Мусхаф., агӏо 558

  1. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ إِذَا طَلَّقْتُمُ النِّسَاءَ فَطَلِّقُوهُنَّ لِعِدَّتِهِنَّ وَأَحْصُوا الْعِدَّةَ ۖ وَاتَّقُوا اللَّهَ رَبَّكُمْ ۖ لَا تُخْرِجُوهُنَّ مِنْ بُيُوتِهِنَّ وَلَا يَخْرُجْنَ إِلَّا أَنْ يَأْتِينَ بِفَاحِشَةٍ مُبَيِّنَةٍ ۚ وَتِلْكَ حُدُودُ اللَّهِ ۚ وَمَنْ يَتَعَدَّ حُدُودَ اللَّهِ فَقَدْ ظَلَمَ نَفْسَهُ ۚ لَا تَدْرِي لَعَلَّ اللَّهَ يُحْدِثُ بَعْدَ ذَٰلِكَ أَمْرًا

    ХIай пайхамар! Шаьш зударий буьтуш уьш бита Iиддатана. Аш дагарде Iиддат /-ан денош/. Шу кхералаш Делах шаьш Кхиош-кхобуш волчух /и Iиддат тергал ца дан/. Шайн цIеношкара ара ма бахалаш уьш /и Iиддат чекхдаланза/. Уьш шаьш а ма бовлийла /шайн цIеношкара/ ара, цхьа билгала ирчаниг шаьш деънехь бен. ХIорш ду Делан дозанаш. Делан дозанех ваьлларг шена зулам динарг ву. Хьуна хаац, Дала цхьа гIуллакх хилийта тарло цул тIаьхьа

    65:1
  2. فَإِذَا بَلَغْنَ أَجَلَهُنَّ فَأَمْسِكُوهُنَّ بِمَعْرُوفٍ أَوْ فَارِقُوهُنَّ بِمَعْرُوفٍ وَأَشْهِدُوا ذَوَيْ عَدْلٍ مِنْكُمْ وَأَقِيمُوا الشَّهَادَةَ لِلَّهِ ۚ ذَٰلِكُمْ يُوعَظُ بِهِ مَنْ كَانَ يُؤْمِنُ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ ۚ وَمَنْ يَتَّقِ اللَّهَ يَجْعَلْ لَهُ مَخْرَجًا

    Церан хан (Iиддат) кхочушхилча‚ юхаберзабе уьш хазчу гIиллакхца /шаьш цхьана даха лууш делахь/‚ я къастабе уьш хазчу гIиллакхца /шайна цхьана даха тарлур дац аьлла хеталахь/. Аш шиъ теш хIоттаве /цхьанакхетарна я дIакъастарна/ шайх Iедале берш. Аш тешалла хIоттаде Далла. Иза ду Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешна хиллачунна шеца хьехам беш дерг. Шех кхоьруш волчунна Дала некъ хуьлуьйтур бу /массо а балих хьалхавала/

    65:2
  3. وَيَرْزُقْهُ مِنْ حَيْثُ لَا يَحْتَسِبُ ۚ وَمَنْ يَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ فَهُوَ حَسْبُهُ ۚ إِنَّ اللَّهَ بَالِغُ أَمْرِهِ ۚ قَدْ جَعَلَ اللَّهُ لِكُلِّ شَيْءٍ قَدْرًا

    Цо (Дала) цунна рицкъ лур ду цо хьесап ца диначуьра. Далла тIе товжуш верг иза Цуьнан хьесапехь ву. Баккъалла а, Дела кхочушдеш ву Шен гIуллакх. Дала хилийтина массо а хIуманна барам

    65:3
  4. وَاللَّائِي يَئِسْنَ مِنَ الْمَحِيضِ مِنْ نِسَائِكُمْ إِنِ ارْتَبْتُمْ فَعِدَّتُهُنَّ ثَلَاثَةُ أَشْهُرٍ وَاللَّائِي لَمْ يَحِضْنَ ۚ وَأُولَاتُ الْأَحْمَالِ أَجَلُهُنَّ أَنْ يَضَعْنَ حَمْلَهُنَّ ۚ وَمَنْ يَتَّقِ اللَّهَ يَجْعَلْ لَهُ مِنْ أَمْرِهِ يُسْرًا

    Шун зударех шайн цIий дарах дог диллина берш‚ шу шеко йолуш хиллехь‚ церан Iиддат кхо бутт бу‚ и цIи дар хIинци ца хиллачарна (жима хилар бахьанехь) а /кхо бутт бу/. Берах бисинчеран /ддатан/ хан бера дар ду. (Бер дича чекхдолу церан Iиддат). Делах кхоьруш верг милла велахь - Цо цунна шен гIуллакхах атто хуьлуьйтур ю

    65:4
  5. ذَٰلِكَ أَمْرُ اللَّهِ أَنْزَلَهُ إِلَيْكُمْ ۚ وَمَنْ يَتَّقِ اللَّهَ يُكَفِّرْ عَنْهُ سَيِّئَاتِهِ وَيُعْظِمْ لَهُ أَجْرًا

    ХIара Делан омра ду‚ Цо шуьга доссина долу. Дала цIанвийр ву шен къинойх Шех кхоьруш верг‚ Цо алсамйоккхур цунна ял

    65:5

Гочдар: Магомед Магомедов