Мусхаф., агӏо 507
-
الَّذِينَ كَفَرُوا وَصَدُّوا عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ أَضَلَّ أَعْمَالَهُمْ
Шаьш цатешнарш а‚ Делан некъах /нах/ дтилийнарш а Цо дIатилина церан Iамалш (цара дуьненахь динчу диканна дуьхьал дуьненахь дикачуьнца бекхам хир бу царна, эхартахь церан Iамалаш хьесапе оьцур яц)
47:1 -
وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَآمَنُوا بِمَا نُزِّلَ عَلَىٰ مُحَمَّدٍ وَهُوَ الْحَقُّ مِنْ رَبِّهِمْ ۙ كَفَّرَ عَنْهُمْ سَيِّئَاتِهِمْ وَأَصْلَحَ بَالَهُمْ
Ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а‚ Мухьаммаде доссош хиллачух тешнарш а иза церан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг ду Цо дIаийцина цаьргара церан къинош‚ тодина церан гIуллакх
47:2 -
ذَٰلِكَ بِأَنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا اتَّبَعُوا الْبَاطِلَ وَأَنَّ الَّذِينَ آمَنُوا اتَّبَعُوا الْحَقَّ مِنْ رَبِّهِمْ ۚ كَذَٰلِكَ يَضْرِبُ اللَّهُ لِلنَّاسِ أَمْثَالَهُمْ
Иза ду цатешнарш тIаьхьахIуьттуш хиларна харцдолчунна‚ ийман диллинарш тIаьхьахIуьттуш хиларна шайн Кхиош-кхобучуьнгара бакъдолчунна. Иштта дāладо Дала нахана шайн масалш
47:3 -
فَإِذَا لَقِيتُمُ الَّذِينَ كَفَرُوا فَضَرْبَ الرِّقَابِ حَتَّىٰ إِذَا أَثْخَنْتُمُوهُمْ فَشُدُّوا الْوَثَاقَ فَإِمَّا مَنًّا بَعْدُ وَإِمَّا فِدَاءً حَتَّىٰ تَضَعَ الْحَرْبُ أَوْزَارَهَا ۚ ذَٰلِكَ وَلَوْ يَشَاءُ اللَّهُ لَانْتَصَرَ مِنْهُمْ وَلَٰكِنْ لِيَبْلُوَ بَعْضَكُمْ بِبَعْضٍ ۗ وَالَّذِينَ قُتِلُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ فَلَنْ يُضِلَّ أَعْمَالَهُمْ
Шаьш дуьхьалкхетча цатешначаьрца логех тоха аш уьш гIелбаллалц‚ чIагIъе буржолаш тIаьхьа къинхетам бер я дуьхьал мах оьцур тIамо шен мохь охьабиллалц. Иза - Далла лаахьара, Цо толам лур бара царна тIехь‚ делахь а, шун цхьаберш вукхарца зерхьама /бойту Дала тIемаш/. Делан новкъахь байинарш Цо янне а дIатилор яц церан Iамалш
47:4 -
سَيَهْدِيهِمْ وَيُصْلِحُ بَالَهُمْ
Цо тIаьхьа нисбийр бу уьш‚ тодийр ду церан гIуллакх
47:5 -
وَيُدْخِلُهُمُ الْجَنَّةَ عَرَّفَهَا لَهُمْ
Цо бухкур бу уьш ялсамани чу‚ Ша царна йовзийтина йолчу (хIоранна шена ялсаманехь хир йолу хIусам хууш)
47:6 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ تَنْصُرُوا اللَّهَ يَنْصُرْكُمْ وَيُثَبِّتْ أَقْدَامَكُمْ
ХIай ийман диллинарш! Аш Далла гIо дахь (Цуьнан дин чгеш)‚- Цо шуна а гIо дийр ду‚ шун ког а чIагIбийр бу
47:7 -
وَالَّذِينَ كَفَرُوا فَتَعْسًا لَهُمْ وَأَضَلَّ أَعْمَالَهُمْ
Цатешнарш хIаллакхилар ду царна‚ Цо дIатилина церан Iамалш
47:8 -
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ كَرِهُوا مَا أَنْزَلَ اللَّهُ فَأَحْبَطَ أَعْمَالَهُمْ
Иза ду царна ца дийзина дела Дала охьадоссийнарг (Къуръан) Цо дIаяйа церан Iамалш
47:9 -
أَفَلَمْ يَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَيَنْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ دَمَّرَ اللَّهُ عَلَيْهِمْ ۖ وَلِلْكَافِرِينَ أَمْثَالُهَا
Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьовсу‚ муха хилла царал хьалхахиллачеран тIаьхье? Дала бохийра уьш. /ХIокху/ керстанашна а цунах тераниг хир ду
47:10 -
ذَٰلِكَ بِأَنَّ اللَّهَ مَوْلَى الَّذِينَ آمَنُوا وَأَنَّ الْكَافِرِينَ لَا مَوْلَىٰ لَهُمْ
Иза - Дела ийман диллинчеран гIоьнча волу дела ду‚ ткъа керстанаш церан цхьа а гIоьнча вац
47:11
Гочдар: Магомед Магомедов