Мусхаф., агӏо 499
-
حم
Хьа-мūм
45:1 -
تَنْزِيلُ الْكِتَابِ مِنَ اللَّهِ الْعَزِيزِ الْحَكِيمِ
Жайна охьадоссор /ду хIара/ веза волчу‚ хьукам /нийса/ деш волчу Делера
45:2 -
إِنَّ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ لَآيَاتٍ لِلْمُؤْمِنِينَ
Баккъалла а, стигланашкахь а‚ лаьттахь а делилш ма ду муъмин нахана
45:3 -
وَفِي خَلْقِكُمْ وَمَا يَبُثُّ مِنْ دَابَّةٍ آيَاتٌ لِقَوْمٍ يُوقِنُونَ
Шу кхолларехь а‚ /массо а лаьттахула/ даьржинчу дийнатехь а делилш ду ша /чг/ тешаш долчу къомана
45:4 -
وَاخْتِلَافِ اللَّيْلِ وَالنَّهَارِ وَمَا أَنْزَلَ اللَّهُ مِنَ السَّمَاءِ مِنْ رِزْقٍ فَأَحْيَا بِهِ الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا وَتَصْرِيفِ الرِّيَاحِ آيَاتٌ لِقَوْمٍ يَعْقِلُونَ
Буьйса-де хийцадаларехь а‚ Дала стиглара охьадоссинчу рицкъехь а (догIехь а), Ша цуьнца деллачул тIаьхьа латта дендина долчу‚ мох хьийзарехь а делилш ма ду хьекъале болчу нахана
45:5 -
تِلْكَ آيَاتُ اللَّهِ نَتْلُوهَا عَلَيْكَ بِالْحَقِّ ۖ فَبِأَيِّ حَدِيثٍ بَعْدَ اللَّهِ وَآيَاتِهِ يُؤْمِنُونَ
ХIорш Делан аяташ ду‚ Оха дуьйцу уьш хьуна бакъдолчуьнца. Муьлхачу хабарех Делал а‚ Цуьнан аятел тIаьхьа теша уьш?
45:6 -
وَيْلٌ لِكُلِّ أَفَّاكٍ أَثِيمٍ
/Боккха/ бāла бу массо а къа деш /чIогIа/ харцлуьйш волчунна
45:7 -
يَسْمَعُ آيَاتِ اللَّهِ تُتْلَىٰ عَلَيْهِ ثُمَّ يُصِرُّ مُسْتَكْبِرًا كَأَنْ لَمْ يَسْمَعْهَا ۖ فَبَشِّرْهُ بِعَذَابٍ أَلِيمٍ
Ша ладугIуш волчу шена тIехь доьшуш долчу Делан аяташка тIаккха чIагIлуш волчу /шен къиношкахь/, кураваьлла шена уьш ца хозучух /ца хезаш санна/ ахь кхаъ баккха цунна лазош долчу Iазапаца
45:8 -
وَإِذَا عَلِمَ مِنْ آيَاتِنَا شَيْئًا اتَّخَذَهَا هُزُوًا ۚ أُولَٰئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ مُهِينٌ
Шена Тхан аятех цхьа хIума хиъча, иза схьалоцу цо белам а бой. Уьш (Ан-Надар а, и саннарш а) шайна сийсаза долу Iазап хир дерш бу
45:9 -
مِنْ وَرَائِهِمْ جَهَنَّمُ ۖ وَلَا يُغْنِي عَنْهُمْ مَا كَسَبُوا شَيْئًا وَلَا مَا اتَّخَذُوا مِنْ دُونِ اللَّهِ أَوْلِيَاءَ ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ
Церан хьалхахь жоьжахати ю. Цара карадинчо а‚ Дела а витина, цара лаьцначу доладийраша а хIумма а кIелхьардоккхур дац царах. Царна деза-доккха Iазап ду
45:10 -
هَٰذَا هُدًى ۖ وَالَّذِينَ كَفَرُوا بِآيَاتِ رَبِّهِمْ لَهُمْ عَذَابٌ مِنْ رِجْزٍ أَلِيمٌ
ХIара бу нийса некъ. Шайн Кхиош-кхобучун аяташ керстадинарш /уьш бу/ шайна лазош долчух уггар чIогIа Iазап хир дерш
45:11 -
اللَّهُ الَّذِي سَخَّرَ لَكُمُ الْبَحْرَ لِتَجْرِيَ الْفُلْكُ فِيهِ بِأَمْرِهِ وَلِتَبْتَغُوا مِنْ فَضْلِهِ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
Дела ву Ша хIорд шуна муьтIахь бинарг цу чухула кема лелийта а Шен омраца‚ шуьга лехийта Цуьнан комаьршаллех /хIордан ниIматаш чIера‚ маржанаш…/‚ шуьга баркалла алийта /Ша деллачу ниIматашна/
45:12 -
وَسَخَّرَ لَكُمْ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا مِنْهُ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ
Шуна муьтIахь дина Цо стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а массо а Шегара. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду ойла еш болчу нахана
45:13
Гочдар: Магомед Магомедов