Мусхаф., агӏо 49

  1. وَإِنْ كُنْتُمْ عَلَىٰ سَفَرٍ وَلَمْ تَجِدُوا كَاتِبًا فَرِهَانٌ مَقْبُوضَةٌ ۖ فَإِنْ أَمِنَ بَعْضُكُمْ بَعْضًا فَلْيُؤَدِّ الَّذِي اؤْتُمِنَ أَمَانَتَهُ وَلْيَتَّقِ اللَّهَ رَبَّهُ ۗ وَلَا تَكْتُمُوا الشَّهَادَةَ ۚ وَمَنْ يَكْتُمْهَا فَإِنَّهُ آثِمٌ قَلْبُهُ ۗ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ عَلِيمٌ

    Шу новкъахь хилла‚ шуна яздан стаг ца каравахь – кара хIума ло закъалтана. Шух цхьаболчара вукхарна тешамна хIума елча – шена тешамна елла хIума юхаерзайойла цо‚ шен Делах – шен Кхиош-кхобучух – кхоьрийла иза /и юха ца ерзаян/. Аш ма хьулделаш тешалла‚ и хьулдийнарг – шен даго къинош дийнарг ву. И Дела аш дийриг хууш ма ву

    2:283
  2. لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۗ وَإِنْ تُبْدُوا مَا فِي أَنْفُسِكُمْ أَوْ تُخْفُوهُ يُحَاسِبْكُمْ بِهِ اللَّهُ ۖ فَيَغْفِرُ لِمَنْ يَشَاءُ وَيُعَذِّبُ مَنْ يَشَاءُ ۗ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Делан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а‚ аш гучудаьккхича а шайгахь дерг‚ я хьулдича а – и хьесап дийр ду шуна Дала. Шена луучунна гечдийр ду Цо‚ Шена луучунна Iазап дийр ду. И Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ма ву

    2:284
  3. آمَنَ الرَّسُولُ بِمَا أُنْزِلَ إِلَيْهِ مِنْ رَبِّهِ وَالْمُؤْمِنُونَ ۚ كُلٌّ آمَنَ بِاللَّهِ وَمَلَائِكَتِهِ وَكُتُبِهِ وَرُسُلِهِ لَا نُفَرِّقُ بَيْنَ أَحَدٍ مِنْ رُسُلِهِ ۚ وَقَالُوا سَمِعْنَا وَأَطَعْنَا ۖ غُفْرَانَكَ رَبَّنَا وَإِلَيْكَ الْمَصِيرُ

    Элча тийшира шен Кхиош-кхобучуьнгара шега доссийнчух‚ муъманах а тийшира. Массо а тийшира Делах а‚ Цуьнан маликех а‚ Цуьнан жайнех а‚ Цуьнан элчанех а. /Олу муъманаха/: “Цуьнан элчаний юккъера цхьа а къаста ца во оха”. ТIаккха цара элира: 'ЛадоьгIна оха‚ муьтIахь хилла тхо. Ахь гечделахь тхуна‚ тхан Кхиош-кхобург‚ Хьоьга ду-кх дIадерзар'

    2:285
  4. لَا يُكَلِّفُ اللَّهُ نَفْسًا إِلَّا وُسْعَهَا ۚ لَهَا مَا كَسَبَتْ وَعَلَيْهَا مَا اكْتَسَبَتْ ۗ رَبَّنَا لَا تُؤَاخِذْنَا إِنْ نَسِينَا أَوْ أَخْطَأْنَا ۚ رَبَّنَا وَلَا تَحْمِلْ عَلَيْنَا إِصْرًا كَمَا حَمَلْتَهُ عَلَى الَّذِينَ مِنْ قَبْلِنَا ۚ رَبَّنَا وَلَا تُحَمِّلْنَا مَا لَا طَاقَةَ لَنَا بِهِ ۖ وَاعْفُ عَنَّا وَاغْفِرْ لَنَا وَارْحَمْنَا ۚ أَنْتَ مَوْلَانَا فَانْصُرْنَا عَلَى الْقَوْمِ الْكَافِرِينَ

    Сина тIе ца дуьллу Дала цунна ницкъ кхочург бен. Цунна – ша карадийнарг ду‚ цунна дуьхал а – ша карадийнарг ду. 'Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь тхо бехке ма лацалахь тхо дицделча а‚ я гIалатдаьлча а. Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь тхуна тIе ма йиллалахь хало‚ Ахь тхол хьалхабаханчарна тIе йилларх терра. Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь тхуна тIе ма диллалахь тхуна шена тIехь ницкъ цакхочург‚ хьалхадахалахь тхо‚ гечделахь тхуна‚ къинхетам а белахь тхох‚ Хьо ву тхан верас‚ гIо делахь тхуна ца тешачу къомана тIехь'. (Иштта деха боху Дала муъманахе)

    2:286

Гочдар: Магомед Магомедов