Мусхаф., агӏо 563
-
وَأَسِرُّوا قَوْلَكُمْ أَوِ اجْهَرُوا بِهِ ۖ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ
Къайладаккха шайн дош, я гучудаккха иза баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг
67:13 -
أَلَا يَعْلَمُ مَنْ خَلَقَ وَهُوَ اللَّطِيفُ الْخَبِيرُ
Ткъа ца хаьа Цунна‚ ша кхоьллинчунна? Иза ву сов дика кхетаме верг а‚ сов дика хууш верг а
67:14 -
هُوَ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ الْأَرْضَ ذَلُولًا فَامْشُوا فِي مَنَاكِبِهَا وَكُلُوا مِنْ رِزْقِهِ ۖ وَإِلَيْهِ النُّشُورُ
Иза ву шуна латта кIеда /лела атта/ динарг – лела /шу, хIай нах/ цуьнан агIонашкахула, даа цуьнан рицкъах (Дала лаьттахь делла ниIматаш хьанал къахьегарца). Цуьнга ду /шун кешнашкара/ гIовтар
67:15 -
أَأَمِنْتُمْ مَنْ فِي السَّمَاءِ أَنْ يَخْسِفَ بِكُمُ الْأَرْضَ فَإِذَا هِيَ تَمُورُ
Шу тешна дуй /хIай Далла инкарло еш берш/ стиглахь волчух, Цо шаьш лаьттах худор дац аьлла, тккха и /латта/ детталуш?
67:16 -
أَمْ أَمِنْتُمْ مَنْ فِي السَّمَاءِ أَنْ يُرْسِلَ عَلَيْكُمْ حَاصِبًا ۖ فَسَتَعْلَمُونَ كَيْفَ نَذِيرِ
Я шу тешна дуй стиглахь волчух Цо шайна боуьйтур бац аьлла тIулгех /буьзна/ чIогIа мох? ТIаьхьа хуур ду шуна‚ муха бу Сан кхерам
67:17 -
وَلَقَدْ كَذَّبَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ فَكَيْفَ كَانَ نَكِيرِ
Харцбира /элчанаш/ царал хьалха хиллачара а муха хилира /царна/ Сан инкарло! (Ма ирча хилира Сан Iазап!)
67:18 -
أَوَلَمْ يَرَوْا إِلَى الطَّيْرِ فَوْقَهُمْ صَافَّاتٍ وَيَقْبِضْنَ ۚ مَا يُمْسِكُهُنَّ إِلَّا الرَّحْمَٰنُ ۚ إِنَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ بَصِيرٌ
Царна ца го олхазарш шайна тIехула лелаш долу /шайн тIамаш/ даржадеш‚ тIаккха тIегулдеш? Уьш сацадеш верг-м Сов Къинхетаме волу Дела бен вац. Баккъалла а, Иза ву-кх массо а хIума гуш верг
67:19 -
أَمَّنْ هَٰذَا الَّذِي هُوَ جُنْدٌ لَكُمْ يَنْصُرُكُمْ مِنْ دُونِ الرَّحْمَٰنِ ۚ إِنِ الْكَافِرُونَ إِلَّا فِي غُرُورٍ
Мила ву и шуна бIо хилла гIо дийр дерг ша сов къинхетаме волчу Делан Iазап духатоха? Цатешнарш ма бац Iехабаларгахь бен
67:20 -
أَمَّنْ هَٰذَا الَّذِي يَرْزُقُكُمْ إِنْ أَمْسَكَ رِزْقَهُ ۚ بَلْ لَجُّوا فِي عُتُوٍّ وَنُفُورٍ
Мила ву иза шуна рицкъ лур дерг, Цо Шен рицкъ сацадича? ХIаъ‚ ма /Далла/ дуьхьалбевлла уьш‚ ма /бакъдолчунна/ гена бевлла уьш
67:21 -
أَفَمَنْ يَمْشِي مُكِبًّا عَلَىٰ وَجْهِهِ أَهْدَىٰ أَمَّنْ يَمْشِي سَوِيًّا عَلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ
Ткъа шен юьхь тIехь лелаш верг ву нийса‚ я нийсачу новкъа нийсса лелаш верг ву?
67:22 -
قُلْ هُوَ الَّذِي أَنْشَأَكُمْ وَجَعَلَ لَكُمُ السَّمْعَ وَالْأَبْصَارَ وَالْأَفْئِدَةَ ۖ قَلِيلًا مَا تَشْكُرُونَ
Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: 'Иза ву шу кхиинарг а‚ шуна хазар а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а динарг а. КIеззиг ду-кх аш баркалла олург!'
67:23 -
قُلْ هُوَ الَّذِي ذَرَأَكُمْ فِي الْأَرْضِ وَإِلَيْهِ تُحْشَرُونَ
Ахь āла: 'Иза ву шу лаьттахь даржийнарг‚ Цуьнга гулдийр долуш а ду шу'
67:24 -
وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا الْوَعْدُ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Цара олу: 'Маца хир ду и аш бохург, шу бакълуьйш хиллехь?'
67:25 -
قُلْ إِنَّمَا الْعِلْمُ عِنْدَ اللَّهِ وَإِنَّمَا أَنَا نَذِيرٌ مُبِينٌ
Ахь āла: 'Iилма Далла гергахь ду‚ ткъа со билгала волу къерамча ву'
67:26
Гочдар: Магомед Магомедов