Мусхаф., агӏо 547

  1. وَالَّذِينَ جَاءُوا مِنْ بَعْدِهِمْ يَقُولُونَ رَبَّنَا اغْفِرْ لَنَا وَلِإِخْوَانِنَا الَّذِينَ سَبَقُونَا بِالْإِيمَانِ وَلَا تَجْعَلْ فِي قُلُوبِنَا غِلًّا لِلَّذِينَ آمَنُوا رَبَّنَا إِنَّكَ رَءُوفٌ رَحِيمٌ

    Царал тIаьхьа баьхкинарш а, олуш: 'Веза Дела‚ гечделахь тхуна а‚ ийманца тхол хьалхабевллачу тхан вежаршна а‚ ма хилийталахь тхан дегнашкахь ийман диллинчаьрга цабезам. Веза Дела‚ баккъалла а, Хьо ву-кх /тхуна/ къинтIерволург а, къинхетаме верг а' /хьакъ бу шайна хнсах дакъа кхача/

    59:10
  2. أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ نَافَقُوا يَقُولُونَ لِإِخْوَانِهِمُ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ لَئِنْ أُخْرِجْتُمْ لَنَخْرُجَنَّ مَعَكُمْ وَلَا نُطِيعُ فِيكُمْ أَحَدًا أَبَدًا وَإِنْ قُوتِلْتُمْ لَنَنْصُرَنَّكُمْ وَاللَّهُ يَشْهَدُ إِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ

    Хьуна гирий и мунепакъ нах, шаьш олуш жайнан охIлах ца тешаш хиллачу шайн вежаршка: 'Шу арадаьхна хиллехьара‚ даннē а тхо а арадовлур дара шуьца. Шуна дуьхьал цхьанна а цкъа а муьтIахь хир дацара тхо. Шуьца тIом бинехьара шуна даннē а гIо дийр ма дара оха'. Дала тешалла до‚ баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу‚ аьлла

    59:11
  3. لَئِنْ أُخْرِجُوا لَا يَخْرُجُونَ مَعَهُمْ وَلَئِنْ قُوتِلُوا لَا يَنْصُرُونَهُمْ وَلَئِنْ نَصَرُوهُمْ لَيُوَلُّنَّ الْأَدْبَارَ ثُمَّ لَا يُنْصَرُونَ

    Уьш арабаьхча‚ цаьрца арабовлур а ма бацара уьш. Цаьрца тIом бийча царна гIо дийр ма дацара цара. Цара царна гIо дийчи а, юхбовлур ма бара уьш (бовдур ма бара уьш)‚ тIаккха /церан/ гIо царна хир ма дацара

    59:12
  4. لَأَنْتُمْ أَشَدُّ رَهْبَةً فِي صُدُورِهِمْ مِنَ اللَّهِ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌ لَا يَفْقَهُونَ

    Шу ма ду церан дегнашкахь Делал а тIех кхераме. Иза уьш кхетам боцу къам долу дела ду

    59:13
  5. لَا يُقَاتِلُونَكُمْ جَمِيعًا إِلَّا فِي قُرًى مُحَصَّنَةٍ أَوْ مِنْ وَرَاءِ جُدُرٍ ۚ بَأْسُهُمْ بَيْنَهُمْ شَدِيدٌ ۚ تَحْسَبُهُمْ جَمِيعًا وَقُلُوبُهُمْ شَتَّىٰ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ قَوْمٌ لَا يَعْقِلُونَ

    Цара шуьца тIом бийр бац массара а цхьана чIагIйина ярташкахь бен я пений тIехьахь бен. Церан ницкъ вовшийн юккъехь чIогIа бу. Хьуна моьтту уьш цхьана бу. Церан дегнаш декъаделла ду. Иза уьш хьекъал доцу къам долу дела ду

    59:14
  6. كَمَثَلِ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ قَرِيبًا ۖ ذَاقُوا وَبَالَ أَمْرِهِمْ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Дукха хан йоццуш шайл хьалха хиллачарах тера бу уьш: шайн гIуллакхан бāла Iевшира цара. Царна хир ду лазош долу Iазап а /эхартахь/

    59:15
  7. كَمَثَلِ الشَّيْطَانِ إِذْ قَالَ لِلْإِنْسَانِ اكْفُرْ فَلَمَّا كَفَرَ قَالَ إِنِّي بَرِيءٌ مِنْكَ إِنِّي أَخَافُ اللَّهَ رَبَّ الْعَالَمِينَ

    ШайтIанах тера бу уьш, ша аьллачу адаме: '/Делах/ цатешарг хила!' Иза /Делах/ цатешарг хилча, цо элира: 'Баккъалла а, со цIени ду хьох. Баккъалла а, со кхоьру Делах Iаламийн Дех!'

    59:16

Гочдар: Магомед Магомедов