Мусхаф., агӏо 94
-
لَا يَسْتَوِي الْقَاعِدُونَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ غَيْرُ أُولِي الضَّرَرِ وَالْمُجَاهِدُونَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنْفُسِهِمْ ۚ فَضَّلَ اللَّهُ الْمُجَاهِدِينَ بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنْفُسِهِمْ عَلَى الْقَاعِدِينَ دَرَجَةً ۚ وَكُلًّا وَعَدَ اللَّهُ الْحُسْنَىٰ ۚ وَفَضَّلَ اللَّهُ الْمُجَاهِدِينَ عَلَى الْقَاعِدِينَ أَجْرًا عَظِيمًا
Цхьатерра бац муъмин нахах шаьш гIазотах цхьа а бахьана доцуш бухабуьсурш а‚ шаьш шайн хьолаца а‚ шайн синошца а‚ Делан новкъахь гIазот деш берш а. Шайн хьолаца а‚ шайн синошца а гIазот деш берш даржаца базбина Дала бухабуьсучарал. ХIоранна Дала ваIда йина хазаниг (ялсамане) яла. ГIазот деш берш базбина Дала бухабуьсучарал сийлахь – йоккхачу йолаца (боккха мēла баларца)
4:95 -
دَرَجَاتٍ مِنْهُ وَمَغْفِرَةً وَرَحْمَةً ۚ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَحِيمًا
Шегарчу даржашца‚ гечдарца‚ къинхетамца /базбина Цо уьш/. Дела хилла Ша гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а
4:96 -
إِنَّ الَّذِينَ تَوَفَّاهُمُ الْمَلَائِكَةُ ظَالِمِي أَنْفُسِهِمْ قَالُوا فِيمَ كُنْتُمْ ۖ قَالُوا كُنَّا مُسْتَضْعَفِينَ فِي الْأَرْضِ ۚ قَالُوا أَلَمْ تَكُنْ أَرْضُ اللَّهِ وَاسِعَةً فَتُهَاجِرُوا فِيهَا ۚ فَأُولَٰئِكَ مَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ ۖ وَسَاءَتْ مَصِيرًا
Баккъалла а, шайна зуламаш дина, маликаша дIаэцна болчаьрга эр ма ду: 'Шу мичахь хиллера?' Цара эр ду: 'Тхо хиллера лаьттахь (дуьненахь) долуш кхечара тхуна тIехь ницкъ беш'. Эр ду: 'Ткъа Делан латта шортта дацара шу кхечухьа дIакхалха?' Уьш ма бу шайн чугIойла жоьжахати ерш. Ма вон хилла-кх /церан/ кхоллам!
4:97 -
إِلَّا الْمُسْتَضْعَفِينَ مِنَ الرِّجَالِ وَالنِّسَاءِ وَالْوِلْدَانِ لَا يَسْتَطِيعُونَ حِيلَةً وَلَا يَهْتَدُونَ سَبِيلًا
Божарех а‚ зударех а‚ берех а шайна ницкъ хилла /дIабаха/, таро ца хилларш а‚ кIелхьарбовла некъ ца карийнарш а боцурш (царна гечдан там бу Дала)
4:98 -
فَأُولَٰئِكَ عَسَى اللَّهُ أَنْ يَعْفُوَ عَنْهُمْ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَفُوًّا غَفُورًا
Царна бехк ца билла а‚ гечдан а тарло Дала. И Дела хилла къинхетаме а‚ гечдеш верг а
4:99 -
وَمَنْ يُهَاجِرْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ يَجِدْ فِي الْأَرْضِ مُرَاغَمًا كَثِيرًا وَسَعَةً ۚ وَمَنْ يَخْرُجْ مِنْ بَيْتِهِ مُهَاجِرًا إِلَى اللَّهِ وَرَسُولِهِ ثُمَّ يُدْرِكْهُ الْمَوْتُ فَقَدْ وَقَعَ أَجْرُهُ عَلَى اللَّهِ ۗ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَحِيمًا
Делан дуьхьа дIакхелхинчунна лаьттахь карор ма ю дуккха тIетовжийлаш а‚ шорто а. Далла а‚ элчанна а дуьхьалвоьдуш шен цIера араваьлча, цунах валар хилча (и новкъахь велча) – цуьнан ял Далла тIейоьжна. И Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а хилла
4:100 -
وَإِذَا ضَرَبْتُمْ فِي الْأَرْضِ فَلَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ أَنْ تَقْصُرُوا مِنَ الصَّلَاةِ إِنْ خِفْتُمْ أَنْ يَفْتِنَكُمُ الَّذِينَ كَفَرُوا ۚ إِنَّ الْكَافِرِينَ كَانُوا لَكُمْ عَدُوًّا مُبِينًا
Шу лаьттахула девлла лелаш, шуна къа дац аш ламаз доцца дича‚ нагахь шу кхоьруш делахь цатешачара шайна питана дарна (тIелатарна). Баккъалла а, цатешарш хилла шуна билггала мостагIий
4:101
Гочдар: Магомед Магомедов