Мусхаф., агӏо 92
-
اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۚ لَيَجْمَعَنَّكُمْ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ لَا رَيْبَ فِيهِ ۗ وَمَنْ أَصْدَقُ مِنَ اللَّهِ حَدِيثًا
АллахI цIе йолу цхьа Дела ву – кхин дела вац И бен. Цо дерриге а гулдийр ду шу къематдийнахь‚ цу чохь шеко яц. Мила ву ткъа Делал хабар бакъдуьйцуш?
4:87 -
فَمَا لَكُمْ فِي الْمُنَافِقِينَ فِئَتَيْنِ وَاللَّهُ أَرْكَسَهُمْ بِمَا كَسَبُوا ۚ أَتُرِيدُونَ أَنْ تَهْدُوا مَنْ أَضَلَّ اللَّهُ ۖ وَمَنْ يُضْلِلِ اللَّهُ فَلَنْ تَجِدَ لَهُ سَبِيلًا
ХIунда хилла шу мунепикъашкахь ши тоба? Дала /шу шена тхь долчу бакъдолчух/ дIаберзина уьш шаьш динарг бахьанехь. Шу лууш ду нисван Дала тилавала витинарг? Дала тилавала витинарг – хьуна карор ма бац цунна некъ /и нисван/
4:88 -
وَدُّوا لَوْ تَكْفُرُونَ كَمَا كَفَرُوا فَتَكُونُونَ سَوَاءً ۖ فَلَا تَتَّخِذُوا مِنْهُمْ أَوْلِيَاءَ حَتَّىٰ يُهَاجِرُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ ۚ فَإِنْ تَوَلَّوْا فَخُذُوهُمْ وَاقْتُلُوهُمْ حَيْثُ وَجَدْتُمُوهُمْ ۖ وَلَا تَتَّخِذُوا مِنْهُمْ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا
Царна дийзира шу ийманах юхадовлар, шаьш юхадовларх терра‚ тIаккха шу хир дара цхьанийса. Ма леца царах доттагIий, уьш Делан новкъахь дIакхалххалц. Нагахь санна уьш дуьхьалбовлахь, схьалеца уьш‚ хIаллакбе уьш шайна карабаьхккинчохь. Царах доттагI а‚ гIоьнча а ма лаца
4:89 -
إِلَّا الَّذِينَ يَصِلُونَ إِلَىٰ قَوْمٍ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُمْ مِيثَاقٌ أَوْ جَاءُوكُمْ حَصِرَتْ صُدُورُهُمْ أَنْ يُقَاتِلُوكُمْ أَوْ يُقَاتِلُوا قَوْمَهُمْ ۚ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَسَلَّطَهُمْ عَلَيْكُمْ فَلَقَاتَلُوكُمْ ۚ فَإِنِ اعْتَزَلُوكُمْ فَلَمْ يُقَاتِلُوكُمْ وَأَلْقَوْا إِلَيْكُمُ السَّلَمَ فَمَا جَعَلَ اللَّهُ لَكُمْ عَلَيْهِمْ سَبِيلًا
Шаьш шуна а‚ шайна юккъехь а барт болчу къомана тIебаьхкинарш боцурш; я шуна тIебаьхкинарш а, шайн дагахь доцуш шуьца я /шуна дуьхьал долчу шайн/ къомаца тIом бан грташ боцурш а. /Шуьца а, шуна дуьхьал а боцурш/. Далла лиъна хиллехьара‚ Цо шуна тIехIиттор бара уьш – цара шуьца тIом бийр бара. Уьш шух дIакъастахь – цара шуьца тIом бийр бац‚ шуьца машар бийр бу цара. Шуна ца бина Дала царна тIехь некъ (цаьрца тм бан бакъо яц шун)
4:90 -
سَتَجِدُونَ آخَرِينَ يُرِيدُونَ أَنْ يَأْمَنُوكُمْ وَيَأْمَنُوا قَوْمَهُمْ كُلَّ مَا رُدُّوا إِلَى الْفِتْنَةِ أُرْكِسُوا فِيهَا ۚ فَإِنْ لَمْ يَعْتَزِلُوكُمْ وَيُلْقُوا إِلَيْكُمُ السَّلَمَ وَيَكُفُّوا أَيْدِيَهُمْ فَخُذُوهُمْ وَاقْتُلُوهُمْ حَيْثُ ثَقِفْتُمُوهُمْ ۚ وَأُولَٰئِكُمْ جَعَلْنَا لَكُمْ عَلَيْهِمْ سُلْطَانًا مُبِينًا
Кхин цхьаберш карор бу шуна, шаьш лууш шуьца тешаме хила а‚ шайн къомаца (керстанашца) тешаме хила а‚ шаьш питане ма-кхайккхина, цу чу булуш. Уьш шух дIа ца берзахь (шуьца тм ца беш)‚ шуьца машар ца бахь‚ шайн куьйгаш шуна /тIекхийдочух/ ца совцадахь, схьалеца уьш‚ хIаллакбе уьш шайна карабаьхккинчохь. Царна тIехь Оха шуна билггала некъ бина (цаьрца тIом бан мега шуна)
4:91
Гочдар: Магомед Магомедов