Мусхаф., агӏо 85

  1. وَالَّذِينَ يُنْفِقُونَ أَمْوَالَهُمْ رِئَاءَ النَّاسِ وَلَا يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَلَا بِالْيَوْمِ الْآخِرِ ۗ وَمَنْ يَكُنِ الشَّيْطَانُ لَهُ قَرِينًا فَسَاءَ قَرِينًا

    Шайн даьхни нахана гайтархьама сагIина доккхуш берш а, шаьш Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешаш боцуш /ца беза Далла/, шена шайтIа доттагI хилларг – вон доттагI хилла цунах

    4:38
  2. وَمَاذَا عَلَيْهِمْ لَوْ آمَنُوا بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَأَنْفَقُوا مِمَّا رَزَقَهُمُ اللَّهُ ۚ وَكَانَ اللَّهُ بِهِمْ عَلِيمًا

    ХIун дара царна Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешча‚ Дала шайна деллачу рицкъанах сагIа делча? И Дела уьш бевзаш ма хилла

    4:39
  3. إِنَّ اللَّهَ لَا يَظْلِمُ مِثْقَالَ ذَرَّةٍ ۖ وَإِنْ تَكُ حَسَنَةً يُضَاعِفْهَا وَيُؤْتِ مِنْ لَدُنْهُ أَجْرًا عَظِيمًا

    Баккъалла а, и Дела мискъала зарратал, зулам деш ма вац. И (мискъала заррат) дика хилахь – и ттт алсамдоккху Цо‚ Шегара йоккха ял ло

    4:40
  4. فَكَيْفَ إِذَا جِئْنَا مِنْ كُلِّ أُمَّةٍ بِشَهِيدٍ وَجِئْنَا بِكَ عَلَىٰ هَٰؤُلَاءِ شَهِيدًا

    Муха хир ду Оха массо а умматах /цхьацца/ теш валийна‚ хьо хIокхарна тIехь теш валийча?

    4:41
  5. يَوْمَئِذٍ يَوَدُّ الَّذِينَ كَفَرُوا وَعَصَوُا الرَّسُولَ لَوْ تُسَوَّىٰ بِهِمُ الْأَرْضُ وَلَا يَكْتُمُونَ اللَّهَ حَدِيثًا

    Цу дийнахь цатешачарна а‚ элчанна Iесалла йиначарна а луур ду латта шаьшца нисдалар. Хьулдийр дац цара Делах /цхьажимма а дуьненахь шаьшца/ хилларг

    4:42
  6. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَقْرَبُوا الصَّلَاةَ وَأَنْتُمْ سُكَارَىٰ حَتَّىٰ تَعْلَمُوا مَا تَقُولُونَ وَلَا جُنُبًا إِلَّا عَابِرِي سَبِيلٍ حَتَّىٰ تَغْتَسِلُوا ۚ وَإِنْ كُنْتُمْ مَرْضَىٰ أَوْ عَلَىٰ سَفَرٍ أَوْ جَاءَ أَحَدٌ مِنْكُمْ مِنَ الْغَائِطِ أَوْ لَامَسْتُمُ النِّسَاءَ فَلَمْ تَجِدُوا مَاءً فَتَيَمَّمُوا صَعِيدًا طَيِّبًا فَامْسَحُوا بِوُجُوهِكُمْ وَأَيْدِيكُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَفُوًّا غَفُورًا

    ХIай ийман диллинарш! Шу ламазна герга ма гIолаш‚ шу дехна а долуш‚ шаьш дуьйцург шайна ца хаахь; шайца боьха хи делахь а – ца луьйчуш, шаьш новкъахула /хи доцучухула/ лелаш дацахь, я /маьждига чохь ца совцуш/ чекхдовлуш дацахь. Шу хиллехь цомгуш‚ я новкъахь‚ я шух цхьаъ хьаштагнера (хинарара) веана велахь‚ я шу зударех хьакхаделла делахь – тIаккха шуна хи ца карадахь – тема де цIенчу лаьттаца /я гIамарца/. Шайн яххьех а‚ куьйгех хьакха и. Баккъалла а, и Дела хилла къинхетаме а‚ гечдеш а

    4:43
  7. أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ أُوتُوا نَصِيبًا مِنَ الْكِتَابِ يَشْتَرُونَ الضَّلَالَةَ وَيُرِيدُونَ أَنْ تَضِلُّوا السَّبِيلَ

    Хьуна ца го и шайна жайнах /цхьа/ дāкъа делларш? Шаьш тиладалар оьцу цара‚ шу а некъах тиладала лаьа царна

    4:44

Гочдар: Магомед Магомедов