Мусхаф., агӏо 539
-
يَوْمَ تَرَى الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ يَسْعَىٰ نُورُهُمْ بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَبِأَيْمَانِهِمْ بُشْرَاكُمُ الْيَوْمَ جَنَّاتٌ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
Оцу /къемат/дийнахь хьуна гур бу /хIай Мухьаммад/ и муъмин божарий и муъмин зударий шайн нур шайна хьалхахула‚ аьтту куьйган агIорхьара уьйдаш‚ /цаьрга олуш маликаша/: ' Кхаъ бу шуна тахана бошмаш шайна бухахула хиш оьхуш долу. Цу чохь /шу/ гуттар лаьттар ду. Иза бу сийлахь-боккха толам!'
57:12 -
يَوْمَ يَقُولُ الْمُنَافِقُونَ وَالْمُنَافِقَاتُ لِلَّذِينَ آمَنُوا انْظُرُونَا نَقْتَبِسْ مِنْ نُورِكُمْ قِيلَ ارْجِعُوا وَرَاءَكُمْ فَالْتَمِسُوا نُورًا فَضُرِبَ بَيْنَهُمْ بِسُورٍ لَهُ بَابٌ بَاطِنُهُ فِيهِ الرَّحْمَةُ وَظَاهِرُهُ مِنْ قِبَلِهِ الْعَذَابُ
Оцу дийнахь мунепикъ божарша а‚ мунепикъ зударша а эр ду тешаш хиллачаьрга: 'Хьовсийш тхоьга! Шун нурах нур оьцур дара Оха'. Олур ду: 'Юхадерза‚ лаха шайна нур!' Царна (муъмин нахана а мунепикъ нахана а) юккъехь керт хIоттор ю шена неI йолуш‚ цунна чоьхьахула (муъмин нах болу агIо) къинхетам болуш‚ цунна арахала (мунепикъ нах болу агIо) Iазап долуш
57:13 -
يُنَادُونَهُمْ أَلَمْ نَكُنْ مَعَكُمْ ۖ قَالُوا بَلَىٰ وَلَٰكِنَّكُمْ فَتَنْتُمْ أَنْفُسَكُمْ وَتَرَبَّصْتُمْ وَارْتَبْتُمْ وَغَرَّتْكُمُ الْأَمَانِيُّ حَتَّىٰ جَاءَ أَمْرُ اللَّهِ وَغَرَّكُمْ بِاللَّهِ الْغَرُورُ
Цаьрга кхойкхура цара (арахь болчара мунепикъаша): 'Тхо шуьца дацара ткъа?' Цара эр: 'ХIаъ‚ делахь а, шайн догIмаш питане лаьцира аш‚ /тхуна вон хиларе/ ладуьйгIира аш‚ /Делан ваIда/ шеконе лаьцира аш‚ лаамаша Iехийра шу Делан омра (Iожалла) далц‚ Делаца Iехийра шу Iехочо (шайтIано)
57:14 -
فَالْيَوْمَ لَا يُؤْخَذُ مِنْكُمْ فِدْيَةٌ وَلَا مِنَ الَّذِينَ كَفَرُوا ۚ مَأْوَاكُمُ النَّارُ ۖ هِيَ مَوْلَاكُمْ ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ
Тахана оьцур бац шуьгара мах‚ ца тешаш хиллачаьргара а /оьцур бац/. Шун чугIойла жоьжахати хир ю. Иза ю шун тIетовжийла. Ма вон дIадерзар ду-кх иза!'
57:15 -
أَلَمْ يَأْنِ لِلَّذِينَ آمَنُوا أَنْ تَخْشَعَ قُلُوبُهُمْ لِذِكْرِ اللَّهِ وَمَا نَزَلَ مِنَ الْحَقِّ وَلَا يَكُونُوا كَالَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ مِنْ قَبْلُ فَطَالَ عَلَيْهِمُ الْأَمَدُ فَقَسَتْ قُلُوبُهُمْ ۖ وَكَثِيرٌ مِنْهُمْ فَاسِقُونَ
Хан ца кхаьчна-те ийман диллинчарна шайн дегнаш муьтIахь хила Дела хьехорна‚ бакъдолчух доьссинчунна‚ уьш ца хила хьалха шайга жайна доссинчарах тера? Церан-м зама яхъелира дегнаш /къизаллица/ чIагIделира церан. Царах дукханаш песакъ ма бу
57:16 -
اعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ يُحْيِي الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا ۚ قَدْ بَيَّنَّا لَكُمُ الْآيَاتِ لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ
Шуна хаалаш‚ Дала латта дендо и деллачул тIаьхьа. Оха билгалдаьхна шуна аяташ‚ шу хир дац-те хьекъале
57:17 -
إِنَّ الْمُصَّدِّقِينَ وَالْمُصَّدِّقَاتِ وَأَقْرَضُوا اللَّهَ قَرْضًا حَسَنًا يُضَاعَفُ لَهُمْ وَلَهُمْ أَجْرٌ كَرِيمٌ
Баккъалла а, сагIа луш берш‚ божарий а‚ зударий а‚ Далла юхалург хаза декхар а делларш Цо тIеттIа алсам доккхур ду царна /мела баларца/. Царна хир ю сийлахь ял а
57:18
Гочдар: Магомед Магомедов