Мусхаф., агӏо 512
-
إِنَّ الَّذِينَ يُبَايِعُونَكَ إِنَّمَا يُبَايِعُونَ اللَّهَ يَدُ اللَّهِ فَوْقَ أَيْدِيهِمْ ۚ فَمَنْ نَكَثَ فَإِنَّمَا يَنْكُثُ عَلَىٰ نَفْسِهِ ۖ وَمَنْ أَوْفَىٰ بِمَا عَاهَدَ عَلَيْهُ اللَّهَ فَسَيُؤْتِيهِ أَجْرًا عَظِيمًا
Баккъалла а, шаьш хьоьца дуй боуш чIагIо йинарш Делаца дуй боуш чIагIо йинарш бу. Делан куьг церан куьйгий тIехь ду. И /чг/ йохийнарг Цо йохош ю шена‚ кхочуш йинарг Делаца шен хилла ваIда Цо цунна лур ю сийлахь-йоккха ял
48:10 -
سَيَقُولُ لَكَ الْمُخَلَّفُونَ مِنَ الْأَعْرَابِ شَغَلَتْنَا أَمْوَالُنَا وَأَهْلُونَا فَاسْتَغْفِرْ لَنَا ۚ يَقُولُونَ بِأَلْسِنَتِهِمْ مَا لَيْسَ فِي قُلُوبِهِمْ ۚ قُلْ فَمَنْ يَمْلِكُ لَكُمْ مِنَ اللَّهِ شَيْئًا إِنْ أَرَادَ بِكُمْ ضَرًّا أَوْ أَرَادَ بِكُمْ نَفْعًا ۚ بَلْ كَانَ اللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرًا
Хьоьга эр ду кхелхаш лелачу Iаьрбех бухабисинчара: 'Тхо совцина тхан бахамо а‚ тхан доьзало а‚ гечдар дехахь тхуна'. Цара олу маттаца дагахь доцург. Ахь āла: 'Хьан доладийр дара шуна Далла дуьхьал цхьанна а хIуманца‚ Цуна шуна цхьа зен лиъча я шуна цхьа пайда лиъча? ХIаъ‚ хили Дела аш дийриг сов дика хууш
48:11 -
بَلْ ظَنَنْتُمْ أَنْ لَنْ يَنْقَلِبَ الرَّسُولُ وَالْمُؤْمِنُونَ إِلَىٰ أَهْلِيهِمْ أَبَدًا وَزُيِّنَ ذَٰلِكَ فِي قُلُوبِكُمْ وَظَنَنْتُمْ ظَنَّ السَّوْءِ وَكُنْتُمْ قَوْمًا بُورًا
ХIаъ! Шу моьттуш дара элча а‚ муъмин нах а шайн доьзална тIе цкъа а боьрзур бац аьлла. Иза хаздина шун дегнашкахь. Шуна моьттура вон хIума. Вон къам хили-кх шу'
48:12 -
وَمَنْ لَمْ يُؤْمِنْ بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ فَإِنَّا أَعْتَدْنَا لِلْكَافِرِينَ سَعِيرًا
Делах а‚ Цуьнан элчанах а цатешнарг баккъалла а, Оха кечйина керстанашна жоьжахати
48:13 -
وَلِلَّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ يَغْفِرُ لِمَنْ يَشَاءُ وَيُعَذِّبُ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَحِيمًا
Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Гечдо Цо Шена луучунна‚ Iазап а до Цо Шена луучунна. Хили Дела гечдийриг а‚ къинхетаме верг а
48:14 -
سَيَقُولُ الْمُخَلَّفُونَ إِذَا انْطَلَقْتُمْ إِلَىٰ مَغَانِمَ لِتَأْخُذُوهَا ذَرُونَا نَتَّبِعْكُمْ ۖ يُرِيدُونَ أَنْ يُبَدِّلُوا كَلَامَ اللَّهِ ۚ قُلْ لَنْ تَتَّبِعُونَا كَذَٰلِكُمْ قَالَ اللَّهُ مِنْ قَبْلُ ۖ فَسَيَقُولُونَ بَلْ تَحْسُدُونَنَا ۚ بَلْ كَانُوا لَا يَفْقَهُونَ إِلَّا قَلِيلًا
Эр ду бухабуьсучара шу хIонсана тIе доьрзучу хенахь и эца: 'Тхо а диташ шайна тIаьхьахтта'. Уьш лууш бу шаьш хийцадан Делан дош. Ахь āла: 'Цкъа а тхуна тIаьхьахIуьттур дац шу. Ишта аьлла Дала хьалха'. ТIаккха цара эр ду: 'ХIаъ‚ тхуна хьагI еш ду-кх шу'. ХIаъ‚ уьш хилира ца кхеташ кIеззиг /хманах/ бен
48:15
Гочдар: Магомед Магомедов