Мусхаф., агӏо 530

  1. وَنَبِّئْهُمْ أَنَّ الْمَاءَ قِسْمَةٌ بَيْنَهُمْ ۖ كُلُّ شِرْبٍ مُحْتَضَرٌ

    Āла цаьрга‚ хи декъна хир ду царна юкъахь: хIоранна а шен малар хир ду /шен хенахь/

    54:28
  2. فَنَادَوْا صَاحِبَهُمْ فَتَعَاطَىٰ فَعَقَرَ

    Цара кхийкхира шайн накъосте‚ Цо /шен куьйга/ схьаийцира /шаьлта/‚ /эмкална/ хьекхира

    54:29
  3. فَكَيْفَ كَانَ عَذَابِي وَنُذُرِ

    Муха хилира Сан Iазап а‚ кхерамтасар а?

    54:30
  4. إِنَّا أَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ صَيْحَةً وَاحِدَةً فَكَانُوا كَهَشِيمِ الْمُحْتَظِرِ

    Оха бахийтира царна тIе цхьа /чIогIа/ мохь уьш /белла/ бисира, /шен бежнашна/ керт йинчун якъаелла /дечиган/ юьхкаш санна

    54:31
  5. وَلَقَدْ يَسَّرْنَا الْقُرْآنَ لِلذِّكْرِ فَهَلْ مِنْ مُدَّكِرٍ

    Оха атта дира Къуръан дагалаца. Вуй цхьа а дагалоцург?

    54:32
  6. كَذَّبَتْ قَوْمُ لُوطٍ بِالنُّذُرِ

    Харцбира ЛутIан къомо кхерамаш (хьехамаш)

    54:33
  7. إِنَّا أَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ حَاصِبًا إِلَّا آلَ لُوطٍ ۖ نَجَّيْنَاهُمْ بِسَحَرٍ

    Оха бахийтира царна тIе тIулгаш хьош болу мох‚ ЛутIан доьзал юкъара- боккхуш. Уьш кIелхьарбаьхира Оха сатосуш

    54:34
  8. نِعْمَةً مِنْ عِنْدِنَا ۚ كَذَٰلِكَ نَجْزِي مَنْ شَكَرَ

    Тхайгара къинхетамца. Иштта бекхам бо Оха шукур дечунна

    54:35
  9. وَلَقَدْ أَنْذَرَهُمْ بَطْشَتَنَا فَتَمَارَوْا بِالنُّذُرِ

    Цо (ЛутIас) кхерам тесира царна Тхан ницкъаца цара шеко йира кхерам тасарх

    54:36
  10. وَلَقَدْ رَاوَدُوهُ عَنْ ضَيْفِهِ فَطَمَسْنَا أَعْيُنَهُمْ فَذُوقُوا عَذَابِي وَنُذُرِ

    Цуьнгара (ЛутIера) цуьнан хьеший схьабаха хьевсира уьш Оха бIаьрса схьаийцира церан‚ /элира/: 'ХIинца Iовша шайна Сан Iазап а‚ Сан кхерам а'

    54:37
  11. وَلَقَدْ صَبَّحَهُمْ بُكْرَةً عَذَابٌ مُسْتَقِرٌّ

    Схьалецира уьш Iуьйрана чIагIделлачу Iазапо

    54:38
  12. فَذُوقُوا عَذَابِي وَنُذُرِ

    'Iовша шайна Сан Iазап а‚ Сан кхерам а'

    54:39
  13. وَلَقَدْ يَسَّرْنَا الْقُرْآنَ لِلذِّكْرِ فَهَلْ مِنْ مُدَّكِرٍ

    Оха атта дира Къуръан дагалаца‚ вуй цхьа а дагалоцург?

    54:40
  14. وَلَقَدْ جَاءَ آلَ فِرْعَوْنَ النُّذُرُ

    ФирIавнан охIлана тIе а баьхкира кхерамчаш

    54:41
  15. كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا كُلِّهَا فَأَخَذْنَاهُمْ أَخْذَ عَزِيزٍ مُقْتَدِرٍ

    Цара харцдира Тхан аяташ дерриге а Оха схьалецира уьш Веза волчун‚ ницкъ Болчун схьалацарца

    54:42
  16. أَكُفَّارُكُمْ خَيْرٌ مِنْ أُولَٰئِكُمْ أَمْ لَكُمْ بَرَاءَةٌ فِي الزُّبُرِ

    Шун цатешарш дика бу царал /хIай къурайшаш/ я шу цIена хиларан бакъо ю Зубурий чохь?

    54:43
  17. أَمْ يَقُولُونَ نَحْنُ جَمِيعٌ مُنْتَصِرٌ

    Я цара (Абу ДжахIла и санначара) олу: 'Вай дерриг /цхьана хилча/, тоьлур ду /Мухьаммадал/'‚

    54:44
  18. سَيُهْزَمُ الْجَمْعُ وَيُوَلُّونَ الدُّبُرَ

    Берриг /уьш/ эшор бу бовдур бу уьш

    54:45
  19. بَلِ السَّاعَةُ مَوْعِدُهُمْ وَالسَّاعَةُ أَدْهَىٰ وَأَمَرُّ

    ХIаъ‚ сахьт (къематде) ду царна тоьхна хан. И сахьт вуно ирча а ду‚ вуно къаьхьа а ду

    54:46
  20. إِنَّ الْمُجْرِمِينَ فِي ضَلَالٍ وَسُعُرٍ

    Баккъалла а, къинош динарш /дуьненахь/ хьере а‚ /эхартахь/ жоьжахатин цIергахь бегар болуш ма бу

    54:47
  21. يَوْمَ يُسْحَبُونَ فِي النَّارِ عَلَىٰ وُجُوهِهِمْ ذُوقُوا مَسَّ سَقَرَ

    Оцу дийнахь уьш такхор ма бу шайн яххьий тIехь цIерга. /Эр ду/: 'Iовша шайна сакъарах хьакхадалар!'

    54:48
  22. إِنَّا كُلَّ شَيْءٍ خَلَقْنَاهُ بِقَدَرٍ

    Оха массо а хIума кхоьллина шен барамехь

    54:49

Гочдар: Магомед Магомедов