Мусхаф., агӏо 483

  1. حم

    Хьа-мūм

    42:1
  2. عسق

    Iайн-сūн-къāф

    42:2
  3. كَذَٰلِكَ يُوحِي إِلَيْكَ وَإِلَى الَّذِينَ مِنْ قَبْلِكَ اللَّهُ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Иштта вехьий доуьйту хьоьга а‚ хьол хьалха хиллачаьрга а Ша веза волчу‚ хьукам /нийса/ деш волчу Дала

    42:3
  4. لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۖ وَهُوَ الْعَلِيُّ الْعَظِيمُ

    Цуьнан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Иза ву лекха верг а‚ веза- воккха верг а

    42:4
  5. تَكَادُ السَّمَاوَاتُ يَتَفَطَّرْنَ مِنْ فَوْقِهِنَّ ۚ وَالْمَلَائِكَةُ يُسَبِّحُونَ بِحَمْدِ رَبِّهِمْ وَيَسْتَغْفِرُونَ لِمَنْ فِي الْأَرْضِ ۗ أَلَا إِنَّ اللَّهَ هُوَ الْغَفُورُ الرَّحِيمُ

    Герга ду стигланаш атадала шайна тIехула /Делан сийлаллица/. Маликаша тасбахь до шайн Кхиош-кхобург хасторца‚ цара гечдар доьху лаьттахь волчунна. Сема довла / хIай нах/! Баккъалла а, Дела Иза ма ву Ша гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а

    42:5
  6. وَالَّذِينَ اتَّخَذُوا مِنْ دُونِهِ أَوْلِيَاءَ اللَّهُ حَفِيظٌ عَلَيْهِمْ وَمَا أَنْتَ عَلَيْهِمْ بِوَكِيلٍ

    И воцург /шайна/ доладийраш лаьцнарш Дела ву царна тIехь лардархо‚ хьо вац царна тхь векал

    42:6
  7. وَكَذَٰلِكَ أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ قُرْآنًا عَرَبِيًّا لِتُنْذِرَ أُمَّ الْقُرَىٰ وَمَنْ حَوْلَهَا وَتُنْذِرَ يَوْمَ الْجَمْعِ لَا رَيْبَ فِيهِ ۚ فَرِيقٌ فِي الْجَنَّةِ وَفَرِيقٌ فِي السَّعِيرِ

    Иштта вехьеца даийтира Оха хьоьга Iаьрбийн Дешар хьоьга кхерам тасийта яртийн нанна а‚ цунна гонахь болчарна а‚ хьоьга кхерам тасийта гулдаран денца‚ шена чохь шеко йоцчу цхьа тоба (бусалбанаш) ялсаманехь хир ю‚ важа тоба (керстанаш) жоьжахатахь хир ю

    42:7
  8. وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَجَعَلَهُمْ أُمَّةً وَاحِدَةً وَلَٰكِنْ يُدْخِلُ مَنْ يَشَاءُ فِي رَحْمَتِهِ ۚ وَالظَّالِمُونَ مَا لَهُمْ مِنْ وَلِيٍّ وَلَا نَصِيرٍ

    Далла лиънехьара, Цо цхьа уммат хуьлуьйтара дара царах‚ делахь а‚ Цо шен къинхетамна чувохуьйту Шена луург‚ ткъа зуламхой ма вац царна доладийриг‚ ма вац /царна/ гIоьнча

    42:8
  9. أَمِ اتَّخَذُوا مِنْ دُونِهِ أَوْلِيَاءَ ۖ فَاللَّهُ هُوَ الْوَلِيُّ وَهُوَ يُحْيِي الْمَوْتَىٰ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Я цара Иза воцург доладийраш лаьцна? Ткъа Дела Иза ву-кх доладийриг‚ Цо денбо белларш‚ Иза ву массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш верг

    42:9
  10. وَمَا اخْتَلَفْتُمْ فِيهِ مِنْ شَيْءٍ فَحُكْمُهُ إِلَى اللَّهِ ۚ ذَٰلِكُمُ اللَّهُ رَبِّي عَلَيْهِ تَوَكَّلْتُ وَإِلَيْهِ أُنِيبُ

    Шун шегахь цхьана хIуманах хилпало йоьжнехь цуьнан хьукам Далла тIе ду. /Аш āла:/ 'Иза АллахI-Дела ву‚ сан Кхиош-кхобург‚ Цунна тIе тевжина со‚ Цунна тIе дIавоьрзу со /сан массо а гIуллакхашкахь/'

    42:10

Гочдар: Магомед Магомедов