Мусхаф., агӏо 83

  1. وَاللَّهُ يُرِيدُ أَنْ يَتُوبَ عَلَيْكُمْ وَيُرِيدُ الَّذِينَ يَتَّبِعُونَ الشَّهَوَاتِ أَنْ تَمِيلُوا مَيْلًا عَظِيمًا

    Цу Далла лаьа шун тōба къобалдан. /Шайн/ дезаршна тIаьхьахIуьттуш болчарна лаьа шу /цIенчух/ дуккха генадовла

    4:27
  2. يُرِيدُ اللَّهُ أَنْ يُخَفِّفَ عَنْكُمْ ۚ وَخُلِقَ الْإِنْسَانُ ضَعِيفًا

    Шуна тIера /халонаш/ яйъян лаьа Далла. Адам кхоьллина заьIап

    4:28
  3. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَأْكُلُوا أَمْوَالَكُمْ بَيْنَكُمْ بِالْبَاطِلِ إِلَّا أَنْ تَكُونَ تِجَارَةً عَنْ تَرَاضٍ مِنْكُمْ ۚ وَلَا تَقْتُلُوا أَنْفُسَكُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ بِكُمْ رَحِيمًا

    ХIай ийман диллинарш! Вовшийн даьхни ма даалаш харцонца‚ шун вовшийн резаллица йохка-эцар яцахь. Шаьш ма дайа. Баккъалла а, и Дела хилла шуьца къинхетаме

    4:29
  4. وَمَنْ يَفْعَلْ ذَٰلِكَ عُدْوَانًا وَظُلْمًا فَسَوْفَ نُصْلِيهِ نَارًا ۚ وَكَانَ ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرًا

    МостагIаллица‚ зуламца и динарг‚ тьхьа Оха чуверзор ву цIерга. И хилла Далла атта (и Далла атта ду)

    4:30
  5. إِنْ تَجْتَنِبُوا كَبَائِرَ مَا تُنْهَوْنَ عَنْهُ نُكَفِّرْ عَنْكُمْ سَيِّئَاتِكُمْ وَنُدْخِلْكُمْ مُدْخَلًا كَرِيمًا

    Шайна нехIа дина долу даккхий къинош аш юьстахтаттахь‚ кегийчарна (кегийчу къиношна) Оха гечдийр ду шуна‚ чудохуьйтур ду шу сийлахьчу чугIойлина (ялсамане)

    4:31
  6. وَلَا تَتَمَنَّوْا مَا فَضَّلَ اللَّهُ بِهِ بَعْضَكُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ ۚ لِلرِّجَالِ نَصِيبٌ مِمَّا اكْتَسَبُوا ۖ وَلِلنِّسَاءِ نَصِيبٌ مِمَّا اكْتَسَبْنَ ۚ وَاسْأَلُوا اللَّهَ مِنْ فَضْلِهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمًا

    Шуна ма дезийла Дала шух цхьаболчарна вукхарал базбина делларг. Божаршна дāкъа ду шаьш карадийначух‚ зударшна а дāкъа ду цара шаьш карадийначух. Аш Деле деха Цуьнан комаьршаллах. И Дела хилла (ву) массо а хIума Ша хууш

    4:32
  7. وَلِكُلٍّ جَعَلْنَا مَوَالِيَ مِمَّا تَرَكَ الْوَالِدَانِ وَالْأَقْرَبُونَ ۚ وَالَّذِينَ عَقَدَتْ أَيْمَانُكُمْ فَآتُوهُمْ نَصِيبَهُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدًا

    ХIоранна Оха хилийтина дас-нанас а‚ гергарчара а бухадитинчух ирсоьцург. Шун дуйнаша чIагIбиначарна (хьалха аш шайна ирс лур ду, аьлла, ваIда йина хилла болу доттагIий), – дIало царна церан дāкъа. Баккъалла а, и Дела хилла массо а хIуманна тхь теш

    4:33

Гочдар: Магомед Магомедов