلَوْلَا كَلِمَةٌ سَبَقَتْ مِنْ رَبِّكَ لَقُضِيَ بَيْنَهُمْ ۚ وَإِنَّهُمْ لَفِي شَكٍّ مِنْهُ مُرِيبٍ
Оха делира Мусага жайна‚ цу чохь а хилпало хилира. Дош хьалха ца деллехьара хьан Кхиош-кхобучуьнгара хьукам дина хир дара царна юккъехь. Баккъалла а, уьш шеконан шеконехь бу-кх
41:45 -
مَنْ عَمِلَ صَالِحًا فَلِنَفْسِهِ ۖ وَمَنْ أَسَاءَ فَعَلَيْهَا ۗ وَمَا رَبُّكَ بِظَلَّامٍ لِلْعَبِيدِ
Дика Iамал йинарг /иза/ цунна шена ю. Вониг динарг /иза а/ цунна дуьхьал ду. Хьан Кхиош-кхобург ма вац /цуьрриг/ зулам дийр долуш лешна
41:46
Гочдар: Магомед Магомедов