Мусхаф., агӏо 91
-
مَنْ يُطِعِ الرَّسُولَ فَقَدْ أَطَاعَ اللَّهَ ۖ وَمَنْ تَوَلَّىٰ فَمَا أَرْسَلْنَاكَ عَلَيْهِمْ حَفِيظًا
Элчанна муьтIахь хилларг – Далла муьтIахь хилла‚ юхаваьлларг – хьо ца ваийтина Оха царна тIехь терго еш верг хилла
4:80 -
وَيَقُولُونَ طَاعَةٌ فَإِذَا بَرَزُوا مِنْ عِنْدِكَ بَيَّتَ طَائِفَةٌ مِنْهُمْ غَيْرَ الَّذِي تَقُولُ ۖ وَاللَّهُ يَكْتُبُ مَا يُبَيِّتُونَ ۖ فَأَعْرِضْ عَنْهُمْ وَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ وَكِيلًا
Олу цара: 'МуьтIахь хир ду'. Хьо волчуьра дIайирзича, царах цхьана тобано буса леладо ахь ма де аьлларг. И Дела дяздеш ма ву и цара буса лелош дерг. Бита уьш (дIакъаста царах)‚ Далла тIетовжа. Делаца кхачо хилла ша тIетевжаш волчунна
4:81 -
أَفَلَا يَتَدَبَّرُونَ الْقُرْآنَ ۚ وَلَوْ كَانَ مِنْ عِنْدِ غَيْرِ اللَّهِ لَوَجَدُوا فِيهِ اخْتِلَافًا كَثِيرًا
Къуръанах ойла ца йо-те цара? Иза Дела воцчуьнгара хилча‚ цу чохь дуккха хилпалонаш карор ма ярий царна
4:82 -
وَإِذَا جَاءَهُمْ أَمْرٌ مِنَ الْأَمْنِ أَوِ الْخَوْفِ أَذَاعُوا بِهِ ۖ وَلَوْ رَدُّوهُ إِلَى الرَّسُولِ وَإِلَىٰ أُولِي الْأَمْرِ مِنْهُمْ لَعَلِمَهُ الَّذِينَ يَسْتَنْبِطُونَهُ مِنْهُمْ ۗ وَلَوْلَا فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُ لَاتَّبَعْتُمُ الشَّيْطَانَ إِلَّا قَلِيلًا
Кхерамцахиларх а‚ я кхерамах а цхьа гIуллакх шайга деъча – и даржадо цара. Цара и дерзадахьара элчане а‚ шайна юккъера гIуллакх карахь долчаьрга а – тIаккха царах цуьнан буха тIекхуьучарна хуур дара /бакъдерг/. Делан комаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а шайна ца хиллехь‚ цхьа кIеззиг берш боцурш шайтIанна тIехьахIуьттур ма дара шу
4:83 -
فَقَاتِلْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ لَا تُكَلَّفُ إِلَّا نَفْسَكَ ۚ وَحَرِّضِ الْمُؤْمِنِينَ ۖ عَسَى اللَّهُ أَنْ يَكُفَّ بَأْسَ الَّذِينَ كَفَرُوا ۚ وَاللَّهُ أَشَدُّ بَأْسًا وَأَشَدُّ تَنْكِيلًا
ТIом бе /хй Мухьаммад/ Делан новкъахь. Ахь жоп лур дац деккъа хьайх а бен. Муъмин нехан дегнаш айде /тIамна/‚ Дала сацо тарло цатешачеран ницкъ. И Дела чIогIа ма ву ницкъаца а‚ и чIогIа ма ву бекхамца а
4:84 -
مَنْ يَشْفَعْ شَفَاعَةً حَسَنَةً يَكُنْ لَهُ نَصِيبٌ مِنْهَا ۖ وَمَنْ يَشْفَعْ شَفَاعَةً سَيِّئَةً يَكُنْ لَهُ كِفْلٌ مِنْهَا ۗ وَكَانَ اللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ مُقِيتًا
Хазчу гIиллакхан агIо лаьцначунна – цунах дāкъа ду‚ вочу гIиллакхан агIо лаьцначунна – цунах мохь хир бу. И Дела хилла массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш
4:85 -
وَإِذَا حُيِّيتُمْ بِتَحِيَّةٍ فَحَيُّوا بِأَحْسَنَ مِنْهَا أَوْ رُدُّوهَا ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ حَسِيبًا
Шайга салам делча‚ цул хазчуьнца салам ло аш я юхадерзаде и. Баккъалла а, и Дела ма хилла массо а хIуманна терго еш
4:86
Гочдар: Магомед Магомедов