Мусхаф., агӏо 600
-
وَحُصِّلَ مَا فِي الصُّدُورِ
Дегний чохь мел дерг гучудаьккхича,
100:10 -
إِنَّ رَبَّهُمْ بِهِمْ يَوْمَئِذٍ لَخَبِيرٌ
Баккъалла а, уьш Кхиош-кхобуш верг оцу дийнахь царах дерг сов дика хууш вуйла?
100:11 -
الْقَارِعَةُ
Тухуш дерг
101:1 -
مَا الْقَارِعَةُ
Иза хIун ду тухуш дерг?
101:2 -
وَمَا أَدْرَاكَ مَا الْقَارِعَةُ
Хьоьга стено хаийтина /хIай Мухьаммад/‚ и тухуш дерг хIун ду?
101:3 -
يَوْمَ يَكُونُ النَّاسُ كَالْفَرَاشِ الْمَبْثُوثِ
Оцу дийнахь адамаш хир ду даьржина цIоз санна‚
101:4 -
وَتَكُونُ الْجِبَالُ كَالْعِهْنِ الْمَنْفُوشِ
Лаьмнаш хир ду къовзина тIаргIа санна
101:5 -
فَأَمَّا مَنْ ثَقُلَتْ مَوَازِينُهُ
Амма шен терза язъелларг (дика Iамалш совъялла)
101:6 -
فَهُوَ فِي عِيشَةٍ رَاضِيَةٍ
Иза хир ву /ша/ реза волчу дахарехь /ялсамани чохь/
101:7 -
وَأَمَّا مَنْ خَفَّتْ مَوَازِينُهُ
Амма шен терза яйелларг (дика малш кззиг хилла)
101:8 -
فَأُمُّهُ هَاوِيَةٌ
Цуьнан нана 'хIавия' хир ю
101:9 -
وَمَا أَدْرَاكَ مَا هِيَهْ
Хьоьга стено хаийтина /хIай Мухьаммад/‚ иза хIун ю?
101:10 -
نَارٌ حَامِيَةٌ
Алу туьйсу цIе /ю иза/!
101:11 -
أَلْهَاكُمُ التَّكَاثُرُ
Шу духатоьхна /Далла гIуллакх дарах/ шун /даьхница а‚ доьзалшца а/ алсамдийларо
102:1 -
حَتَّىٰ زُرْتُمُ الْمَقَابِرَ
Шу кешнашка дерзалц (дIакхалхар тIехIотталц Дела дага ца вогIу шуна)
102:2 -
كَلَّا سَوْفَ تَعْلَمُونَ
ХIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду шуна!
102:3 -
ثُمَّ كَلَّا سَوْفَ تَعْلَمُونَ
ТIаккха а хIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду шуна!
102:4 -
كَلَّا لَوْ تَعْلَمُونَ عِلْمَ الْيَقِينِ
ХIан-хIа! Шу хууш делхьара бакъ долу Iилма,
102:5 -
لَتَرَوُنَّ الْجَحِيمَ
Шуна ганне а гур ма яра жоьжахати
102:6 -
ثُمَّ لَتَرَوُنَّهَا عَيْنَ الْيَقِينِ
ТIаьхьа /эхартахь/ шуна ганне а гур а ма ю иза /шайн/ бIаьрга
102:7 -
ثُمَّ لَتُسْأَلُنَّ يَوْمَئِذٍ عَنِ النَّعِيمِ
ТIаккха шуьга хаттанне а хоттур ма ду оцу /къемат/дийнахь /шуна дуьненахь хиллачу/ ниIматех
102:8
Гочдар: Магомед Магомедов