Мусхаф., агӏо 508
-
إِنَّ اللَّهَ يُدْخِلُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ۖ وَالَّذِينَ كَفَرُوا يَتَمَتَّعُونَ وَيَأْكُلُونَ كَمَا تَأْكُلُ الْأَنْعَامُ وَالنَّارُ مَثْوًى لَهُمْ
Баккъалла а, Дала бухкур бу ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а бошмашка‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу. Ткъа цатешнарш /кIеззиг/ зовкх хьоьгур ду /кху дуьненахь/‚ дуур ду бежнаша ма доу /тIаккха жоьжахатин/ цIе ю царна чохьIайла
47:12 -
وَكَأَيِّنْ مِنْ قَرْيَةٍ هِيَ أَشَدُّ قُوَّةً مِنْ قَرْيَتِكَ الَّتِي أَخْرَجَتْكَ أَهْلَكْنَاهُمْ فَلَا نَاصِرَ لَهُمْ
Маса юрт‚ шаьш хьо шена чуьра араваьккхина хьан юьртал (Маккал) нуьцкъалō йолуш йолу‚ хIаллакйина Оха‚ ма ца хилира царна цхьа а гIоьнча!
47:13 -
أَفَمَنْ كَانَ عَلَىٰ بَيِّنَةٍ مِنْ رَبِّهِ كَمَنْ زُيِّنَ لَهُ سُوءُ عَمَلِهِ وَاتَّبَعُوا أَهْوَاءَهُمْ
Ша Кхиош-кхобучуьнгара билгалона тIехь верг тера ву ткъа шен Iамалан вониг шена хазйиначух‚ шайн дезаршна тIаьхьахIиттинчарах?
47:14 -
مَثَلُ الْجَنَّةِ الَّتِي وُعِدَ الْمُتَّقُونَ ۖ فِيهَا أَنْهَارٌ مِنْ مَاءٍ غَيْرِ آسِنٍ وَأَنْهَارٌ مِنْ لَبَنٍ لَمْ يَتَغَيَّرْ طَعْمُهُ وَأَنْهَارٌ مِنْ خَمْرٍ لَذَّةٍ لِلشَّارِبِينَ وَأَنْهَارٌ مِنْ عَسَلٍ مُصَفًّى ۖ وَلَهُمْ فِيهَا مِنْ كُلِّ الثَّمَرَاتِ وَمَغْفِرَةٌ مِنْ رَبِّهِمْ ۖ كَمَنْ هُوَ خَالِدٌ فِي النَّارِ وَسُقُوا مَاءً حَمِيمًا فَقَطَّعَ أَمْعَاءَهُمْ
/Делах/ кхоьручарна хир ю аьлла йолчу ялсаманин масал: цу чохь татолаш ду /чам а‚ хьожа а/ ца хийцалучу хих а‚ шен чам ца хийцалучу шурин татолаш ду‚ молучарна чIогIа чōмехь долчу чагIаран татолаш ду‚ цIенчу мозан татолаш а ду. Царна цу чохь массо а стоьмех /стоьмаш/ бу‚ шаьш Кхиош-кхобучуьнгара гечдар а ду. Уьш (ялсаманин дай) тера буй гуттар цIергахь болчарах (жоьжахатин дайх), шайна кхахкина хи малош болчу, тIаккха цо церан чуьйраш туьйдуш болчу?
47:15 -
وَمِنْهُمْ مَنْ يَسْتَمِعُ إِلَيْكَ حَتَّىٰ إِذَا خَرَجُوا مِنْ عِنْدِكَ قَالُوا لِلَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ مَاذَا قَالَ آنِفًا ۚ أُولَٰئِكَ الَّذِينَ طَبَعَ اللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ وَاتَّبَعُوا أَهْوَاءَهُمْ
Царах хьоьга ладоьгIурш бу, шаьш хьо волчуьра āра ма бевллинехь, цара олура шайгахь Iилма долчаьрга: 'ХIун элира цо (Мухьаммада) хIинца хьалха?' Уьш бу Дала шайн дегнашна тIе мухIар тоьхнарш‚ шайн дезаршна тIаьхьабевларш
47:16 -
وَالَّذِينَ اهْتَدَوْا زَادَهُمْ هُدًى وَآتَاهُمْ تَقْوَاهُمْ
Шаьш нисбелларш а Цо совбехира нийсачу некъаца‚ Цо делира царна /Делах/ кхерар
47:17 -
فَهَلْ يَنْظُرُونَ إِلَّا السَّاعَةَ أَنْ تَأْتِيَهُمْ بَغْتَةً ۖ فَقَدْ جَاءَ أَشْرَاطُهَا ۚ فَأَنَّىٰ لَهُمْ إِذَا جَاءَتْهُمْ ذِكْرَاهُمْ
Уьш хьовсур буй сахьте, иза шайна дāрах (ткхачарах) цIеххьана? Цуьнан /цхьацца/ шартIаш ма деана. Мичара хир бу царна, иза шайна деъча, вовшашна хьехам? (Цо гIо дийр дац царна тIаккха)
47:18 -
فَاعْلَمْ أَنَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا اللَّهُ وَاسْتَغْفِرْ لِذَنْبِكَ وَلِلْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ ۗ وَاللَّهُ يَعْلَمُ مُتَقَلَّبَكُمْ وَمَثْوَاكُمْ
Хьуна хаалахь‚ кхин дела вац ша АллахI (цхьа Дела) бен‚ гечдар дēха хьан ледарлонашна а‚ муъмин божаршна а‚ муъмин зударшна а. Дела хууш ву шун дIасаийдар /дийнахь/‚ шун чудерзар а /буса/
47:19
Гочдар: Магомед Магомедов