Мусхаф., агӏо 516

  1. وَلَوْ أَنَّهُمْ صَبَرُوا حَتَّىٰ تَخْرُجَ إِلَيْهِمْ لَكَانَ خَيْرًا لَهُمْ ۚ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Цара собар дахьара хьо шайна тIе араваллалц, царна дика хир ма дара. Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву

    49:5
  2. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ جَاءَكُمْ فَاسِقٌ بِنَبَإٍ فَتَبَيَّنُوا أَنْ تُصِيبُوا قَوْمًا بِجَهَالَةٍ فَتُصْبِحُوا عَلَىٰ مَا فَعَلْتُمْ نَادِمِينَ

    ХIай ийман диллинарш! Шуьга цхьа песакъ стаг веъча цхьа хабар дахьаш‚ аш билгалдаккхалаш /цо деънарг/ аш ца хууш цхьана нахана зен ца дан тIаккха шу шаьш динчунна тIехь дохкодевлла хир ду

    49:6
  3. وَاعْلَمُوا أَنَّ فِيكُمْ رَسُولَ اللَّهِ ۚ لَوْ يُطِيعُكُمْ فِي كَثِيرٍ مِنَ الْأَمْرِ لَعَنِتُّمْ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ حَبَّبَ إِلَيْكُمُ الْإِيمَانَ وَزَيَّنَهُ فِي قُلُوبِكُمْ وَكَرَّهَ إِلَيْكُمُ الْكُفْرَ وَالْفُسُوقَ وَالْعِصْيَانَ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الرَّاشِدُونَ

    Шуна хаалаш шуна юккъехь Делан элча вуйла. Дукха долчу гIуллакхашкахь и шуьга ладугш велхьара шуна шайна хала хир дара. Делахь а‚ Дала дезийтина шуна ийман‚ Цо хаздина и шун дегнашкахь‚ ца дезийтина шуна керстаналла а‚ песакхалла а‚ Iесалла а. Изаш уьш бу нийса леларш

    49:7
  4. فَضْلًا مِنَ اللَّهِ وَنِعْمَةً ۚ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    Делера къинхетамца а, ниIматаца а. И Дела хууш верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву

    49:8
  5. وَإِنْ طَائِفَتَانِ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ اقْتَتَلُوا فَأَصْلِحُوا بَيْنَهُمَا ۖ فَإِنْ بَغَتْ إِحْدَاهُمَا عَلَى الْأُخْرَىٰ فَقَاتِلُوا الَّتِي تَبْغِي حَتَّىٰ تَفِيءَ إِلَىٰ أَمْرِ اللَّهِ ۚ فَإِنْ فَاءَتْ فَأَصْلِحُوا بَيْنَهُمَا بِالْعَدْلِ وَأَقْسِطُوا ۖ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُقْسِطِينَ

    Муъмин нахах ши тоба летача‚ царна юккъехь маслахьат де. Цу шиннах цхьаъ вукханах летачах ца сацахь тIом бе /аш массара а/ оцу летачуьнца и Делан омрана (ШарIана) тIеялц. Иза тIеягIахь /Делан омрана/‚ маслахьат де цу шиннан юккъехь нийсонца. Аш нийсо ēлаш. Баккъалла а, Далла беза нийсо еш берш

    49:9
  6. إِنَّمَا الْمُؤْمِنُونَ إِخْوَةٌ فَأَصْلِحُوا بَيْنَ أَخَوَيْكُمْ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ

    Баккъалла а, муъмин нах вежарий бу. Маслахьат де шайн шина /довдечу/ вешина юккъехь. Делах кхера‚ шух къинхетам бан мегара

    49:10
  7. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا يَسْخَرْ قَوْمٌ مِنْ قَوْمٍ عَسَىٰ أَنْ يَكُونُوا خَيْرًا مِنْهُمْ وَلَا نِسَاءٌ مِنْ نِسَاءٍ عَسَىٰ أَنْ يَكُنَّ خَيْرًا مِنْهُنَّ ۖ وَلَا تَلْمِزُوا أَنْفُسَكُمْ وَلَا تَنَابَزُوا بِالْأَلْقَابِ ۖ بِئْسَ الِاسْمُ الْفُسُوقُ بَعْدَ الْإِيمَانِ ۚ وَمَنْ لَمْ يَتُبْ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ

    ХIай ийман диллинарш! Цхьа нах кхечу нахах ца бēшаш ма хуьлийла‚ уьш царал дика хила а мега‚ зударий а ма хуьлийла кхечу зударех ца бēшаш‚ уьш царал дика хила а мега‚ вовшийн кхачамбацарш ма лēхалаш‚ вовшашна /ца еза/ цIерш а ма техкалаш. Вон цIе ю песакхалла ийманал тIаьхьа. /Цул тIаьхьа/ тōба ца динарш уьш зуламхой бу

    49:11

Гочдар: Магомед Магомедов