Мусхаф., агӏо 542

  1. قَدْ سَمِعَ اللَّهُ قَوْلَ الَّتِي تُجَادِلُكَ فِي زَوْجِهَا وَتَشْتَكِي إِلَى اللَّهِ وَاللَّهُ يَسْمَعُ تَحَاوُرَكُمَا ۚ إِنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ بَصِيرٌ

    Баккъалла а, хези Далла шен майрачух лаьцна хьоьга юх-юха а дуьйцуш йолчун дош‚ цо Деле далхадо шен гллакх‚ и Дела хозуш ма ву шун шиннан къамел. Баккъалла а, и Дела хозуш верг а ма ву‚ гуш верг а ма ву

    58:1
  2. الَّذِينَ يُظَاهِرُونَ مِنْكُمْ مِنْ نِسَائِهِمْ مَا هُنَّ أُمَّهَاتِهِمْ ۖ إِنْ أُمَّهَاتُهُمْ إِلَّا اللَّائِي وَلَدْنَهُمْ ۚ وَإِنَّهُمْ لَيَقُولُونَ مُنْكَرًا مِنَ الْقَوْلِ وَزُورًا ۚ وَإِنَّ اللَّهَ لَعَفُوٌّ غَفُورٌ

    Шух шайн зударшка 'шу тхуна тхан нанойн букъах тера ду'‚ бохурш уьш церан наной ца хуьлу /цара иза бахарх/. Церан наной уьш бинарш бен бац. Баккъалла а, цара дуьйцург ца деза дош ма ду‚ харцдерг ма ду. Баккъалла а, Дела /уьш дохкобевлла, и къа дитча/ бехк цабуьллург а ву‚ гечдийриг а ву

    58:2
  3. وَالَّذِينَ يُظَاهِرُونَ مِنْ نِسَائِهِمْ ثُمَّ يَعُودُونَ لِمَا قَالُوا فَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍ مِنْ قَبْلِ أَنْ يَتَمَاسَّا ۚ ذَٰلِكُمْ تُوعَظُونَ بِهِ ۚ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ

    И шайн зударшка 'шу тхуна тхан нанойн букъах тера ду'‚ олурш‚ тIаккха шаьш аьллачунна тIе юхабоьрзуш берш цхьа лай азатваккха веза цара шаьш /майрачун а, зудчун а юкъаметтигца/ гергадахале. Цуьнца хьехам беш бу шуна. Дела аш дийриг сов дика хууш ву

    58:3
  4. فَمَنْ لَمْ يَجِدْ فَصِيَامُ شَهْرَيْنِ مُتَتَابِعَيْنِ مِنْ قَبْلِ أَنْ يَتَمَاسَّا ۖ فَمَنْ لَمْ يَسْتَطِعْ فَإِطْعَامُ سِتِّينَ مِسْكِينًا ۚ ذَٰلِكَ لِتُؤْمِنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ ۚ وَتِلْكَ حُدُودُ اللَّهِ ۗ وَلِلْكَافِرِينَ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    И цакарийначо марха кхобур ду шина баттахь тIеттIа шаьш шиъ /майрачун а, зудчун а юкъаметтигца/ гергадахале. И ца магахь - кхузткъа мискачунна даа хIума лур ду. Иза ду шу Делах а‚ Цуьнан элчанах а тешийтархьама. Уьш Делан дозанаш ду /тIех ма довла царна/. /Делах/ цатешачарна лазош долу Iазап ду

    58:4
  5. إِنَّ الَّذِينَ يُحَادُّونَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ كُبِتُوا كَمَا كُبِتَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ وَقَدْ أَنْزَلْنَا آيَاتٍ بَيِّنَاتٍ ۚ وَلِلْكَافِرِينَ عَذَابٌ مُهِينٌ

    Баккъалла а, Далла а‚ Цуьнан элчанна а /мостагIаллица/ дуьхьалбовлуш берш сийсазбийр болуш бу‚ царал хьалха хилларш сийсазбарх терра. Оха доссийна билгала долу аяташ. Цатешачарна сийсаза долу Iазап ма ду

    58:5
  6. يَوْمَ يَبْعَثُهُمُ اللَّهُ جَمِيعًا فَيُنَبِّئُهُمْ بِمَا عَمِلُوا ۚ أَحْصَاهُ اللَّهُ وَنَسُوهُ ۚ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدٌ

    Оцу дийнахь Дала гIовтор бу уьш берриг /кешнаш чуьра/‚ Цо дуьйцур ду цаьрга цара дина хилларг /дуьненахь/. Дала тидам бина цунах‚ цара дицдина. И Дела массо а хIуманна тIехь теш ву-кх

    58:6

Гочдар: Магомед Магомедов