Мусхаф., агӏо 531
-
وَمَا أَمْرُنَا إِلَّا وَاحِدَةٌ كَلَمْحٍ بِالْبَصَرِ
Тхан омра-м цхьа /дош/ бен дац, бIаьрг- негIар тохар санна
54:50 -
وَلَقَدْ أَهْلَكْنَا أَشْيَاعَكُمْ فَهَلْ مِنْ مُدَّكِرٍ
Оха хIаллакйира шух тера тобанаш вуй цхьа а дагалоцург?
54:51 -
وَكُلُّ شَيْءٍ فَعَلُوهُ فِي الزُّبُرِ
Массо а цара дина долу хIума Зубурий чохь ду
54:52 -
وَكُلُّ صَغِيرٍ وَكَبِيرٍ مُسْتَطَرٌ
Массо а жиманиг‚ массо а доккханиг дIаязделла ду
54:53 -
إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي جَنَّاتٍ وَنَهَرٍ
Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш бошмашна чохь а‚ хишкахь а хир бу,
54:54 -
فِي مَقْعَدِ صِدْقٍ عِنْدَ مَلِيكٍ مُقْتَدِرٍ
Бакъдерг долчахь‚ Ницкъ болчу Паччахьан (Делан) гергахь /хир бу уьш/
54:55 -
الرَّحْمَٰنُ
Сов къинхетаме верг
55:1 -
عَلَّمَ الْقُرْآنَ
Цо Iамадина /Шен пайхамарна/ Къуръан
55:2 -
خَلَقَ الْإِنْسَانَ
Цо кхоьллина адам
55:3 -
عَلَّمَهُ الْبَيَانَ
Цо Iамадина цунна (адамна) хаар
55:4 -
الشَّمْسُ وَالْقَمَرُ بِحُسْبَانٍ
Малх а‚ бутт а /Цуьнан/ хьесапаца /дIасалелаш/ бу
55:5 -
وَالنَّجْمُ وَالشَّجَرُ يَسْجُدَانِ
Седа а‚ дитт а /Цунна/ сужуд деш ду
55:6 -
وَالسَّمَاءَ رَفَعَهَا وَوَضَعَ الْمِيزَانَ
Стигал Цо иза аййина‚ мийза-терза дIахIоттина
55:7 -
أَلَّا تَطْغَوْا فِي الْمِيزَانِ
Шуьга харцо ца яйта /терзанца/ озарехь
55:8 -
وَأَقِيمُوا الْوَزْنَ بِالْقِسْطِ وَلَا تُخْسِرُوا الْمِيزَانَ
Озар-дустар хIоттаде нийсонца‚ эша ма е терза!
55:9 -
وَالْأَرْضَ وَضَعَهَا لِلْأَنَامِ
Латта а дIадаржина Цо /Шен/ Iаламна!
55:10 -
فِيهَا فَاكِهَةٌ وَالنَّخْلُ ذَاتُ الْأَكْمَامِ
Цунна (латта) тIехь стоьмаш схьаболу‚ кедалгаш долу хурманан дитт а /схьадолу/
55:11 -
وَالْحَبُّ ذُو الْعَصْفِ وَالرَّيْحَانُ
Ча-гIад долу буьртигаш а, хаза хьожа йолу баццаш а /схьайолу лаьттах/
55:12 -
فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
Тккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
55:13 -
خَلَقَ الْإِنْسَانَ مِنْ صَلْصَالٍ كَالْفَخَّارِ
Цо кхоьллира адам бекъачу поппарах, кхийра пхьегI санна (поппаран пхьегI санна)
55:14 -
وَخَلَقَ الْجَانَّ مِنْ مَارِجٍ مِنْ نَارٍ
Цо кхоьллира жин кIура ца болучу (цIенчу) цIерах
55:15 -
فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
Тккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
55:16
Гочдар: Магомед Магомедов