Мусхаф., агӏо 559

  1. أَسْكِنُوهُنَّ مِنْ حَيْثُ سَكَنْتُمْ مِنْ وُجْدِكُمْ وَلَا تُضَارُّوهُنَّ لِتُضَيِّقُوا عَلَيْهِنَّ ۚ وَإِنْ كُنَّ أُولَاتِ حَمْلٍ فَأَنْفِقُوا عَلَيْهِنَّ حَتَّىٰ يَضَعْنَ حَمْلَهُنَّ ۚ فَإِنْ أَرْضَعْنَ لَكُمْ فَآتُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ ۖ وَأْتَمِرُوا بَيْنَكُمْ بِمَعْرُوفٍ ۖ وَإِنْ تَعَاسَرْتُمْ فَسَتُرْضِعُ لَهُ أُخْرَىٰ

    Iайта /и шаьш Iиддатана битина болу зударий/ шаьш а /хй марой/ Iеччахь, шайн тароне хьаьжжа. Зен ма де царна аш гатто ярца. Уьш берах балахь, харж е царна бер хиллалц. Цара шуна бераш дакхадахь церан мах дIало. Вовшашца догадовла /хIай мар а, зуда а/ хазчу гIиллакхца. Шуна хало хилахь /бер дакхорна харж ян/‚ кхечу зудчо дакхойла цунна

    65:6
  2. لِيُنْفِقْ ذُو سَعَةٍ مِنْ سَعَتِهِ ۖ وَمَنْ قُدِرَ عَلَيْهِ رِزْقُهُ فَلْيُنْفِقْ مِمَّا آتَاهُ اللَّهُ ۚ لَا يُكَلِّفُ اللَّهُ نَفْسًا إِلَّا مَا آتَاهَا ۚ سَيَجْعَلُ اللَّهُ بَعْدَ عُسْرٍ يُسْرًا

    Хьал долчо шен хьолах харж йойла. Шегахь кIеззиг рицкъ долчо харж йойла Дала шена деллачух. Дала цхьанна сина тIе ца дуьллу Ша цунна делларг бен. Дала халонал тIаьхьа атто хуьлуьйтур ю

    65:7
  3. وَكَأَيِّنْ مِنْ قَرْيَةٍ عَتَتْ عَنْ أَمْرِ رَبِّهَا وَرُسُلِهِ فَحَاسَبْنَاهَا حِسَابًا شَدِيدًا وَعَذَّبْنَاهَا عَذَابًا نُكْرًا

    Маса юрт дуьхьалъяьлла хилла ша Кхиош-кхобуш волчу Делан а‚ Цуьнан элчанийн омрана. Оха уьш тергал йира чIогIачу хьесапаца‚ Оха Iазап дира царна ирча Iазапаца

    65:8
  4. فَذَاقَتْ وَبَالَ أَمْرِهَا وَكَانَ عَاقِبَةُ أَمْرِهَا خُسْرًا

    Цара Iевшира шайн гIуллакхан бāла‚ церан гIуллакхан тIаьхье хилира эшалла

    65:9
  5. أَعَدَّ اللَّهُ لَهُمْ عَذَابًا شَدِيدًا ۖ فَاتَّقُوا اللَّهَ يَا أُولِي الْأَلْبَابِ الَّذِينَ آمَنُوا ۚ قَدْ أَنْزَلَ اللَّهُ إِلَيْكُمْ ذِكْرًا

    Дала кечдина царна чIогIа Iазап. Шу кхера Делах‚ хIай хьекъал дерш‚ шаьш ийман диллина долу. Дала шуьга боссина хьехам (Къуръан)

    65:10
  6. رَسُولًا يَتْلُو عَلَيْكُمْ آيَاتِ اللَّهِ مُبَيِّنَاتٍ لِيُخْرِجَ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ ۚ وَمَنْ يُؤْمِنْ بِاللَّهِ وَيَعْمَلْ صَالِحًا يُدْخِلْهُ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۖ قَدْ أَحْسَنَ اللَّهُ لَهُ رِزْقًا

    Элча /ваийтина шуьга/‚ цо шуна дуьйцуш Делан билгала долу аяташ ийман диллинарш‚ дика Iамалш йинарш а боданера нуре бахархьама. Делах а тийшина, дика Iамал еш верг Цо иза вуьллур ву бошмашка‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу‚ иза цу чохь гуттар лаьттар ву. Хаза хилийтина Дала цунна рицкъ

    65:11
  7. اللَّهُ الَّذِي خَلَقَ سَبْعَ سَمَاوَاتٍ وَمِنَ الْأَرْضِ مِثْلَهُنَّ يَتَنَزَّلُ الْأَمْرُ بَيْنَهُنَّ لِتَعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ وَأَنَّ اللَّهَ قَدْ أَحَاطَ بِكُلِّ شَيْءٍ عِلْمًا

    Дела ву Ша кхоьллинарг ворхI стигал‚ лаьттах а цаьрга терра. /Делан/ омра охьадуссу царна юккъехула шуна хаархьама и Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш вуйла а‚ Цо чулаьцна юйла массо а хIума Шен Iилмаца

    65:12

Гочдар: Магомед Магомедов