Мусхаф., агӏо 578

  1. كَلَّا بَلْ تُحِبُّونَ الْعَاجِلَةَ

    ХIаъ! Шу ма дезаш ду сиханиг

    75:20
  2. وَتَذَرُونَ الْآخِرَةَ

    Аш /дтесна/ дуьтуш ма ду тIаьхьарниг (эхарт)

    75:21
  3. وُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ نَاضِرَةٌ

    Цхьа яххьаш хир ю оцу дийнахь екхаелла‚

    75:22
  4. إِلَىٰ رَبِّهَا نَاظِرَةٌ

    Шаьш Кхиош-кхобучуьнга хьоьжуш

    75:23
  5. وَوُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ بَاسِرَةٌ

    Цхьа /кхин/ яххьаш хир ю оцу дийнахь мархаелла

    75:24
  6. تَظُنُّ أَنْ يُفْعَلَ بِهَا فَاقِرَةٌ

    Шайна тIехь боккха ницкъ бина хьуна хеталуш

    75:25
  7. كَلَّا إِذَا بَلَغَتِ التَّرَاقِيَ

    ХIан-хIа! /Са озина доккхуш/ и логе кхаьчча, /цо сауьйзуш/,

    75:26
  8. وَقِيلَ مَنْ ۜ رَاقٍ

    Эр ду /цуьнан гергарчара/: 'Хьан тавийр вара /хра/?'

    75:27
  9. وَظَنَّ أَنَّهُ الْفِرَاقُ

    Хуур ду /адамна/ хIара /дуьненах/ дIакъастар дуйла

    75:28
  10. وَالْتَفَّتِ السَّاقُ بِالسَّاقِ

    /Сауьйзуш ветталуш/ ност ностарх кхетар ю

    75:29
  11. إِلَىٰ رَبِّكَ يَوْمَئِذٍ الْمَسَاقُ

    Хьуо Кхиош-кхобучуьнга хир ду оцу дийнахь /нах/ дIалахкар /шаьш йинчу Iамалах бекхам эцан/

    75:30
  12. فَلَا صَدَّقَ وَلَا صَلَّىٰ

    Бакъ ца дора / керста адамо хIара дин/‚ ламаз а ца дора

    75:31
  13. وَلَٰكِنْ كَذَّبَ وَتَوَلَّىٰ

    Амма харцдора /Къуръан/‚ юхавелира /ийманах/

    75:32
  14. ثُمَّ ذَهَبَ إِلَىٰ أَهْلِهِ يَتَمَطَّىٰ

    ТIаккха шен доьзална тIе воьдура кураволуш

    75:33
  15. أَوْلَىٰ لَكَ فَأَوْلَىٰ

    Ма бāла бу хьуна‚ ма бāла бу!

    75:34
  16. ثُمَّ أَوْلَىٰ لَكَ فَأَوْلَىٰ

    ТIаккха ма бāла бу хьуна‚ ма бāла бу!

    75:35
  17. أَيَحْسَبُ الْإِنْسَانُ أَنْ يُتْرَكَ سُدًى

    Моьттуш ду-те адамна ша эрна дуьтур ду /дендина барт ца хоттуш /?

    75:36
  18. أَلَمْ يَكُ نُطْفَةً مِنْ مَنِيٍّ يُمْنَىٰ

    Иза (адам) дацара ткъа /хилла/ тIадамах (зудчунна чу кхоьссинчу стеган хих)?

    75:37
  19. ثُمَّ كَانَ عَلَقَةً فَخَلَقَ فَسَوَّىٰ

    ТIаккха дукъаделла ц хилира цунах. ТIаккха Цо кхоьллира /цунах адам/‚ нисвира иза /шен меженашца/

    75:38
  20. فَجَعَلَ مِنْهُ الزَّوْجَيْنِ الذَّكَرَ وَالْأُنْثَىٰ

    ТIаккха цунах Цо хилийтира шиъ: боьрша стаг а‚ зуда а

    75:39
  21. أَلَيْسَ ذَٰلِكَ بِقَادِرٍ عَلَىٰ أَنْ يُحْيِيَ الْمَوْتَىٰ

    Ткъа И /Дела, Ша цу кепара тамаше хманаш кхоьллинарг/ ницкъ кхочуш вац белларш денбан? /Ву, делора!/

    75:40
  22. هَلْ أَتَىٰ عَلَى الْإِنْسَانِ حِينٌ مِنَ الدَّهْرِ لَمْ يَكُنْ شَيْئًا مَذْكُورًا

    Еара май адамна тIе заманан цхьа киртиг, и ша хьехон хIума а йоцуш

    76:1
  23. إِنَّا خَلَقْنَا الْإِنْسَانَ مِنْ نُطْفَةٍ أَمْشَاجٍ نَبْتَلِيهِ فَجَعَلْنَاهُ سَمِيعًا بَصِيرًا

    Баккъалла а, Оха кхоьллира адам ийначу тIадамах‚ Оха иза зуьйш ву /тIе декхарш дихкарца‚ бāланаш кхиссарца/. ТIаккха хилийтира иза хозуш а‚ гуш а

    76:2
  24. إِنَّا هَدَيْنَاهُ السَّبِيلَ إِمَّا شَاكِرًا وَإِمَّا كَفُورًا

    Баккъалла а, Оха иза нисвира новкъа: я цо баркалла олуш‚ я керстадеш

    76:3
  25. إِنَّا أَعْتَدْنَا لِلْكَافِرِينَ سَلَاسِلَ وَأَغْلَالًا وَسَعِيرًا

    Баккъалла а, Оха кечйина цатешачарна зIайнаш а‚ буржолаш а‚/жоьжахатин/ цIе а

    76:4
  26. إِنَّ الْأَبْرَارَ يَشْرَبُونَ مِنْ كَأْسٍ كَانَ مِزَاجُهَا كَافُورًا

    Баккъалла /Дала бохург деш/ дика хиллачара мер ду када чуьра /хаза маларш/ шех кафур (хаза хьожа йогIу хIума) тоьхна долу

    76:5

Гочдар: Магомед Магомедов