Мусхаф., агӏо 82

  1. وَالْمُحْصَنَاتُ مِنَ النِّسَاءِ إِلَّا مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ ۖ كِتَابَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ ۚ وَأُحِلَّ لَكُمْ مَا وَرَاءَ ذَٰلِكُمْ أَنْ تَبْتَغُوا بِأَمْوَالِكُمْ مُحْصِنِينَ غَيْرَ مُسَافِحِينَ ۚ فَمَا اسْتَمْتَعْتُمْ بِهِ مِنْهُنَّ فَآتُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ فَرِيضَةً ۚ وَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِيمَا تَرَاضَيْتُمْ بِهِ مِنْ بَعْدِ الْفَرِيضَةِ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيمًا حَكِيمًا

    Зударех марехь берш (хьарам бина шуна бāло)‚ шун аьтту куьйгаша доладийна боцурш‚ и тIедиллина Дала шуна. Хьанал бина шуна цул дēхьахь берш‚ шайн бахамца аш лехча‚ шайн догIу урдо дIалуш‚ шарIаца бāлош долуш‚ зина лелорца доцуш. Шаьш цаьргара марзо ийцича – царна богIу мах дIало фарз хилла болу. Фарз кхочушдина (царна догIу урдо дIаделла)‚ шу вовшашца реза долуш динчунна тIехь (цара шуна цхьадолу урдо юхалуш) къа дац шуна. Баккъалла а, и Дела ма хилла хууш а‚ хьукам /нийса/ деш а

    4:24
  2. وَمَنْ لَمْ يَسْتَطِعْ مِنْكُمْ طَوْلًا أَنْ يَنْكِحَ الْمُحْصَنَاتِ الْمُؤْمِنَاتِ فَمِنْ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ مِنْ فَتَيَاتِكُمُ الْمُؤْمِنَاتِ ۚ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِإِيمَانِكُمْ ۚ بَعْضُكُمْ مِنْ بَعْضٍ ۚ فَانْكِحُوهُنَّ بِإِذْنِ أَهْلِهِنَّ وَآتُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ بِالْمَعْرُوفِ مُحْصَنَاتٍ غَيْرَ مُسَافِحَاتٍ وَلَا مُتَّخِذَاتِ أَخْدَانٍ ۚ فَإِذَا أُحْصِنَّ فَإِنْ أَتَيْنَ بِفَاحِشَةٍ فَعَلَيْهِنَّ نِصْفُ مَا عَلَى الْمُحْصَنَاتِ مِنَ الْعَذَابِ ۚ ذَٰلِكَ لِمَنْ خَشِيَ الْعَنَتَ مِنْكُمْ ۚ وَأَنْ تَصْبِرُوا خَيْرٌ لَكُمْ ۗ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Шух муьлхачунна ца магахь шен таронца цIена болу муъмин зударий бāло – шайн аьтту куьйгаша доладийначу шайн муъмин мехкарех (лех) балабе. Далла дика хаьа шун ийман‚ шу вовшах /схьадевлла/ ду. Балабе уьш церан охIлан пурбанца‚ дIало церан мах диканца‚ цIена хилла болу‚ лелар боьха доцуш болу‚ доттагI лаьцна боцуш болу – (зударий). ТIаккха марехь болуш цара боьханиг далийтахь‚ царна оьздачу зударшна догIучух ах Iазап ду. И дерриге ду шух къинах (зинах) кхоьруш волчунна. Аш собар дахь (и зуда ца ялош) – и шуна дика ду. И Дела гечдеш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву

    4:25
  3. يُرِيدُ اللَّهُ لِيُبَيِّنَ لَكُمْ وَيَهْدِيَكُمْ سُنَنَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِكُمْ وَيَتُوبَ عَلَيْكُمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    Далла лаьа шуна билгалдаккха‚ шул хьалха хиллачийн новкъа шу нисдан‚ шун тōба къобалдан. И Дела хууш а ву‚ хьукам /нийса/ деш а ву

    4:26

Гочдар: Магомед Магомедов