Сурат 104 Аль-хIумаза (/Нахан/)

  1. وَيْلٌ لِكُلِّ هُمَزَةٍ لُمَزَةٍ

    Боккха бāла бу массо а /нахах/ луьйш волчунна а‚ /нах/сийсазабеш волчунна а‚

    104:1
  2. الَّذِي جَمَعَ مَالًا وَعَدَّدَهُ

    Ша /дуьненан/ хьал гулдеш хиллачу и дагардеш хиллачу‚ /массо а хIуманна дуьхьал/ иза кечдеш хиллачу

    104:2
  3. يَحْسَبُ أَنَّ مَالَهُ أَخْلَدَهُ

    Иза моьттуш ву шен хьоло ша гуттар латтор ву /дуьненахь‚ ца волуьйтуш/?!

    104:3
  4. كَلَّا ۖ لَيُنْبَذَنَّ فِي الْحُطَمَةِ

    ХIан-хIа! Иза кхоссанне а кхуссур ву кийсакаш еш йолчу хIуманна чу

    104:4
  5. وَمَا أَدْرَاكَ مَا الْحُطَمَةُ

    Хьуна стено хаийтина‚ иза хIун кийсакаш еш йолу хIума ю?

    104:5
  6. نَارُ اللَّهِ الْمُوقَدَةُ

    Делан цIе ю иза, латийна йолу‚

    104:6
  7. الَّتِي تَطَّلِعُ عَلَى الْأَفْئِدَةِ

    Ша дегний тIе ер йолу

    104:7
  8. إِنَّهَا عَلَيْهِمْ مُؤْصَدَةٌ

    Баккъалла а, иза царна тIехь нартол йолуш хир ю‚

    104:8
  9. فِي عَمَدٍ مُمَدَّدَةٍ

    Дахдинчу бIогIамаш тIехь

    104:9

Гочдар: Магомед Магомедов