Мусхаф., агӏо 494
-
وَإِنَّهُ لَعِلْمٌ لِلسَّاعَةِ فَلَا تَمْتَرُنَّ بِهَا وَاتَّبِعُونِ ۚ هَٰذَا صِرَاطٌ مُسْتَقِيمٌ
Баккъалла а, иза (Iийса пайхамар) сахьтан (къематдийнан) Iаламат ду‚ аш янне а шеко ма елаш цуьнгахь. /Ахь āла цаьрга, хIай Мухьаммад/: 'Суна тIаьхьадазалаш. ХIара бу /шуна/ нийса некъ.'
43:61 -
وَلَا يَصُدَّنَّكُمُ الشَّيْطَانُ ۖ إِنَّهُ لَكُمْ عَدُوٌّ مُبِينٌ
Данне а шайтIано д ма хьавзойла шу /бакъдолчух/. Баккъалла а, иза шуна билгала мостагI ма ду
43:62 -
وَلَمَّا جَاءَ عِيسَىٰ بِالْبَيِّنَاتِ قَالَ قَدْ جِئْتُكُمْ بِالْحِكْمَةِ وَلِأُبَيِّنَ لَكُمْ بَعْضَ الَّذِي تَخْتَلِفُونَ فِيهِ ۖ فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ
Iийса веъча билгалонашца, цо элира: 'Со веана шуьга хьекъалаллица (хьекъал дахьаш)‚ шуна шеца хилпало йолу цхьадерш билгалдаха а. Делах кхералаш‚ суна муьтIахь а хилалаш
43:63 -
إِنَّ اللَّهَ هُوَ رَبِّي وَرَبُّكُمْ فَاعْبُدُوهُ ۚ هَٰذَا صِرَاطٌ مُسْتَقِيمٌ
Баккъалла а, Дела Иза ву сан Эла а‚ шун Эла а‚ Цунна Iибадат делаш. ХIара бу /шуна/ нийса некъ'
43:64 -
فَاخْتَلَفَ الْأَحْزَابُ مِنْ بَيْنِهِمْ ۖ فَوَيْلٌ لِلَّذِينَ ظَلَمُوا مِنْ عَذَابِ يَوْمٍ أَلِيمٍ
Хилпало хилира тобанийн шайна юккъехь. Ма /боккха/ бāла бу зулам диначарна лазаме долчу дийнан Iазапах
43:65 -
هَلْ يَنْظُرُونَ إِلَّا السَّاعَةَ أَنْ تَأْتِيَهُمْ بَغْتَةً وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
Уьш хьовсий-те шайга цIеххьана сахьт (къематде) даре бен, и шайна хаа ца луш?
43:66 -
الْأَخِلَّاءُ يَوْمَئِذٍ بَعْضُهُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ إِلَّا الْمُتَّقِينَ
ДоттагIий оцу /къемат/дийнахь вовшийн мостагIий хир бу, /цхьа Делах/ кхоьруш берш боцурш. /Ткъа цаьрга Дала эр ду/:
43:67 -
يَا عِبَادِ لَا خَوْفٌ عَلَيْكُمُ الْيَوْمَ وَلَا أَنْتُمْ تَحْزَنُونَ
ХIай Сан леш! Кхерам бац шуна тахана‚ шу сингаттаме а хир дац:
43:68 -
الَّذِينَ آمَنُوا بِآيَاتِنَا وَكَانُوا مُسْلِمِينَ
Тхан аятех ийман диллина хилла берш‚ /Тхан хьукамна а, Тхан омрана а/ муьтхь хилла берш
43:69 -
ادْخُلُوا الْجَنَّةَ أَنْتُمْ وَأَزْوَاجُكُمْ تُحْبَرُونَ
ЧугIо ялсамани шу а‚ шун зударий-/цигахь шуна чIогIа/ хазахоьтуьйтур ду
43:70 -
يُطَافُ عَلَيْهِمْ بِصِحَافٍ مِنْ ذَهَبٍ وَأَكْوَابٍ ۖ وَفِيهَا مَا تَشْتَهِيهِ الْأَنْفُسُ وَتَلَذُّ الْأَعْيُنُ ۖ وَأَنْتُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
Царна тIехьийзар ма бу /кегий къонахий/ дашон хедаршца а‚ кедашца а. Цигахь синошна мел дезарг хир ду‚ бIаьргаш мел Iебарг а хир ду. Шу цигахь гуттар лаьттар ду
43:71 -
وَتِلْكَ الْجَنَّةُ الَّتِي أُورِثْتُمُوهَا بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
Иза ялсамани ю шуна ирсана кхаьчна аш йина хилла Iамалш бахьанехь
43:72 -
لَكُمْ فِيهَا فَاكِهَةٌ كَثِيرَةٌ مِنْهَا تَأْكُلُونَ
Шуна цигахь стоьмаш а бу дуккха а‚ аш царах буур а бу
43:73
Гочдар: Магомед Магомедов