Мусхаф., агӏо 511
-
إِنَّا فَتَحْنَا لَكَ فَتْحًا مُبِينًا
Баккъалла а, Оха белира хьуна билгала болу толам
48:1 -
لِيَغْفِرَ لَكَ اللَّهُ مَا تَقَدَّمَ مِنْ ذَنْبِكَ وَمَا تَأَخَّرَ وَيُتِمَّ نِعْمَتَهُ عَلَيْكَ وَيَهْدِيَكَ صِرَاطًا مُسْتَقِيمًا
Гечдархьама хьуна Дала хьан хьалхайахана ледарлонашна‚ тIаьхьахилларг а‚ кхочушдархьама Шен ниIмат хьуна тIехь‚ нисвархьама хьо нийсачу новкъа‚
48:2 -
وَيَنْصُرَكَ اللَّهُ نَصْرًا عَزِيزًا
Цо хьуна деза гIо дархьама а
48:3 -
هُوَ الَّذِي أَنْزَلَ السَّكِينَةَ فِي قُلُوبِ الْمُؤْمِنِينَ لِيَزْدَادُوا إِيمَانًا مَعَ إِيمَانِهِمْ ۗ وَلِلَّهِ جُنُودُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا
Иза ву муъмин нехан дегнашка синпаргIато йоссийнарг уьш совбалийтархьама шайн иймана тIе а ийманца. Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а эскарш. Хилира Дела хууш верг‚ хьукам /нийса/ деш верг а
48:4 -
لِيُدْخِلَ الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا وَيُكَفِّرَ عَنْهُمْ سَيِّئَاتِهِمْ ۚ وَكَانَ ذَٰلِكَ عِنْدَ اللَّهِ فَوْزًا عَظِيمًا
/И хьукам до Дала/ Ша чубахийтан муъмин божарий а‚ муъмин зударий а /церан Далла деш долу бадат а, Делан новкъахь шайн синошца а, шайн бахамца а къахьегар бахьанехь/ шайн бухахула хиш а оьхуш долчу бошмашна‚ уьш цу чохь гуттар лаьтташ‚ дэцан церан вонаш. Иза хилира Далла гергахь сийлахь-боккха толам
48:5 -
وَيُعَذِّبَ الْمُنَافِقِينَ وَالْمُنَافِقَاتِ وَالْمُشْرِكِينَ وَالْمُشْرِكَاتِ الظَّانِّينَ بِاللَّهِ ظَنَّ السَّوْءِ ۚ عَلَيْهِمْ دَائِرَةُ السَّوْءِ ۖ وَغَضِبَ اللَّهُ عَلَيْهِمْ وَلَعَنَهُمْ وَأَعَدَّ لَهُمْ جَهَنَّمَ ۖ وَسَاءَتْ مَصِيرًا
Iазап дан шаьш Делах боьха ойланаш еш болчу (хьуна керстаний тIехь толам хир бац‚ бохуш) мунепакъ божаршна а‚ мунепакъ зударшна а‚ Делаца накъостий луьйцачу божаршна а‚ Делаца накъостий луьйцачу зударшна а. Царна боьхачун го бу. ОьгIазвахана царна Дела‚ неIалт аьлла царна‚ Цо кечйина царна жоьжахати. Вон хили-кх /церан/ дIадоьрзийла
48:6 -
وَلِلَّهِ جُنُودُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَزِيزًا حَكِيمًا
Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а эскарш. Хилира Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а
48:7 -
إِنَّا أَرْسَلْنَاكَ شَاهِدًا وَمُبَشِّرًا وَنَذِيرًا
Баккъалла а, Оха вахийтина хьо /хй Мухьаммад/ теш хилла /къематдийнахь нахана тхь/‚ къаанча хилла /муъмин нахана ялсаманица/‚ кхерамча хилла /цатешачарна запаца/
48:8 -
لِتُؤْمِنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَتُعَزِّرُوهُ وَتُوَقِّرُوهُ وَتُسَبِّحُوهُ بُكْرَةً وَأَصِيلًا
Шу тешийта Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ аш цунна (элчанна) гIо дан а‚ аш иза ларан а‚ аш Цунна (Далла) тасбахь дан Iуьйранца а‚ суьйренца а
48:9
Гочдар: Магомед Магомедов