Мусхаф., агӏо 484
-
فَاطِرُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ جَعَلَ لَكُمْ مِنْ أَنْفُسِكُمْ أَزْوَاجًا وَمِنَ الْأَنْعَامِ أَزْوَاجًا ۖ يَذْرَؤُكُمْ فِيهِ ۚ لَيْسَ كَمِثْلِهِ شَيْءٌ ۖ وَهُوَ السَّمِيعُ الْبَصِيرُ
Стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг /ву Иза/. Цо хилийтина шуна шух шайх зударий‚ бежнех а тайп-тайпа. Цо шу алсамдоху цуьнца (зударий балабеш дебарца). Яц Цунах (Делах) тера хIума а. Иза хозуш верг ву‚ гуш верг а ву
42:11 -
لَهُ مَقَالِيدُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَنْ يَشَاءُ وَيَقْدِرُ ۚ إِنَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а догIанаш. Цо шортта хуьлуьйту рицкъ Шена луучунна‚ /кIеззиг/ барам а бо /Шена луучунна уьш зерхьама/. Баккъалла а, Иза массо а хIума хууш верг ву
42:12 -
شَرَعَ لَكُمْ مِنَ الدِّينِ مَا وَصَّىٰ بِهِ نُوحًا وَالَّذِي أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ وَمَا وَصَّيْنَا بِهِ إِبْرَاهِيمَ وَمُوسَىٰ وَعِيسَىٰ ۖ أَنْ أَقِيمُوا الدِّينَ وَلَا تَتَفَرَّقُوا فِيهِ ۚ كَبُرَ عَلَى الْمُشْرِكِينَ مَا تَدْعُوهُمْ إِلَيْهِ ۚ اللَّهُ يَجْتَبِي إِلَيْهِ مَنْ يَشَاءُ وَيَهْدِي إِلَيْهِ مَنْ يُنِيبُ
Цо шуна шарI хилийтина динах Ша шеца весет дина хилларг Нухьана а, хьоьга вехьеца даийтинарг а‚ Оха шеца весет динарг ИбрахIимна а‚ Мусана а‚ Iийсана а‚ 'дин хIоттаде, аьлла‚ декъа ма ло цу чохь (динехь)'. Доккха /хала/ хили мушрикунашна ахь шаьш шена тIе кхойкхург. Дала цунна (Дела цхьаъварна) тIе хоржу Шена луург‚ Цо цунна (Дела цхьаъварна) тIе нисво ша /цунна тIе/ воьрзург
42:13 -
وَمَا تَفَرَّقُوا إِلَّا مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَهُمُ الْعِلْمُ بَغْيًا بَيْنَهُمْ ۚ وَلَوْلَا كَلِمَةٌ سَبَقَتْ مِنْ رَبِّكَ إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى لَقُضِيَ بَيْنَهُمْ ۚ وَإِنَّ الَّذِينَ أُورِثُوا الْكِتَابَ مِنْ بَعْدِهِمْ لَفِي شَكٍّ مِنْهُ مُرِيبٍ
Уьш бекъа ма ца белла шайга Iилма деъначул тIаьхьа а бен вовшийн юккъехь хьагI хилар бахьанехь. Дош хьалха ца деллехьара хьан Кхиош-кхобучунгара 'тоьхна хан тIе кхаччалц', аьлла долу, кхиэл йина хир ма яра царна юккъехь. Баккъалла а, царал тIаьхьа шайга ирсана жайна делларш цунах (Мухьаммад элча хиларх) шеконан шеконехь ма бу
42:14 -
فَلِذَٰلِكَ فَادْعُ ۖ وَاسْتَقِمْ كَمَا أُمِرْتَ ۖ وَلَا تَتَّبِعْ أَهْوَاءَهُمْ ۖ وَقُلْ آمَنْتُ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ مِنْ كِتَابٍ ۖ وَأُمِرْتُ لِأَعْدِلَ بَيْنَكُمُ ۖ اللَّهُ رَبُّنَا وَرَبُّكُمْ ۖ لَنَا أَعْمَالُنَا وَلَكُمْ أَعْمَالُكُمْ ۖ لَا حُجَّةَ بَيْنَنَا وَبَيْنَكُمُ ۖ اللَّهُ يَجْمَعُ بَيْنَنَا ۖ وَإِلَيْهِ الْمَصِيرُ
Цуьнга (Дела цхьаъваре) кхайкха /хIай Мухьаммад/. ДIанисло хьайга омра ма ди. Церан дезаршна тIаьхьа ма хIотта‚ ахь āла: 'Ас ийман дилли Дала доссинчу жайне‚ суна омра дина шуна юккъехь нийсо ян. /Цхьа/ Дела ву тхан Кхиош-кхобург а‚ шун Кхиош-кхобург а‚ тхуна тхан Iамалш ю‚ шуна шун Iамалш ю. Цхьа а къовсам бац тхуна а‚ шуна а юккъехь. Дала цхьаьнатухур ду вай (къематдийнахь бакъдерг къасто)‚ Цунна тIе ду дIадерзар'
42:15
Гочдар: Магомед Магомедов