Мусхаф., агӏо 517

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اجْتَنِبُوا كَثِيرًا مِنَ الظَّنِّ إِنَّ بَعْضَ الظَّنِّ إِثْمٌ ۖ وَلَا تَجَسَّسُوا وَلَا يَغْتَبْ بَعْضُكُمْ بَعْضًا ۚ أَيُحِبُّ أَحَدُكُمْ أَنْ يَأْكُلَ لَحْمَ أَخِيهِ مَيْتًا فَكَرِهْتُمُوهُ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ تَوَّابٌ رَحِيمٌ

    ХIай ийман диллинарш! Генадовла дукхадолчу мотталучу (дагадогIучу) хIуманех. Цхьа долу мотталу хIуманаш къа ду. Вовшашна ма теIалаш /къайлаха хIума хаа гIерташ/‚ шух цхьаберш вукхарех тIехьашха ма лēлаш‚ шух цхьанна а дезий шен вешин жижиг даа, и велча? шуна иза ца дийзи. Делах кхералаш. Баккъалла а, Дела тōба дукха къобал дийриг а ву‚ /дукха/ къинхетаме верг а ву /дохковаьлла Шега тōба динчунна/

    49:12
  2. يَا أَيُّهَا النَّاسُ إِنَّا خَلَقْنَاكُمْ مِنْ ذَكَرٍ وَأُنْثَىٰ وَجَعَلْنَاكُمْ شُعُوبًا وَقَبَائِلَ لِتَعَارَفُوا ۚ إِنَّ أَكْرَمَكُمْ عِنْدَ اللَّهِ أَتْقَاكُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ خَبِيرٌ

    ХIай нах! Баккъалла а, Оха шу кхоьллина стагах а‚ зудчух а‚ хилийтина шух халкъаш а‚ тайпанаш а шу вовшашна довзийта. Баккъалла а, шух Далла гергахь уггар сийлахь верг шух уггар /Делах/ кхоьруш верг ву-кх. Баккъалла а, Дела /шу/ девзаш ву‚ сов дика хууш ву

    49:13
  3. قَالَتِ الْأَعْرَابُ آمَنَّا ۖ قُلْ لَمْ تُؤْمِنُوا وَلَٰكِنْ قُولُوا أَسْلَمْنَا وَلَمَّا يَدْخُلِ الْإِيمَانُ فِي قُلُوبِكُمْ ۖ وَإِنْ تُطِيعُوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ لَا يَلِتْكُمْ مِنْ أَعْمَالِكُمْ شَيْئًا ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Кхелхаш лелачу Iаьрбаша элира: 'Ийман диллина Оха'. Ахь āла: 'Ийман ца диллина аш‚ делахь а, аш āлалаш: 'МуьтIахь хили тхо'. ХIинца а ийман ца дахна шун дегнашка. Шу Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь хилахь шун Iамалех хIумма эшор ма яц Цо. Баккъалла а, Дела тIеттIа гечдеш верг а ву, къинхетаме верг а ву

    49:14
  4. إِنَّمَا الْمُؤْمِنُونَ الَّذِينَ آمَنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ ثُمَّ لَمْ يَرْتَابُوا وَجَاهَدُوا بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنْفُسِهِمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الصَّادِقُونَ

    Баккъалла а, муъмин нах бу шаьш ийман диллинарш Деле а‚ Цуьнан элчане а‚ тIаккха шеко ца еш‚ шайн бахамца а‚ шайн синошца а Делан новкъахь къахьегнарш. Уьш бу бакълуьйш берш

    49:15
  5. قُلْ أَتُعَلِّمُونَ اللَّهَ بِدِينِكُمْ وَاللَّهُ يَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۚ وَاللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ

    Ахь āла: 'Аш Iамадо Далла шайн дин? Дела хууш ма ву стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а. Дела массо а хIума хууш верг ма ву'

    49:16
  6. يَمُنُّونَ عَلَيْكَ أَنْ أَسْلَمُوا ۖ قُلْ لَا تَمُنُّوا عَلَيَّ إِسْلَامَكُمْ ۖ بَلِ اللَّهُ يَمُنُّ عَلَيْكُمْ أَنْ هَدَاكُمْ لِلْإِيمَانِ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Хьуна баккхийбоь бу уьш шаьш бусалба хиларна. Ахь āла: 'Суна даккхий ма доь шаьш бусалба дин тлацарна'. ХIаъ‚ Дела къинхетам беш ву шух шу нисдина ийманна тIе‚ шу бакълуьйш хиллехь

    49:17
  7. إِنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ غَيْبَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَاللَّهُ بَصِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ

    Баккъалла а, Далла хаьа стигланийн а‚ лаьттан а хьуламехь дерг. Дела гуш дерг ма ву аш дийриг

    49:18

Гочдар: Магомед Магомедов