Мусхаф., агӏо 543
-
أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۖ مَا يَكُونُ مِنْ نَجْوَىٰ ثَلَاثَةٍ إِلَّا هُوَ رَابِعُهُمْ وَلَا خَمْسَةٍ إِلَّا هُوَ سَادِسُهُمْ وَلَا أَدْنَىٰ مِنْ ذَٰلِكَ وَلَا أَكْثَرَ إِلَّا هُوَ مَعَهُمْ أَيْنَ مَا كَانُوا ۖ ثُمَّ يُنَبِّئُهُمْ بِمَا عَمِلُوا يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۚ إِنَّ اللَّهَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
Хьуна ца го: и Дела хууш ма ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Кханнан къайлахь хабар хир ма дац воьалгIаниг Иза волуш бен‚ пхеннан а йолхалгIаниг Иза волуш бен. Цул /кIеззиг/ дерг а‚ цул дукха дерг а хир ма дац Иза цаьрца волуш бен, уьш миччахьа а хилчи. ТIаккха Цо цаьрга дуьйцур ду цара дина хилларг къематдийнахь. Баккъалла а, Дела массо а хIума хууш верг ма ву
58:7 -
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ نُهُوا عَنِ النَّجْوَىٰ ثُمَّ يَعُودُونَ لِمَا نُهُوا عَنْهُ وَيَتَنَاجَوْنَ بِالْإِثْمِ وَالْعُدْوَانِ وَمَعْصِيَتِ الرَّسُولِ وَإِذَا جَاءُوكَ حَيَّوْكَ بِمَا لَمْ يُحَيِّكَ بِهِ اللَّهُ وَيَقُولُونَ فِي أَنْفُسِهِمْ لَوْلَا يُعَذِّبُنَا اللَّهُ بِمَا نَقُولُ ۚ حَسْبُهُمْ جَهَنَّمُ يَصْلَوْنَهَا ۖ فَبِئْسَ الْمَصِيرُ
Хьуна ца го и къайлаха хабар дийцар шайна ца магийна хилларш? ТIаккха юха а тIебоьрзуш шайна ца магийна хиллачунна‚ вовшашка къайлаха хабарш дуьйцуш къа дарций‚ мостагIаллиций‚ элчанна Iесалла ярций. Хьо волчу шаьш баьхкича, хьоьга салам ло цара Дала хьоьга салам ца лучу кепара. Шайга олу цара: 'ХIунда Iазап ца до вайна Дала вай бохучуьнца?' Кхачо ю царна жоьжахати бōгур бу уьш цу чохь. Ма вōн дIавоьрзу меттиг ю-кх иза!
58:8 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا تَنَاجَيْتُمْ فَلَا تَتَنَاجَوْا بِالْإِثْمِ وَالْعُدْوَانِ وَمَعْصِيَتِ الرَّسُولِ وَتَنَاجَوْا بِالْبِرِّ وَالتَّقْوَىٰ ۖ وَاتَّقُوا اللَّهَ الَّذِي إِلَيْهِ تُحْشَرُونَ
ХIай ийман диллнарш! Шаьш къайлаха хабар дийцахь‚ ма дийца иза къаций‚ мостагIаллиций‚ элчанна Iесалла ярций. Аш дийца къайлаха хабар диканций‚ /Делах/ кхерарций. Шу кхералаш Делах‚ шу Шена тIе дIагулдийр долчу
58:9 -
إِنَّمَا النَّجْوَىٰ مِنَ الشَّيْطَانِ لِيَحْزُنَ الَّذِينَ آمَنُوا وَلَيْسَ بِضَارِّهِمْ شَيْئًا إِلَّا بِإِذْنِ اللَّهِ ۚ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ
Баккъалла а, къайлаха хабар дийцар шайтIанера ду ийман диллнарш пошме хилийтархьама. Царна цуьрриг зен дийр дац цо Делан пурбанций бен. Далла тIе тевжийла муъмин нах!
58:10 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا قِيلَ لَكُمْ تَفَسَّحُوا فِي الْمَجَالِسِ فَافْسَحُوا يَفْسَحِ اللَّهُ لَكُمْ ۖ وَإِذَا قِيلَ انْشُزُوا فَانْشُزُوا يَرْفَعِ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا مِنْكُمْ وَالَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ دَرَجَاتٍ ۚ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ
ХIай ийман диллинарш! Шайга аьлча: 'Меттиг хилийта /дIасахилий/ мажлисехь‚ меттиг хилийта. Дала шорто йийр ю шуна. 'ХьалагIовта!' аьлча, хьалагIовта. Дала лакхабоху шух ийман диллинарш а‚ шайна Iилма делларш а даржаца. И Дела аш дийриг сов дика хууш ма ву
58:11
Гочдар: Магомед Магомедов