Мусхаф., агӏо 480
-
إِنَّ الَّذِينَ قَالُوا رَبُّنَا اللَّهُ ثُمَّ اسْتَقَامُوا تَتَنَزَّلُ عَلَيْهِمُ الْمَلَائِكَةُ أَلَّا تَخَافُوا وَلَا تَحْزَنُوا وَأَبْشِرُوا بِالْجَنَّةِ الَّتِي كُنْتُمْ تُوعَدُونَ
Баккъалла а, аьлларш /шайн са долуш/: 'Тхан Кхиош-кхобург /цхьа/ Дела- АллахI ву'‚ тIаккха нисбелларш царна тIе дуссур ду /къинхетаман/ маликаш, /цара олуш/: 'Шу ма кхералаш, сингаттаме ма хилалаш, кхаъ хили шуна ялсаманица‚ шуна ваIда йина хилла йолчу'
41:30 -
نَحْنُ أَوْلِيَاؤُكُمْ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَفِي الْآخِرَةِ ۖ وَلَكُمْ فِيهَا مَا تَشْتَهِي أَنْفُسُكُمْ وَلَكُمْ فِيهَا مَا تَدَّعُونَ
'Тхо ду шун доттагIий дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а‚ шуна цигахь шун синошна дезарг ду‚ шуна цигахь аш дехнарг а ду'‚
41:31 -
نُزُلًا مِنْ غَفُورٍ رَحِيمٍ
/Хьошаллина/ кечдина Ша гечдеш волчуьнгара‚ Ша къинхетаме волчуьнгара.”
41:32 -
وَمَنْ أَحْسَنُ قَوْلًا مِمَّنْ دَعَا إِلَى اللَّهِ وَعَمِلَ صَالِحًا وَقَالَ إِنَّنِي مِنَ الْمُسْلِمِينَ
Мила ву вуно хаза дашца Деле кхийкхинчул а‚ дика Iамал йиначул а‚ ша аьлла волчул: 'Баккъалла а, со ву-кх /Далла/ муьтIахь болчарах'
41:33 -
وَلَا تَسْتَوِي الْحَسَنَةُ وَلَا السَّيِّئَةُ ۚ ادْفَعْ بِالَّتِي هِيَ أَحْسَنُ فَإِذَا الَّذِي بَيْنَكَ وَبَيْنَهُ عَدَاوَةٌ كَأَنَّهُ وَلِيٌّ حَمِيمٌ
Цхьанийсса ца хуьлу диканиг а‚ вониг а‚ ахь духатоха уггар хаза долчуьнца тIаккха хьуна а‚ шена а юккъехь мостагIалла ерг хьоме доттагI санна хир ву хьуна
41:34 -
وَمَا يُلَقَّاهَا إِلَّا الَّذِينَ صَبَرُوا وَمَا يُلَقَّاهَا إِلَّا ذُو حَظٍّ عَظِيمٍ
И далур дац шаьш собар диначарна а бен‚ и далур дац шегахь доккха /ирсан/ дāкъа долчунна а бен
41:35 -
وَإِمَّا يَنْزَغَنَّكَ مِنَ الشَّيْطَانِ نَزْغٌ فَاسْتَعِذْ بِاللَّهِ ۖ إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
Хьуна /оцунна тIехь/ шайтIано васвасалла даг чу кхоссане а кхоссахь, Делаца ларвалар лаха. Баккъалла а, Иза хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву
41:36 -
وَمِنْ آيَاتِهِ اللَّيْلُ وَالنَّهَارُ وَالشَّمْسُ وَالْقَمَرُ ۚ لَا تَسْجُدُوا لِلشَّمْسِ وَلَا لِلْقَمَرِ وَاسْجُدُوا لِلَّهِ الَّذِي خَلَقَهُنَّ إِنْ كُنْتُمْ إِيَّاهُ تَعْبُدُونَ
Цуьнан Iаламатех ю буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Сужуд ма де малхана а‚ баттана а‚ аш сужуд де Ша уьш кхоьллина волчу Далла‚ шаьш Цунна Iибадат деш делахь
41:37 -
فَإِنِ اسْتَكْبَرُوا فَالَّذِينَ عِنْدَ رَبِّكَ يُسَبِّحُونَ لَهُ بِاللَّيْلِ وَالنَّهَارِ وَهُمْ لَا يَسْأَمُونَ ۩
Цара куралла яхь‚ Далла гергахь берш Цунна тасбахь деш бу буьйсана а‚ дийнахь а‚ царна кIор ца до
41:38
Гочдар: Магомед Магомедов