Мусхаф., агӏо 500

  1. قُلْ لِلَّذِينَ آمَنُوا يَغْفِرُوا لِلَّذِينَ لَا يَرْجُونَ أَيَّامَ اللَّهِ لِيَجْزِيَ قَوْمًا بِمَا كَانُوا يَكْسِبُونَ

    Ахь āла ийман диллинчаьрга гечдойла цара Делан деношка дог дохушбоцучарна Цуьнга бекхам байтархьама нахана шаьш /дуьненахь/ карадеш хиллачуьнца

    45:14
  2. مَنْ عَمِلَ صَالِحًا فَلِنَفْسِهِ ۖ وَمَنْ أَسَاءَ فَعَلَيْهَا ۖ ثُمَّ إِلَىٰ رَبِّكُمْ تُرْجَعُونَ

    Милла велахь дика дина, цунна шена ду иза‚ милла велахь вон дина, цунна шена дуьхьал ду иза а. ТIаккха шайн Кхиош-кхобучунна тIе дIадерзор ду шу

    45:15
  3. وَلَقَدْ آتَيْنَا بَنِي إِسْرَائِيلَ الْكِتَابَ وَالْحُكْمَ وَالنُّبُوَّةَ وَرَزَقْنَاهُمْ مِنَ الطَّيِّبَاتِ وَفَضَّلْنَاهُمْ عَلَى الْعَالَمِينَ

    Оха делира Исраилан кIенташка жайна а‚ хьукам а‚ пайхамаралла а‚ рицкъ делира царна цIена долчух‚ Оха базбийра уьш Iаламел

    45:16
  4. وَآتَيْنَاهُمْ بَيِّنَاتٍ مِنَ الْأَمْرِ ۖ فَمَا اخْتَلَفُوا إِلَّا مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَهُمُ الْعِلْمُ بَغْيًا بَيْنَهُمْ ۚ إِنَّ رَبَّكَ يَقْضِي بَيْنَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فِيمَا كَانُوا فِيهِ يَخْتَلِفُونَ

    Оха елира царна /динан/ гIуллакхан билгалонаш. Церан хилпало ма ца хилира шайга Iилма деъначул тIаьхьа бен вовший юккъехь хьагI хиларна. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо кхиэл йийр ю царна юккъехь къематдийнахь шайн шеца хилпало хиллачохь

    45:17
  5. ثُمَّ جَعَلْنَاكَ عَلَىٰ شَرِيعَةٍ مِنَ الْأَمْرِ فَاتَّبِعْهَا وَلَا تَتَّبِعْ أَهْوَاءَ الَّذِينَ لَا يَعْلَمُونَ

    ТIаккха хьо /я Мухьаммад/ хилийтина Оха /динан/ гIуллакхан бакъонехь цунна тIаьхьахIотта‚ ца хууш болчеран дезаршна тIаьхьа ма хIотта

    45:18
  6. إِنَّهُمْ لَنْ يُغْنُوا عَنْكَ مِنَ اللَّهِ شَيْئًا ۚ وَإِنَّ الظَّالِمِينَ بَعْضُهُمْ أَوْلِيَاءُ بَعْضٍ ۖ وَاللَّهُ وَلِيُّ الْمُتَّقِينَ

    Баккъалла а, цара Делера хIумма а кIелхьардоккхур дац хьуна. Баккъалла а, зуламхой - церан цхьаберш вукхарийн гIоьнчий бу хьуна. Дела ву /Шех/ кхоьруш болчеран гIоьнча

    45:19
  7. هَٰذَا بَصَائِرُ لِلنَّاسِ وَهُدًى وَرَحْمَةٌ لِقَوْمٍ يُوقِنُونَ

    ХIара билгалонаш ю /бIаьрг беллош/ нахана‚ нийса некъ а бу‚ къинхетам а бу /чг/ тешаш долчу къомана

    45:20
  8. أَمْ حَسِبَ الَّذِينَ اجْتَرَحُوا السَّيِّئَاتِ أَنْ نَجْعَلَهُمْ كَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ سَوَاءً مَحْيَاهُمْ وَمَمَاتُهُمْ ۚ سَاءَ مَا يَحْكُمُونَ

    Къинош летийначарна моьттина-те Оха шаьш ийман диллинчаьрца‚ дика Iамалш йиначаьрца цхьанийсса хуьлуьйтур ду шайн денбалар а‚ балар а? Вон хили цара деш долу хьукам

    45:21
  9. وَخَلَقَ اللَّهُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ وَلِتُجْزَىٰ كُلُّ نَفْسٍ بِمَا كَسَبَتْ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ

    Дала кхоьллина стигланаш а‚ латта а бакъдолчуьнца‚ хIор синна ша карадинчуьнца бекхам хилийтархьама а‚ царна /цхьанна а цадинарг бахьанехь/ зулам дийр дац

    45:22

Гочдар: Магомед Магомедов