Мусхаф., агӏо 50

  1. الم

    Алиф-лам-мим

    3:1
  2. اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ الْحَيُّ الْقَيُّومُ

    Аллах/цхьа Дела/ ву‚ кхин дела вац И бен‚ Ша дийна ву‚ гуттар лаьтташ ву /Шен лейн гIуллакхаш кхочушдеш/

    3:2
  3. نَزَّلَ عَلَيْكَ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ مُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيْهِ وَأَنْزَلَ التَّوْرَاةَ وَالْإِنْجِيلَ

    Цо хьоьга диссийна хьакъ-бакъ а долуш‚ шел хьалха хилларг бакъдеш а долу жайна (Къуръан). Цо доссийна/Мусага/ Таврат а, / Iийсага / Инжил а

    3:3
  4. مِنْ قَبْلُ هُدًى لِلنَّاسِ وَأَنْزَلَ الْفُرْقَانَ ۗ إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا بِآيَاتِ اللَّهِ لَهُمْ عَذَابٌ شَدِيدٌ ۗ وَاللَّهُ عَزِيزٌ ذُو انْتِقَامٍ

    Хьалха нийса некъ хилла долу нахана‚ Цо доссийна Фуркъан. Баккъалла а, Делан аятех ца тешаш берш – царна ма ду чIоIа Iазап. И Дела ма ву ша веза верг- бекхаман да

    3:4
  5. إِنَّ اللَّهَ لَا يَخْفَىٰ عَلَيْهِ شَيْءٌ فِي الْأَرْضِ وَلَا فِي السَّمَاءِ

    Баккъалла а, и Дела ма ву Шех хIумма а къайлаер йоцуш, лаьттахь а, стиглахь а

    3:5
  6. هُوَ الَّذِي يُصَوِّرُكُمْ فِي الْأَرْحَامِ كَيْفَ يَشَاءُ ۚ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    И ву шу кепе дерзийна беран цIа чохь (ненан кийрахь) Шена ма луьу‚ кхин дела вац И бен‚ Ша веза верг а‚ хьекъале верг а ву И

    3:6
  7. هُوَ الَّذِي أَنْزَلَ عَلَيْكَ الْكِتَابَ مِنْهُ آيَاتٌ مُحْكَمَاتٌ هُنَّ أُمُّ الْكِتَابِ وَأُخَرُ مُتَشَابِهَاتٌ ۖ فَأَمَّا الَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ زَيْغٌ فَيَتَّبِعُونَ مَا تَشَابَهَ مِنْهُ ابْتِغَاءَ الْفِتْنَةِ وَابْتِغَاءَ تَأْوِيلِهِ ۗ وَمَا يَعْلَمُ تَأْوِيلَهُ إِلَّا اللَّهُ ۗ وَالرَّاسِخُونَ فِي الْعِلْمِ يَقُولُونَ آمَنَّا بِهِ كُلٌّ مِنْ عِنْدِ رَبِّنَا ۗ وَمَا يَذَّكَّرُ إِلَّا أُولُو الْأَلْبَابِ

    И ву хьоьга жайна доссийнарг‚ цуьнах ду хьикмате аяташ – уьш (хьикматенаш) жайнин нана ю‚ кхидерш – цхьатерранаш ду. Амма шайн дегнашкахь дIатовжар дерш – уьш тIаьхьахIуьтту цу чуьра (Делан сибат) цхьана хманех тардеш долчарна питана лоьхуш а‚ уьш даста гIерташ а. Уьш даста ма ца хаьа Далла Шена бен. Шаьш Iилманчохь кIаргбеллачара олу: 'Тешна тхо цунах‚ дерриге а ду тхан Кхиош-кхобучуьнгара'. Ойла-м ца йо шайн хьекъал долчара бен

    3:7
  8. رَبَّنَا لَا تُزِغْ قُلُوبَنَا بَعْدَ إِذْ هَدَيْتَنَا وَهَبْ لَنَا مِنْ لَدُنْكَ رَحْمَةً ۚ إِنَّكَ أَنْتَ الْوَهَّابُ

    /Олу ийман диллинчара/: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ Ахь тхан дегнаш дIа ма товжаделахь, Айхьа тхо нисдинчул тIаьхьа‚ Хьайгара къинхетам лōлахь тхуна‚ баккъалла а, Хьо ма ву /шортта/ луш верг‚

    3:8
  9. رَبَّنَا إِنَّكَ جَامِعُ النَّاسِ لِيَوْمٍ لَا رَيْبَ فِيهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يُخْلِفُ الْمِيعَادَ

    Тхан Кхиош-кхобург‚ Хьо ма ву нах гулбийр берг шегахь шеко йоцчу /къемат/ денна‚ баккъалла а, Дала ца йохайо ваIда'

    3:9

Гочдар: Магомед Магомедов