Мусхаф., агӏо 84

  1. الرِّجَالُ قَوَّامُونَ عَلَى النِّسَاءِ بِمَا فَضَّلَ اللَّهُ بَعْضَهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ وَبِمَا أَنْفَقُوا مِنْ أَمْوَالِهِمْ ۚ فَالصَّالِحَاتُ قَانِتَاتٌ حَافِظَاتٌ لِلْغَيْبِ بِمَا حَفِظَ اللَّهُ ۚ وَاللَّاتِي تَخَافُونَ نُشُوزَهُنَّ فَعِظُوهُنَّ وَاهْجُرُوهُنَّ فِي الْمَضَاجِعِ وَاضْرِبُوهُنَّ ۖ فَإِنْ أَطَعْنَكُمْ فَلَا تَبْغُوا عَلَيْهِنَّ سَبِيلًا ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيًّا كَبِيرًا

    Божарий тIехIиттина бу зударшна, Дала цхьаберш вукхарал базбарца а‚ цара шайн бахамах харж ярца а. Дика зударий бу – / Далла а, шайн марошна а/ муьтIахь берш‚ шаьш лардеш берш /марошна/ гучахь доцург Дала ларде аларна. Шу – церан Iесаллех кхоьруш дерш – хьехам бе царна‚ /цунах пайда ца хилахь/ бита уьш меттахь‚ /цунах а пайда ца хилахь/ тоха царна (хьехам хилийтарна‚ лазорна доцуш). ТIаккха уьш шуна муьтIахь хилахь – некъ ма бохабе царна. Баккъалла а, и Дела хилла лекха верг а‚ воккха верг а

    4:34
  2. وَإِنْ خِفْتُمْ شِقَاقَ بَيْنِهِمَا فَابْعَثُوا حَكَمًا مِنْ أَهْلِهِ وَحَكَمًا مِنْ أَهْلِهَا إِنْ يُرِيدَا إِصْلَاحًا يُوَفِّقِ اللَّهُ بَيْنَهُمَا ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيمًا خَبِيرًا

    Шу кхерахь (маран а (майрачун)‚ зудчун а) юккъехь барт бохарх‚ кхайкха хьекъале берш цуьнан (маран) нахана юккъера а‚ зудчун нахана юккъера а. Маслахьат лууш и шиъ делахь‚ Дала аьтто бийр бу царна юккъехь. Баккъалла а, и Дела хилла (массо а хIума) хууш верг а‚ /къайлаха дерг/ дика хууш верг а

    4:35
  3. وَاعْبُدُوا اللَّهَ وَلَا تُشْرِكُوا بِهِ شَيْئًا ۖ وَبِالْوَالِدَيْنِ إِحْسَانًا وَبِذِي الْقُرْبَىٰ وَالْيَتَامَىٰ وَالْمَسَاكِينِ وَالْجَارِ ذِي الْقُرْبَىٰ وَالْجَارِ الْجُنُبِ وَالصَّاحِبِ بِالْجَنْبِ وَابْنِ السَّبِيلِ وَمَا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ مَنْ كَانَ مُخْتَالًا فَخُورًا

    Далла Iибадат де‚ накъост ма лаца Цунна цхьана а хIуманца‚ дена-нанна а дика хила‚ гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачарна а‚ гергара волчу лулахочунна а, гергара воцчу (хийрачу) лулахочунна а‚ агр накъостана а‚ некъан накъостана а‚ шайн аьтту куьйгаша доладийначарна а /дика хила/. Баккъалла а, Далла ца веза деккъа шеца тамаш беш верг а‚ кура верг а

    4:36
  4. الَّذِينَ يَبْخَلُونَ وَيَأْمُرُونَ النَّاسَ بِالْبُخْلِ وَيَكْتُمُونَ مَا آتَاهُمُ اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ ۗ وَأَعْتَدْنَا لِلْكَافِرِينَ عَذَابًا مُهِينًا

    Пис берш а, нахана пис хила, аьлла, омра деш берш а‚ Дала шайга даийтина долчу комаьршаллах хьулдеш берш а /ца беза Дала/ – Оха кечдина цатешачарна сийсаза долу Iазап

    4:37

Гочдар: Магомед Магомедов