Мусхаф., агӏо 548

  1. فَكَانَ عَاقِبَتَهُمَا أَنَّهُمَا فِي النَّارِ خَالِدَيْنِ فِيهَا ۚ وَذَٰلِكَ جَزَاءُ الظَّالِمِينَ

    Цу шиннан (мунепикъийн а, жугтийн динан цатешачеран а) тIаьхье хилира и шиъ жоьжахатехь хилар‚ цу чохь гуттар а лаьтташ. Иза бу зуламхойн бекхам

    59:17
  2. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا اللَّهَ وَلْتَنْظُرْ نَفْسٌ مَا قَدَّمَتْ لِغَدٍ ۖ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ

    ХIай ийман диллинарш! Делах кхералаш. Хьожийла са‚ ша хIун кечдина-те кханенна. Шу кхералаш Делах. Баккъалла а, Дела сов дика хууш ву аш дийриг

    59:18
  3. وَلَا تَكُونُوا كَالَّذِينَ نَسُوا اللَّهَ فَأَنْسَاهُمْ أَنْفُسَهُمْ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الْفَاسِقُونَ

    Шу ма хилалаш Дела вицвинчарах тера - тIаккха Цо бицбайтира цаьрга шаьш а. Уьш песакъ нах бу

    59:19
  4. لَا يَسْتَوِي أَصْحَابُ النَّارِ وَأَصْحَابُ الْجَنَّةِ ۚ أَصْحَابُ الْجَنَّةِ هُمُ الْفَائِزُونَ

    Цхьатерра бац жоьжахатин дай а‚ ялсаманин дай а. Ялсаманин дай уьш бу тоьлларш!

    59:20
  5. لَوْ أَنْزَلْنَا هَٰذَا الْقُرْآنَ عَلَىٰ جَبَلٍ لَرَأَيْتَهُ خَاشِعًا مُتَصَدِّعًا مِنْ خَشْيَةِ اللَّهِ ۚ وَتِلْكَ الْأَمْثَالُ نَضْرِبُهَا لِلنَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَتَفَكَّرُونَ

    Оха хIара Къуръан доссийна хиллехьара ламане, хьуна гур ма бара иза дтебелла баьдда Делах кхерабаларна. ХIара масалш Оха дāладо нахана, цара ойла яхьара аьлла

    59:21
  6. هُوَ اللَّهُ الَّذِي لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۖ عَالِمُ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ ۖ هُوَ الرَّحْمَٰنُ الرَّحِيمُ

    Иза АллахI (цхьа Дела) ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Хьуламехь дерг а‚ гучахь дерг а хуург ву Иза. Иза сов къинхетаме верг а‚ къинхетаме верг а ву

    59:22
  7. هُوَ اللَّهُ الَّذِي لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ الْمَلِكُ الْقُدُّوسُ السَّلَامُ الْمُؤْمِنُ الْمُهَيْمِنُ الْعَزِيزُ الْجَبَّارُ الْمُتَكَبِّرُ ۚ سُبْحَانَ اللَّهِ عَمَّا يُشْرِكُونَ

    Иза АллахI ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Паччахь ву Иза‚ /массо а боьхачу, кхоьллинчу сибатех, кхачамбацарех/ цна верг ву‚ /Шен халкъана/ машар /луш/ верг ву‚ /Шен элчанашка цаьргахула Шен муизаташ гучудахарца нахе/ ийман дуьллуьйтуш верг ву‚ /массо а хма/лашдийриг ву‚ веза верг ву‚ нуьцкъала верг ву‚ /вāла хьакъ долуш/ кура верг ву. ЦIена ву Иза /Шеца/ цара накъост лацарх

    59:23
  8. هُوَ اللَّهُ الْخَالِقُ الْبَارِئُ الْمُصَوِّرُ ۖ لَهُ الْأَسْمَاءُ الْحُسْنَىٰ ۚ يُسَبِّحُ لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Иза АллахI ву‚ Кхоллархо ву Иза‚ йоцучуьра хIуманаш хуьлуьйтург а ву Иза, сурт хIоттош верг а ву /Ша кхуллучу хманан/. Цуьнан хаза цIерш а ю. Цунна тасбахь деш ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Иза веза верг а ву‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву

    59:24

Гочдар: Магомед Магомедов