Мусхаф., агӏо 570

  1. فَلَا أُقْسِمُ بِرَبِّ الْمَشَارِقِ وَالْمَغَارِبِ إِنَّا لَقَادِرُونَ

    ХIан-хIа! Ас дуй боу малхбалийн а‚ малхбузийн а Кхиош-кхобучу Делах: баккъалла а, Тхо ницIкъ болуш ду-кх

    70:40
  2. عَلَىٰ أَنْ نُبَدِّلَ خَيْرًا مِنْهُمْ وَمَا نَحْنُ بِمَسْبُوقِينَ

    /Уьш/ хийцабан царал дикачаьрца‚ /цу тIехь/ тхол хьалхавер вац /цхьа а/

    70:41
  3. فَذَرْهُمْ يَخُوضُوا وَيَلْعَبُوا حَتَّىٰ يُلَاقُوا يَوْمَهُمُ الَّذِي يُوعَدُونَ

    Бита уьш /шайн тиларчохь/ дIасаийдан а‚ ловзан а шайн ваIда йина йолчу /къемат/ денна дуьхьалкхетталц

    70:42
  4. يَوْمَ يَخْرُجُونَ مِنَ الْأَجْدَاثِ سِرَاعًا كَأَنَّهُمْ إِلَىٰ نُصُبٍ يُوفِضُونَ

    Оцу дийнахь уьш арабовлур бу кешнаш чуьра сихбевлла, шаьш /хьалха шаьш Iибадат деш хилла болу/ тIулгашна тIе бовдуш санна‚

    70:43
  5. خَاشِعَةً أَبْصَارُهُمْ تَرْهَقُهُمْ ذِلَّةٌ ۚ ذَٰلِكَ الْيَوْمُ الَّذِي كَانُوا يُوعَدُونَ

    Шайн бIаьргаш охьатоьхна. Сийсазалла кхуьур ю царах. И де ду-кх царна хир ду аьлла ваIда йина хилларг!

    70:44
  6. إِنَّا أَرْسَلْنَا نُوحًا إِلَىٰ قَوْمِهِ أَنْ أَنْذِرْ قَوْمَكَ مِنْ قَبْلِ أَنْ يَأْتِيَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Баккъалла а, Оха вахийтира шен къомана тIе Нухь: 'Кхерам таса хьан къомана цунна тIе лазош долу Iазап дале'‚ аьлла

    71:1
  7. قَالَ يَا قَوْمِ إِنِّي لَكُمْ نَذِيرٌ مُبِينٌ

    Цо элира: 'ХIай сан къам! Баккъалла а, со шуна /ваийтина/ билгала волу кхерамча ву-кх:

    71:2
  8. أَنِ اعْبُدُوا اللَّهَ وَاتَّقُوهُ وَأَطِيعُونِ

    Далла Iибадат де‚ Цунах кхера‚ суна муьтIахь хила!

    71:3
  9. يَغْفِرْ لَكُمْ مِنْ ذُنُوبِكُمْ وَيُؤَخِّرْكُمْ إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى ۚ إِنَّ أَجَلَ اللَّهِ إِذَا جَاءَ لَا يُؤَخَّرُ ۖ لَوْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    /ТIаккха/ Цо гечдийр ду шуна шун къинош‚ тIаьхьатоттур ду шу /Iазап ца деш/ цхьана тоьхначу ханна Iожалла ткхаччалц. Баккъалла а, Делан Iожалла, ша еъча, тIаьхьатоттур яц‚ шу хууш хиллехь'

    71:4
  10. قَالَ رَبِّ إِنِّي دَعَوْتُ قَوْمِي لَيْلًا وَنَهَارًا

    Цо (Нухьас ша дукха къахьегначул тIаьхьа, наха дин тIе ца лоцуш, гаттавелча) элира: 'Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ баккъалла а, ас кхайкхийра /дин/ сан къоме буса а‚ дийнахь а

    71:5
  11. فَلَمْ يَزِدْهُمْ دُعَائِي إِلَّا فِرَارًا

    Амма сан кхайкхамо уьш /динах/ бовдар бен алсам ца даьккхи

    71:6
  12. وَإِنِّي كُلَّمَا دَعَوْتُهُمْ لِتَغْفِرَ لَهُمْ جَعَلُوا أَصَابِعَهُمْ فِي آذَانِهِمْ وَاسْتَغْشَوْا ثِيَابَهُمْ وَأَصَرُّوا وَاسْتَكْبَرُوا اسْتِكْبَارًا

    Баккъалла а, ас уьш мел кхайкхи Хьоьга шайна гечдан‚ цара шайн пIелгаш шайн лергий чудуьхкара /сан кхайкхар шайна ца хазийтархьама/‚ шайн бедаршца шайн кортош хьулдора /ца хазийтархьама/‚ уьш чIагIбелира /шайн къиной тIехь/‚ курабевлира курабовларца

    71:7
  13. ثُمَّ إِنِّي دَعَوْتُهُمْ جِهَارًا

    ТIаккха ас цаьрга кхайкхира чIогIа (ца кхоьруш, аз айдина)

    71:8
  14. ثُمَّ إِنِّي أَعْلَنْتُ لَهُمْ وَأَسْرَرْتُ لَهُمْ إِسْرَارًا

    ТIаккха, баккъалла а, ас цаьрга кхайкхира гучахь, ас кхайкхира цаьрга къайлаха

    71:9
  15. فَقُلْتُ اسْتَغْفِرُوا رَبَّكُمْ إِنَّهُ كَانَ غَفَّارًا

    Ас элира: 'Гечдар деха шаьш кхиош-кхобуш волчу Деле‚ баккъалла а, Иза хилла дукха гечдийриг

    71:10

Гочдар: Магомед Магомедов