Мусхаф., агӏо 562

  1. تَبَارَكَ الَّذِي بِيَدِهِ الْمُلْكُ وَهُوَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Беркате (хастаме) хили Иза (Дела)‚ Шен куьйгахь паччахьалла долу‚ Ша массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш волу

    67:1
  2. الَّذِي خَلَقَ الْمَوْتَ وَالْحَيَاةَ لِيَبْلُوَكُمْ أَيُّكُمْ أَحْسَنُ عَمَلًا ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْغَفُورُ

    Иза ву Ша кхоьллина далар а‚ дахар а шу зерхьама‚ муьлхарниг ву шух вуно диканиг Iамал ярца. Иза ву веза верг а‚ гечдийриг а

    67:2
  3. الَّذِي خَلَقَ سَبْعَ سَمَاوَاتٍ طِبَاقًا ۖ مَا تَرَىٰ فِي خَلْقِ الرَّحْمَٰنِ مِنْ تَفَاوُتٍ ۖ فَارْجِعِ الْبَصَرَ هَلْ تَرَىٰ مِنْ فُطُورٍ

    Иза ву Ша кхоьллина ворхI стигал тIеттIа. Хьуна гур ма яц сов Къинхетаме волчо кхоьллинчунгахь цхьа а вовшашца ца йогIу хIума. Тохал бIаьрг: гуй хьуна цхьа а яьдда меттиг?

    67:3
  4. ثُمَّ ارْجِعِ الْبَصَرَ كَرَّتَيْنِ يَنْقَلِبْ إِلَيْكَ الْبَصَرُ خَاسِئًا وَهُوَ حَسِيرٌ

    ТIаккха юх-юха а тохал бIаьрг хьоьга духадоьрзур ду бIаьргтохар кIелдисна‚ ша гIелделла долуш

    67:4
  5. وَلَقَدْ زَيَّنَّا السَّمَاءَ الدُّنْيَا بِمَصَابِيحَ وَجَعَلْنَاهَا رُجُومًا لِلشَّيَاطِينِ ۖ وَأَعْتَدْنَا لَهُمْ عَذَابَ السَّعِيرِ

    Оха хаздина дуьненан стигал чиркхашца (седарчашца)‚ Оха хилийтина уьш шайтIанашна кхоссарш. Оха кечдина царна (шайтIанашна) егачу цIеран Iазап

    67:5
  6. وَلِلَّذِينَ كَفَرُوا بِرَبِّهِمْ عَذَابُ جَهَنَّمَ ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ

    Шаьш Кхиош-кхобучух(Делах) цатешначарна а жоьжахатин Iазап ду. Ма вон дIадерзар ду-кх иза!

    67:6
  7. إِذَا أُلْقُوا فِيهَا سَمِعُوا لَهَا شَهِيقًا وَهِيَ تَفُورُ

    Шаьш цу чу кхоьссича, царна хозур ду цуьнан угIарш‚ и ша кхехкаш йолуш

    67:7
  8. تَكَادُ تَمَيَّزُ مِنَ الْغَيْظِ ۖ كُلَّمَا أُلْقِيَ فِيهَا فَوْجٌ سَأَلَهُمْ خَزَنَتُهَا أَلَمْ يَأْتِكُمْ نَذِيرٌ

    Ша оьгIазъялла эккха кечъелла: цу чу /къинош динчеран/ толгIа (тоба) массаза кхоьссича а, цуьнан гIаролаша цаьрга хоттур ду: 'Кхерамча (Делан элча) ца веара шуьга?'‚ аьлла

    67:8
  9. قَالُوا بَلَىٰ قَدْ جَاءَنَا نَذِيرٌ فَكَذَّبْنَا وَقُلْنَا مَا نَزَّلَ اللَّهُ مِنْ شَيْءٍ إِنْ أَنْتُمْ إِلَّا فِي ضَلَالٍ كَبِيرٍ

    Цара эр: 'ХIаъ‚ веара тхоьга кхерамча Оха иза харцвира‚ оха элира: 'Дала хIумма а ца доссийна‚ шу ма ду доккхачу тиларчохь'

    67:9
  10. وَقَالُوا لَوْ كُنَّا نَسْمَعُ أَوْ نَعْقِلُ مَا كُنَّا فِي أَصْحَابِ السَّعِيرِ

    Цара элира: 'Тхо хиллехьара ладугIуш а‚ ойла еш а тхо хир ма дацара егачу цIеран дайшлахь'

    67:10
  11. فَاعْتَرَفُوا بِذَنْبِهِمْ فَسُحْقًا لِأَصْحَابِ السَّعِيرِ

    Уьш къера хилира шайн къинна. /Делан къинхетамах/ ма генахь бу-кх егачу цIеран дай!

    67:11
  12. إِنَّ الَّذِينَ يَخْشَوْنَ رَبَّهُمْ بِالْغَيْبِ لَهُمْ مَغْفِرَةٌ وَأَجْرٌ كَبِيرٌ

    Баккъалла а, шайна гуш воццушехь шаьш кхиош-кхобуш волчу шайн Делах кхоьруш берш царна ду гечдар а‚ йоккха ял

    67:12

Гочдар: Магомед Магомедов