Мусхаф., агӏо 95

  1. وَإِذَا كُنْتَ فِيهِمْ فَأَقَمْتَ لَهُمُ الصَّلَاةَ فَلْتَقُمْ طَائِفَةٌ مِنْهُمْ مَعَكَ وَلْيَأْخُذُوا أَسْلِحَتَهُمْ فَإِذَا سَجَدُوا فَلْيَكُونُوا مِنْ وَرَائِكُمْ وَلْتَأْتِ طَائِفَةٌ أُخْرَىٰ لَمْ يُصَلُّوا فَلْيُصَلُّوا مَعَكَ وَلْيَأْخُذُوا حِذْرَهُمْ وَأَسْلِحَتَهُمْ ۗ وَدَّ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوْ تَغْفُلُونَ عَنْ أَسْلِحَتِكُمْ وَأَمْتِعَتِكُمْ فَيَمِيلُونَ عَلَيْكُمْ مَيْلَةً وَاحِدَةً ۚ وَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ إِنْ كَانَ بِكُمْ أَذًى مِنْ مَطَرٍ أَوْ كُنْتُمْ مَرْضَىٰ أَنْ تَضَعُوا أَسْلِحَتَكُمْ ۖ وَخُذُوا حِذْرَكُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ أَعَدَّ لِلْكَافِرِينَ عَذَابًا مُهِينًا

    Хьо (пайхамар) царна юккъехь волуш‚ царна ламазна хьалха хIоьттича‚ царах цхьа тоба хьоьца хIуттийла, шайн герз схьаоьцийла. Уьш сужуде бахча (церан ракаIат чекхдаьлча), шуна тIехьа кхиберш хIуьттийла. ТIаккха ламаз даза тоба йогIийла (хьуна тIехьахь ламаз дан). Цара ламаз дойла хьоьца ларлуш, герз а схьаоьцийла цара. Ца тешарш лууш бара шу шайн герзах а, хIуманех гIопал (терго ца еш) хуьлийла – тIаккха уьш шуна тIекхуьур бара цхьа гIулч. Шуна къа дац, нагахь санна шуна цатам белахь догIа бахьанехь, я шу цомгуш делахь, аш шайн герз охьадилларх. Шу ларлуш хила. Баккъалла а, Дала кеч ма дина цатешачарна сийсаза долу Iазап

    4:102
  2. فَإِذَا قَضَيْتُمُ الصَّلَاةَ فَاذْكُرُوا اللَّهَ قِيَامًا وَقُعُودًا وَعَلَىٰ جُنُوبِكُمْ ۚ فَإِذَا اطْمَأْنَنْتُمْ فَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ ۚ إِنَّ الصَّلَاةَ كَانَتْ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ كِتَابًا مَوْقُوتًا

    Шаьш ламаз кхочушдича, Дела хьахаве ирахь а, охьахиъна а‚ шайн агIошна тIетевжина а. Шаьш кхерамах хьалхадевлча, ламаз хIоттаде (кхоччуш). Баккъалла а, ламаз хилла муъмин нахана хан тоьхна тIедиллина

    4:103
  3. وَلَا تَهِنُوا فِي ابْتِغَاءِ الْقَوْمِ ۖ إِنْ تَكُونُوا تَأْلَمُونَ فَإِنَّهُمْ يَأْلَمُونَ كَمَا تَأْلَمُونَ ۖ وَتَرْجُونَ مِنَ اللَّهِ مَا لَا يَرْجُونَ ۗ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا

    Шу ледара ма хилалаш /шаьшца мостагIалла йолу/ нах лаха (гIазот дан). Шу лазош хиларх, уьш а лазош ма бу, шу лазош санна. Шу-м Делера цара дог ца дохучу хIумане догдохуш а ду. И Дела хилла Ша хууш верг а, хьукам /нийса/ деш верг а

    4:104
  4. إِنَّا أَنْزَلْنَا إِلَيْكَ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ لِتَحْكُمَ بَيْنَ النَّاسِ بِمَا أَرَاكَ اللَّهُ ۚ وَلَا تَكُنْ لِلْخَائِنِينَ خَصِيمًا

    Баккъалла а, Оха доссийна хьоьга жайна, бакъонца ахь нахана юккъехь хьукам дархьама Дала хьайна гайтинчуьнца. Хьо ма хилалахь ямартхойн дуьхьа къуьйсуш

    4:105

Гочдар: Магомед Магомедов