Мусхаф., агӏо 538

  1. هُوَ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ اسْتَوَىٰ عَلَى الْعَرْشِ ۚ يَعْلَمُ مَا يَلِجُ فِي الْأَرْضِ وَمَا يَخْرُجُ مِنْهَا وَمَا يَنْزِلُ مِنَ السَّمَاءِ وَمَا يَعْرُجُ فِيهَا ۖ وَهُوَ مَعَكُمْ أَيْنَ مَا كُنْتُمْ ۚ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ

    Иза ву Ша кхоьллинарг стигланаш а‚ латта а ялх дийнахь. ТIаккха Иза дIанисвелира Iарша тIехь. Цунна хаьа латта чу дуьйлург а‚ цу чуьра арадуьйлург а‚ стиглара охьадогIург а‚ цу чу айлург а. Иза шуьца ву, шу миччахьа а хилча а. И Дела аш дийриг гуш ву

    57:4
  2. لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَإِلَى اللَّهِ تُرْجَعُ الْأُمُورُ

    Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Деле дIадерзо гIуллакхаш

    57:5
  3. يُولِجُ اللَّيْلَ فِي النَّهَارِ وَيُولِجُ النَّهَارَ فِي اللَّيْلِ ۚ وَهُوَ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ

    Буьйса денна чуйолуьйту Цо‚ де буьйсанна чудолуьйту. Иза ву хууш верг дегнашкахь дерг

    57:6
  4. آمِنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَأَنْفِقُوا مِمَّا جَعَلَكُمْ مُسْتَخْلَفِينَ فِيهِ ۖ فَالَّذِينَ آمَنُوا مِنْكُمْ وَأَنْفَقُوا لَهُمْ أَجْرٌ كَبِيرٌ

    Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ харжаш е /Делан новкъахь сагIа луш…/ Оха лело шайга еллачух. Шух ийман диллинарш а, /Делан новкъахь/ харжаш йийнарш а царна йоккха ял ю

    57:7
  5. وَمَا لَكُمْ لَا تُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ ۙ وَالرَّسُولُ يَدْعُوكُمْ لِتُؤْمِنُوا بِرَبِّكُمْ وَقَدْ أَخَذَ مِيثَاقَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    Шуна хIун ду ца теша Делах? Элча ма вуй шу кхойкхуш шайн Кхиош-кхобучуьнга тешаре‚ Цо ('Ша вуй шун Дела', олуш аш 'Ву Деллара', олуш) шуьгара чIагIо ма эцна, шу муъмин нах делахь

    57:8
  6. هُوَ الَّذِي يُنَزِّلُ عَلَىٰ عَبْدِهِ آيَاتٍ بَيِّنَاتٍ لِيُخْرِجَكُمْ مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ ۚ وَإِنَّ اللَّهَ بِكُمْ لَرَءُوفٌ رَحِيمٌ

    Иза ву доссош верг Шен лега билгала аяташ шу арадахархьама боданера нуре. Баккъалла а, и Дела шуна къинтIераволург а‚ къинхетаме верг а ма ву

    57:9
  7. وَمَا لَكُمْ أَلَّا تُنْفِقُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَلِلَّهِ مِيرَاثُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ لَا يَسْتَوِي مِنْكُمْ مَنْ أَنْفَقَ مِنْ قَبْلِ الْفَتْحِ وَقَاتَلَ ۚ أُولَٰئِكَ أَعْظَمُ دَرَجَةً مِنَ الَّذِينَ أَنْفَقُوا مِنْ بَعْدُ وَقَاتَلُوا ۚ وَكُلًّا وَعَدَ اللَّهُ الْحُسْنَىٰ ۚ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ

    Шуна хIун ду Делан новкъахь харж ца ян? Делан ма ду стигланийн а‚ лаьттан а ирс! Цхьатерра вац шух /Делан новкъахь/ харж йинарг толам баккхале‚ тIом бинарг /цул тIаьхьа харжаш йинарг а‚ тIом бинарг а/. Царна вуно сийлахь-йоккха ял ю тIаьхьа харж йиначарал‚ тIаьхьа тIом биначарал. /Царна/ массарна а хазниг ваIда йина Дала. Дела аш дийриг дика хууш ву

    57:10
  8. مَنْ ذَا الَّذِي يُقْرِضُ اللَّهَ قَرْضًا حَسَنًا فَيُضَاعِفَهُ لَهُ وَلَهُ أَجْرٌ كَرِيمٌ

    Мила ву Деле юхалург хаза декхар луш верг? Цо тIеттIа алсам доккхур ду Иза цунна‚ цунна хир ю сийлахь йолу ял а

    57:11

Гочдар: Магомед Магомедов