Мусхаф., агӏо 495

  1. إِنَّ الْمُجْرِمِينَ فِي عَذَابِ جَهَنَّمَ خَالِدُونَ

    Баккъалла а, къинош динарш жоьжахатин Iазапехь гуттар а лаьттар бу

    43:74
  2. لَا يُفَتَّرُ عَنْهُمْ وَهُمْ فِيهِ مُبْلِسُونَ

    И царах айдийр дац‚ уьш цу чохь /диканах/ догдиллина /хьере/ хир бу

    43:75
  3. وَمَا ظَلَمْنَاهُمْ وَلَٰكِنْ كَانُوا هُمُ الظَّالِمِينَ

    Оха зулам ца дина царна‚ делахь а, уьш хилира шаьш /шайна/ зуламхой

    43:76
  4. وَنَادَوْا يَا مَالِكُ لِيَقْضِ عَلَيْنَا رَبُّكَ ۖ قَالَ إِنَّكُمْ مَاكِثُونَ

    Цара кхойкхура: 'ХIай /жоьжахати/ долахь ерг! Далийтахьара тхо хьан Кхиош-кхобучо' Цо элира: 'Шу лаьттар ду /лийр доцуш /'

    43:77
  5. لَقَدْ جِئْنَاكُمْ بِالْحَقِّ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَكُمْ لِلْحَقِّ كَارِهُونَ

    Тхо деънера шуьга /дуьненахь/ бакъдолчуьнца‚ делахь а, шух дукхах- болчарна бакъдерг ца дийзира

    43:78
  6. أَمْ أَبْرَمُوا أَمْرًا فَإِنَّا مُبْرِمُونَ

    Я цхьа гIуллакх цхьалхадаьккхи цара (Маккин керстанаша элчанна дуьхьал)? Баккъалла а, Тхо ду /гIуллакхаш/ цхьалхадохурш (Оха хIаллакбийр бу уьш)

    43:79
  7. أَمْ يَحْسَبُونَ أَنَّا لَا نَسْمَعُ سِرَّهُمْ وَنَجْوَاهُمْ ۚ بَلَىٰ وَرُسُلُنَا لَدَيْهِمْ يَكْتُبُونَ

    Я царна моьтту-те Тхуна ца хозу церан къайле а‚ шабар-шибар а. ХIаъ‚ Тхан элчанаш (маликаш) цаьргахь яздеш лаьтташ ду

    43:80
  8. قُلْ إِنْ كَانَ لِلرَّحْمَٰنِ وَلَدٌ فَأَنَا أَوَّلُ الْعَابِدِينَ

    Ахь āла: ' Сов къинхетаме волчунна (Делан) доьзалхо хилча‚ со цхьалгIа ву-кх /оцу доьзалхочунна/ Iибадат дечарах'

    43:81
  9. سُبْحَانَ رَبِّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ رَبِّ الْعَرْشِ عَمَّا يَصِفُونَ

    Вонах цIена ву стигланийн а‚ лаьттан а Да‚ Iаршан Да‚ цара дечу /харц/ сибатах

    43:82
  10. فَذَرْهُمْ يَخُوضُوا وَيَلْعَبُوا حَتَّىٰ يُلَاقُوا يَوْمَهُمُ الَّذِي يُوعَدُونَ

    Бита уьш къийса /харцдолчуьнца/ а‚ ловза а‚ шайна ваIда йина йолчу шайн /къемат/денна дуьхьалкхетталц

    43:83
  11. وَهُوَ الَّذِي فِي السَّمَاءِ إِلَٰهٌ وَفِي الْأَرْضِ إِلَٰهٌ ۚ وَهُوَ الْحَكِيمُ الْعَلِيمُ

    Иза ву стиглахь а Дела‚ лаьттахь а Дела‚ Иза хьукаме верг а‚ хууш верг а ву

    43:84
  12. وَتَبَارَكَ الَّذِي لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا وَعِنْدَهُ عِلْمُ السَّاعَةِ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ

    Декъала ву Шена стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь долчун а паччахьалла дерг‚ Цуьнгахь ду сахьт хIоттаран Iилма а‚ Цуьнан тIе дIадерзор ду шу а

    43:85
  13. وَلَا يَمْلِكُ الَّذِينَ يَدْعُونَ مِنْ دُونِهِ الشَّفَاعَةَ إِلَّا مَنْ شَهِدَ بِالْحَقِّ وَهُمْ يَعْلَمُونَ

    Цара, Иза а витина, шайга кхойкхучеран долахь дац шапаIат‚ ша бакъдолчуьнца тешалла а диначуьнгахь бен, /и шаьш деш долу шапат Делан пурбанца дуйла / шайна хууш

    43:86
  14. وَلَئِنْ سَأَلْتَهُمْ مَنْ خَلَقَهُمْ لَيَقُولُنَّ اللَّهُ ۖ فَأَنَّىٰ يُؤْفَكُونَ

    Ахь цьарга хаьттича‚ уьш хьан кхоьллина аьлла‚ цара эр ма ду: 'Дала'. Муха Iехабина уьш /шайтIанаша/!

    43:87
  15. وَقِيلِهِ يَا رَبِّ إِنَّ هَٰؤُلَاءِ قَوْمٌ لَا يُؤْمِنُونَ

    Цуьнга (Мухьаммад пайхамара Деле) элира: ' Хй со Кхиош-кхобург (веза-воккха Дела)‚ хIара къам ийман дуьллуш ма дац'

    43:88
  16. فَاصْفَحْ عَنْهُمْ وَقُلْ سَلَامٌ ۚ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ

    ДIаверза царах (уьш хьайца санна, во ма хила цаьрца)‚ āла: 'Машар!' ТIаьхьа хуур ду царна

    43:89

Гочдар: Магомед Магомедов