Мусхаф., агӏо 571

  1. يُرْسِلِ السَّمَاءَ عَلَيْكُمْ مِدْرَارًا

    Цо стигал йоуьйтур ю шуна алсам /догIица/

    71:11
  2. وَيُمْدِدْكُمْ بِأَمْوَالٍ وَبَنِينَ وَيَجْعَلْ لَكُمْ جَنَّاتٍ وَيَجْعَلْ لَكُمْ أَنْهَارًا

    Цо гIодийр ду шуна хьолаца‚ кIенташца‚ хуьлуьйтур ю шуна бошмаш‚ хуьлуьйтур ду шуна хиш-татолаш

    71:12
  3. مَا لَكُمْ لَا تَرْجُونَ لِلَّهِ وَقَارًا

    Шуна хIун хилла? ХIунда дог ца доху аш Деле /Иза/ лийрарца?

    71:13
  4. وَقَدْ خَلَقَكُمْ أَطْوَارًا

    Цо кхоьллина шу даржаца (хьалха тIадам‚ тIаккха детина цIи хуьлуш‚ тIаккха тхк (даьIахк) хуьлуш‚ тIаккха цунна тIе жижиг латош…)

    71:14
  5. أَلَمْ تَرَوْا كَيْفَ خَلَقَ اللَّهُ سَبْعَ سَمَاوَاتٍ طِبَاقًا

    Шуна ца го‚ муха кхоьллира Дала тIеттIа ворхI стигал?

    71:15
  6. وَجَعَلَ الْقَمَرَ فِيهِنَّ نُورًا وَجَعَلَ الشَّمْسَ سِرَاجًا

    Цо хилийтира бутт царна чохь нур хилла‚ Цо хилийтира малх чиркх хилла

    71:16
  7. وَاللَّهُ أَنْبَتَكُمْ مِنَ الْأَرْضِ نَبَاتًا

    Дала шу схьадалийтира лаьттах орамат /санна кхуьуш/. (Āдам лаьттах кхоьллира)

    71:17
  8. ثُمَّ يُعِيدُكُمْ فِيهَا وَيُخْرِجُكُمْ إِخْرَاجًا

    ТIаккха Цо шу юха дIадерзор ду цуьнга (лаьтте)‚ арадохур ду /лаьтта чуьра/ арадахарца /къематдийнахь/

    71:18
  9. وَاللَّهُ جَعَلَ لَكُمُ الْأَرْضَ بِسَاطًا

    Дала хилийтина шуна латта, /дIабаржина/ куз санна

    71:19
  10. لِتَسْلُكُوا مِنْهَا سُبُلًا فِجَاجًا

    Шу цунна тIехула лелийтархьама, шайна шуьйра некъаш луьйцуш'

    71:20
  11. قَالَ نُوحٌ رَبِّ إِنَّهُمْ عَصَوْنِي وَاتَّبَعُوا مَنْ لَمْ يَزِدْهُ مَالُهُ وَوَلَدُهُ إِلَّا خَسَارًا

    Нухьас элира: 'Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ баккъалла а, цара суна Iесалла йи‚ уьш тIаьхьахIоьтти шен бахамо а‚ шен доьзало а шайна эшалла бен сов ца яьккхинчунна

    71:21
  12. وَمَكَرُوا مَكْرًا كُبَّارًا

    Цара йи тIех йоккха мекарло:

    71:22
  13. وَقَالُوا لَا تَذَرُنَّ آلِهَتَكُمْ وَلَا تَذَرُنَّ وَدًّا وَلَا سُوَاعًا وَلَا يَغُوثَ وَيَعُوقَ وَنَسْرًا

    Цара элира: 'Ма биталаш шайн делий а‚ ма виталаш Вадда а‚ СуваI а‚ ЯгIус а‚ ЯIукъ а‚ Наср а!'

    71:23
  14. وَقَدْ أَضَلُّوا كَثِيرًا ۖ وَلَا تَزِدِ الظَّالِمِينَ إِلَّا ضَلَالًا

    /Нухьас доIа дира/: 'Цара тилира дукханаш‚ зуламхой сов ма бахалахь тиларций бен'

    71:24
  15. مِمَّا خَطِيئَاتِهِمْ أُغْرِقُوا فَأُدْخِلُوا نَارًا فَلَمْ يَجِدُوا لَهُمْ مِنْ دُونِ اللَّهِ أَنْصَارًا

    Шайна гIалатех (къинойх) уьш хи чу бахийтира‚ тIаккха цIерга бахийтира‚ царна ца карийра Дела воцург гIоьнчий

    71:25
  16. وَقَالَ نُوحٌ رَبِّ لَا تَذَرْ عَلَى الْأَرْضِ مِنَ الْكَافِرِينَ دَيَّارًا

    Нухьас элира: 'Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь ма виталахь лаьтта тIехь цатешачарах цхьа а цIа чохь вехаш верг

    71:26
  17. إِنَّكَ إِنْ تَذَرْهُمْ يُضِلُّوا عِبَادَكَ وَلَا يَلِدُوا إِلَّا فَاجِرًا كَفَّارًا

    Баккъалла а, Ахь уьш битахь, цара Хьан леш тилор бу‚ цара дуьненавоккхур вац къинош деш верг‚ тIех ца тешаш верг бен

    71:27
  18. رَبِّ اغْفِرْ لِي وَلِوَالِدَيَّ وَلِمَنْ دَخَلَ بَيْتِيَ مُؤْمِنًا وَلِلْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ وَلَا تَزِدِ الظَّالِمِينَ إِلَّا تَبَارًا

    Со кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь гечделахь суна а‚ сан денна-нанна а‚ муъмин хилла сан цIа чу ваьллачунна а‚ муъмин божаршна а‚ муъмин зударшна а‚ Ахь сов ма бахалахь зуламхой хIаллакбарций бен!'

    71:28

Гочдар: Магомед Магомедов